bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Amos 8
Amos 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 9 →
1
Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: лаьтташ стоьмаш чохь болу тускар дара.
2
Цо хаьттира: «Ӏамос, хьуна хӀун го?» Ас жоп делира: «Аьхкенан чаккхенгахь кхиъна болчу стоьмийн тускар го суна», — аьлла. ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Сан халкъан, исраилхойн, чаккхе тӀекхаьчна. Ас цунна кхин гечдийр дац.
3
Цу дийнахь паччахьан цӀа чуьра эшарш белхаре йоьрзур ю, — боху Хьалдолчу Эло. — Дукха декъий хир ду. Уьш тийналлехь миччахьа а дӀакхуьссур ду».
4
ЛадогӀа кху дешнашка, мисканаш дӀакхалла а, къенаш хӀаллакбан а хьаьгна долчу а,
5
иштта дешнаш бохуш долчу а аша: «Керла бутт а, цкъа мацца байна а, дӀабовр бу, вайна ялта дӀадохка меттиг ялийтархьама. Далла лерина шоьтан де а дӀадер ду, вайга чӀоьнаш дӀаеллийтархьама, барам лахбалийтархьама, шекхалан мах хьалабаккхархьама, нийса доцучу терзанца нах лебархьама.
6
Иза хир ду хьал доцурш детих эца а, мисканаш шина мачех хийца а, дӀаден мегаш доцу хӀу дохка а».
7
Исраилан халкъах дозалла дечу Везачу Эло чӀагӀо йора: «Билггала цкъа а церан гӀуллакхех цхьа а дицдийр дац Аса!
8
Дегор-м дац те и бахьана долуш латта? Лаьтта тӀехь вехаш волу хӀора а воьлхур-м вац те? Дерриге а, доьду хи санна, тохалур ду. Мисар-махкара хи санна, лакхадолуш а, лахлуш а хир ду иза.
9
Оцу дийнахь иштта хир ду, — боху сан Хьалдолчу Эло — дийнан делкъехь Ас малх дӀахьулбийр бу, сирла де юккъе дахча, лаьтта тӀе бода боссор бу.
10
Шун деза денош гӀайгӀане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дӀахӀоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тӀедухур ду, хӀораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кӀантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю.
11
Денош тӀедогӀур ду, — боху сан Хьалдолчу Эло, — Ас лаьтта тӀехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю.
12
Уьш, Везачу Элан дош лоьхуш, Дуьрачу хӀорда тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе а, къилбаседера малхбале а лелар бу, амма иза карор дац.
13
Оцу дийнахь хаза мехкарий а, кегийрхой а хьагбаларна гӀора дайна хир бу.
14
Цара Шамранан цӀуйх дуйнаш боу: „Дийна волчу Данан делах дуй боу!“ я „Беар-ШабаӀан делах дуй боу!“ — олий. И чӀагӀонаш еш берш охьаоьгур бу, кхин хьала а гӀовттур бац».
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9