bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Amos 3
Amos 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 4 →
1
ЛадогӀа кху даше, исраилхой. Мисар-махкара шу арадаьхначу Везачу Эло шун массо а тукхамашка аьлла:
2
«Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш».
3
Новкъа вер вуй те шиъ, вовшашца барт а ца беш?
4
Хьуьнхахь лом угӀуш хуьлий те, шена хьалха ижу ца хилча? Лоьман кӀорнино шен бен чуьра аз хозуьйтуш хуьлий те, ша лаьцна хӀума а йоцуш?
5
РечӀанна чу нислур дуй те олхазар, шена чӀогӀа езаш йолу хӀума цу чохь ца хилча? ДӀакъовлалур юй те речӀа, цу чу цхьа хӀума ца нисъелча?
6
Коьман маӀа локхур юй те гӀалахь, адам кхера а ца долуьйтуш? Хуьлий те гӀалина бохам, Веза Эла воцучо тӀебаийтина?
7
Везачу Эло цхьа а хӀума ма ца до, Шен ялхой болчу пайхамаршка Шен къайле дӀа а ца йовзуьйтуш.
8
Мила вуьсу, лоьмо гӀигӀ дича, кхера ца луш? Хьалдолчу Эло аьлча, мила вуьсур ву Цуьнгара хаамаш ца беш?
9
Ашдод-гӀалин а, Мисар-мехкан а паччахьийн цӀеношкахь Ӏаш болчаьрга дӀакхайкхаде: «Схьагулло Шамран-гӀалин лаьмнаш тӀе, хьовса уьш мел низам доцуш бу, цара мел бечу ницкъе», — алий.
10
«Царна ца хаьа нийсонца лела, — боху Везачу Эло. — Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хӀусамашкахь йолу хазна».
11
Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «МостагӀа дерриге а лаьттана гонах хир ву! Цо йохор ю хьан чӀагӀо, хьан хӀусамашна талор дийр ду».
12
Иштта боху Везачу Эло: «Наггахь Ӏуьно лоьман багара схьайоккху ши ност я лерган кийсак санна, иштта кӀелхьарбаьхна хир бу Шамран-гӀалахь маьнгин йистехь а, Дамасакхехь метта юккъехь а хевшина Ӏаш болу исраилхой.
13
Ла а догӀа, Якъубан цӀийне дӀахьедар а де», — боху массо а ницкъийн Дела волчу Хьалдолчу Эло.
14
«Исраилхошна церан къинош бахьанехь Айса таӀзар дечу дийнахь Бетал-гӀалахь долу сагӀа доккху кхерчаш дохор ду Ас. СагӀа доккхучу кхерчийн уггар деза дакъош — церан маӀаш, хеда а йина, лаьтта охьатуьйсур ю.
15
Ас хӀаллакдийр ду Ӏа доккху а, аьхке йоккху а цӀенош. Пийлан кӀомсаршца кечдина цӀенош а хӀаллакьхир ду. Дуккха а даккхий цӀенош, хӀаллак а хилла, дӀадевр ду», — боху Везачу Эло.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9