bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hebrews 12
Hebrews 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 13 →
1
Цундела, гонах тешийн бӀо хиларна, ваьшна тӀера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дӀадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дӀадовдийла вай,
2
тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.
3
Къинош летийначу нахера сел чӀогӀа къизалла Лайначун ойла ел аш, шаьш доьналла доцуш ца диса а, дог эшна ца хилийта а.
4
Къинна дуьхьал а девлла, цӀий Ӏаннол чӀогӀа латар ца хилла шун хӀинца а.
5
Делан кӀентий долчу шуьга, шу иракарахӀиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таӀзарна гӀайгӀане а ма вожа.
6
ХӀунда аьлча Шена везаш верг, таӀзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тӀеоьцуш волчу кӀантана етта а етта Цо».
7
Шаьш нисдеш долу таӀзар ла, хӀунда аьлча оцу таӀзар даро гойту, Далла шу кӀентий санна хетар. ХӀунда аьлча дас нисдеш долу таӀзар даза кӀант хир а вуй?
8
Ткъа массо а кӀантана деш долу таӀзар шуна деш дацахь, шу кӀентий дац, шу къотӀалгӀадина бераш ду.
9
Нагахь вайна таӀзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чӀогӀа муьтӀахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама?
10
Вукхара шайна дика хетачу агӀор кӀезигчу ханна таӀзар дора вайна, ткъа Кхо — вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до.
11
Карарчу хенахь муьлххачу а таӀзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тӀаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу.
12
Цундела хьалаайа шайн охьадахана куьйгаш, чӀагӀъе шайн малъелла голаш.
13
Нийсачу новкъахула лела, астагӀа лелхарш гал ца бовлийта, мелхо а тобалийта.
14
Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац.
15
Къаьсттина тидаме хила шайна юкъара цхьаъ Делан диканах дӀа ца къастийта, «къаьхьачу орамех дӀаьвше маргӀал хьала а даьлла, цуьнга дуккха а нахана зен ца дайта».
16
Шуна юкъахь, боьха хӀуманаш лелош а, Ӏесаваьлла а стаг ца хилийта, Ӏесав санна, цкъа юучу хӀуманах хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀалуш.
17
Шуна хаьа, цул тӀаьхьа Ӏесавана лиира дас ша декъалван, амма иза дӀатесна хилира. Цуьнга хӀумма а ца хийцаделира, воьлхуш, цо дехарш дича а.
18
Шу герга ца даьхкина куьг Ӏоттал уллохь болчу а, цӀе летта богучу а ламанна а, Ӏаьржачу боданна а, чӀогӀачу махана а,
19
локхучу маӀан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш.
20
ХӀунда аьлча цаьрга лан ца лора шайна тӀедожош дерг: «Нагахь хьайба а ломах дӀахьакхалахь, цунна тӀулгаш кхисса деза, иза хӀаллакьхиллалц».
21
Царна гуш дерг сел буьрса хиларна, Мусас ша а элира: «Со кхоьруш а, вегош а ву».
22
Амма шу тӀедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гӀала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн
23
самукъанечу гуламна, стигалшкахь цӀераш дӀаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна,
24
керлачу бертан Юкъарлонча волчу Ӏийсана, Хьабулан цӀийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тӀехьорсучу цӀийн цинцашна.
25
Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь.
26
Цу хенахь Цуьнан озо Латта дегийра, ткъа хӀинца Цо боху: «Ас кхин цкъа а, Латта дегийна ца Ӏаш, стигал а егор ю».
27
«Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дӀадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама.
28
Цундела вай, егалур йоцу пачхьалкх тӀеоьцу ерш, Далла баркалла олуш хила деза. Баркалла а долуш, Цунна товш йолчу кепара Далла Ӏамал ян еза вай, ларамах дуьзна а, кхоьруш а долуш,
29
хӀунда аьлча «вайн Дела массо а хӀума дӀахьулъеш йолу цӀе ю».
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13