bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Amos 6
Amos 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 7 →
1
Декъаза бу Цийон-лома тӀехь гӀайгӀане а боцуш Ӏаш берш, Шамранан ломахь шаьш маьрша хеташ берш, хьалхе йоккхучу халкъан цӀе яххана берш, шайна тӀе Исраилан цӀа тӀедогӀуш болу.
2
Даха а гӀой, Хална-гӀалане хьовса, цигара сийлахьчу Хьамат-гӀала дӀагӀо. ПӀелаштамхойн Гати-гӀала охьадисса. Аша боху: «Церан ницкъе хьаьжжина, царах цхьа а ЯхӀудан а, Исраилан а пачхьалкхе ма ца кхочу!» Церан мохк боккха бац шун чул?
3
Бала тӀебогӀу де геннахь а хеташ, Ӏазап толар гергадаладо аша.
4
Пийлан кӀомсарех бинчу маьнгеш тӀехь Ӏохку шу, дегӀана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша.
5
Дечиг-пондарийн аьзнашца мукъамаш балабо аша. Шуна хета, шайн а, Даудан санна, эшарийн гӀирсаш лело говзалла ю.
6
Кедаш чуьра чагӀар муьйлу аша, уггар а дикачех хьакхарш хьоькху, амма Юсупан цӀенна хин болчу бохамех доьлхуш дац шу!
7
Цундела хӀинца шу, йийсархошна хьалха а девлла, йийсаре гӀур ду, чекхдер ду шун тойнаш хӀиттор а, сакъерар а.
8
Ша-шех чӀагӀо йо Хьалдолчу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: «Суна ца еза Якъубан куралла, Со ца веша цуьнан исбаьхьачу гӀишлойх, Ас гӀала а, гӀалахь мел дерг а дӀалур ду мостагӀашна».
9
Иштта хир ду: нагахь санна цхьана цӀа чохь итт стаг висахь а, уьш массо а хӀаллакьхир ву.
10
ТӀаккха церан гергарчо я уьш багош волчо схьаоьцур бу уьш, церан декъий цӀа чуьра арадахархьама. ЦӀа чохь висначуьнга хоттур ду цо: «Кхин цхьа а висний хьоьца?» Вукхо жоп лур ду: «Цхьа а ца висна». ХӀокхо эр ду: «ГӀовгӀа ма е! Везачу Элан цӀе яккха мегар дац».
11
ХӀунда аьлча Везачу Эло, омра а дина, даккхий а, кегий а цӀенош хӀаллакдийр ду, царах аьхгаш а еш.
12
Говраш тархашна тӀехула евдда лелий те? Стерчашца хӀордана тӀехь охана далур дуй те? Аша-м нийсонах дӀовш а дина, бакъдолчух стим а бина.
13
Шаьш Ладебар-гӀала схьаяьккхина бохуш, дозалла деш ду шу. «Тхайн ницкъаца дӀа ца лаьцна оха Кхарнайм-гӀала?» — боху аша.
14
«Ткъа хӀинца, Исраилан цӀа, Ас халкъ дуьхьалдоккхур ду хьуна. Къилбаседера Хьамат-Ӏин долчуьра къилбера Ӏариба-тогӀин хина тӀекхаччалц дӀалохкур ду шу», — боху массо а ницкъийн Везачу Дала.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9