bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Amos 4
Amos 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 5 →
1
ЛадогӀа кху даше, Шамранан лам тӀехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гӀийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Ӏазапехь латтош берш а, шайн хӀусамдайшка: «Схьада чагӀар, оха мер ду!» — бохурш ду.
2
Шен возаллица чӀагӀо йора Хьалдолчу Эло: «Шу коьжалгашца, ткъа шун биснарш мӀерашца текхор болу денош шуна тӀедогӀур ду», — бохуш.
3
«Пенах даьккхинчу уллорачу Ӏуьргана тӀе а такхийна, кхиссина арадохуьйтур ду шу, тӀаккха шу Хьармон-лам болчухьа дӀалохкур ду», — боху Везачу Эло.
4
«Дуьйло, къинош летаде, Бетал-гӀаларчу езачу метте дӀа а гӀой. Шайн зуламаш алсамдаха Галгалехь а. Шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀора Ӏуьйранна, ткъа кхо де мосазза долу, шайн ялтех уьтталгӀа дакъа дӀало.
5
Исраилхой, баркаллин сагӀина лерина долу совсийна бепиг схьада, дӀакхайкхаде аша шайн лаамца сагӀанаш дохуш хилар, цунах лаьцна, дозалла а деш, дӀасадаржаде, ишттадерг шайна дукхадеза дела», — боху Хьалдолчу Эло.
6
«Со ма вара шун массо а гӀаланашкахь мацалла ХӀоттийнарг а, шун массо а ярташкахь ялта цатоар ХӀоттийнарг а, делахь а Суна тӀе ца дирзира шу, — боху Везачу Эло. —
7
Ас кхаа баттахь, ялта хьокху хан тӀекхаччалц, догӀа ца доуьйтура шуна. Цхьана гӀалахь догӀа доуьйтура Ас, ткъа вукху гӀалахь ца доуьйтура. Цхьа кха дузадора догӀано, ткъа важа, хин тӀадам божаза, дакъалора.
8
Шина-кхаа гӀалара нах хи малархьама цхьана гӀали чу гуллора, амма шаьш Ӏаббалц ца малалора цаьрга иза. ТӀаккха а тӀе ца дирзи шу Суна», — боху Везачу Эло.
9
«Ас чахчош болу мох боуьйтура шун ялташ тӀе. ЦӀазо йоура шун бошмаш а, кемсийн аренаш а, комарийн а, зайт а дитташ а, делахь а Суна тӀе ца дирзира шу.
10
Ас шуна Мисар-махкахь хиллачух цамгаран ун тӀедаийтира. Шун кегий нах туьраца хӀаллакбора Ас, дой йийсаре дӀа а лохкуш, шун меттаметтанашкара боьха хьожа шун мерӀуьргашка еттайолуьйтура. ТӀаккха а Суна тӀе ца дирзира шу», — боху Везачу Эло.
11
«Ас шуна юкъахь бохамаш бора, Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохош Айса бина бохамаш санна. Ткъа шух биснарш, цӀергара схьадаьхна хьокхий санна, бара. ТӀаккха а Суна тӀе ца дирзира шу, — боху Везачу Эло. —
12
Цундела Ас иштта дийр ду шуна, исраилхой. Аса иза иштта дийр долу дела, кечло, исраилхой, шайн Далла дуьхьалдаха!»
13
Дала лаьмнаш а кхуллу, мох а болуьйту, адамна Шен ойла дӀа а хоуьйту, Ӏуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту. Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до. Цуьнан цӀе ю — массо а ницкъийн Веза Дела.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9