bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Amos 1
Amos 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 2 →
1
ХӀара дешнаш ТакхоӀарчу жаӀуйх цхьаъ волчу Ӏамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хӀоьттича, хезнера. Иза, яхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус а, исраилхойн паччахьо, ЯхӀуашан кӀанта, ЯрбаӀама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара.
2
Ӏамоса иштта элира: «Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву, Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз. ТӀаккха дежийлаш а якъалур ю, Кармал-ломан бохь а бакъалур бу».
3
Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара ГалӀад-гӀала аьчка гӀирсаца эрина.
4
Хьазиал-паччахьан цӀенна тӀе цӀе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гӀепаш а ягор ю цу цӀеро.
5
Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогӀин бахархой а хӀаллакбийр бу, Байт-Ӏедан цӀийнера олаллин гӀаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кӀошта йийсаре дӀагӀур ду», — боху Везачу Эло.
6
Иштта боху Везачу Эло: «Ӏази-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дӀабеллера, Эдоман карабахийтархьама.
7
Ӏази-гӀалин пенашна тӀе а цӀе хьажор ю Ас. Цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш.
8
Ашдод-гӀалин бахархой а хӀаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гӀалахь олаллин гӀаж дӀалаьцнарг а вохор ву Ас. Ӏекхран-гӀалина тӀе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пӀелаштамхойх дисина халкъ а хӀаллакьхир ду», — боху Хьалдолчу Эло.
9
Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дӀабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт.
10
Цора-гӀалин пенашна тӀе а хьажор ю Ас цӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш».
11
Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тӀаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгӀазалла цкъа а ца юьтура цара.
12
Теман-гӀалина тӀе а цӀе хьажор ю Ас, цу цӀеро хӀаллакйийр ю Бацар-гӀалин гӀепаш а».
13
Иштта боху Везачу Эло: «Ӏамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хӀунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалӀадехь, шайн латтанийн доза шордархьама.
14
Ас цӀе хьажор ю Рабба-гӀалин пенашна тӀе. Цо хӀаллакйийр ю гӀалин гӀепаш: тӀом дӀабоьдучу дийнахь — маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь — йилбазмехаца.
15
Цу гӀалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», — боху Везачу Эло.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9