bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Amos 9
Amos 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
1
Веза Эла сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гира суна. Цо элира: «Делан цӀенна хӀиттийначу бӀогӀамашна тӀе, баххаш ластийттал, хӀума тоха. И бӀогӀамаш массеран а кортош тӀе эгаде. Ткъа царах биснарш Ас туьраца хӀаллакбийр бу. Царах цхьа а дӀа а вадалур вац, цхьа а кӀелхьар а валалур вац.
2
Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас.
3
Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бӀаьргашна хьалхара дӀабевлла, хӀордан бухахь уьш дӀаловчкъахь а, цигахь а Ас хӀордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла.
4
Нагахь санна, шайн мостагӀашна хьалха а бевлла, уьш йийсаре гӀахь а, цигахь а Ас туьре омра дийр ду, уьш байа аьлла. Ас Сайн бӀаьргаш, царна диканна а ца хьажош, бохам бан тӀехьажор бу».
5
ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолу Эла лаьттах хьакхало, тӀаккха латта дӀасадекъало. Лаьтта тӀехь вехаш мел верг воьлху. Дерриг а латта, Мисар-махкара Нил-хи санна, лакха а долу, юха лах а ло.
6
Дала Шена лерина хӀусамаш стигалшкахь йина, ткъа Шен стигалан нартол лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна. Цо хӀордан хиш схьа а гулдо, уьш лаьтта тӀехула дӀа а Ӏанадо. Цуьнан цӀе — Веза Эла ю!
7
«Шу а, исраилхой, хушахой санна дац ткъа Суна? Со вац ткъа исраилхой Мисар-махкара, пӀелаштамхой Крит-гӀайре тӀера, арамхой Кхирера арабаьхнарг?» — боху Везачу Эло.
8
«Хьалдолчу Элан бӀаьргаш къинош летийначу пачхьалкхана тӀехьажийна бу. Ас, хӀаллак а йина, лаьтта тӀера тӀепаза йойур ю иза. Амма Якъубан цӀа Ас кхоччуш хӀаллакдийр дац, — боху Везачу Эло.
9
— Ас, омра а дина, Исраилан халкъ массо а халкъашна юкъахь дӀасадаржор ду, цецана чу дожош долу буьртигаш санна, амма царах цхьа а вониг лаьтта ца бужу.
10
Сан халкъана юкъара къинош летийнарш берриге а туьрах хӀаллакьхир бу, цара бахахь а: „И бохам тхох хьакха а лур бац, тхуна тӀе а богӀур бац“».
11
«Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахӀоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дӀа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дӀахӀоттор ду иза.
12
Иза Эдомах диснарг а, Сан долахь хилла массо къаьмнаш а церан карадахийтархьама дийр ду Ас», — боху хӀара дерриге а деш волчу Везачу Эло.
13
«ТӀекхочур ду, — боху Везачу Эло, — охуш волчунна — оруш верг гун волу а, ткъа кемсаш хьуьйш верг уьш дӀаюьйш волчунна тӀаьхьа кхуьур воцу а токхе денош. Кемсийн мутта лаьмнех охьаӀийдалур ду, массо а баьрзнех схьаоьхур ду иза.
14
Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тӀе юхадерзор ду. Яссийначу гӀаланашкахь гӀишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгӀна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара.
15
Ас шайн лаьтта тӀе охьаховшор бу исраилхой. Уьш кхин Ас царна деллачу лаьтта тӀера лелхийна лелор бац», — боху хьан Везачу Дала.
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9