bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Amos 7
Amos 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 8 →
1
Цкъа сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна. Дала цӀоз кхоьллира тӀаьххьара буц хьалайолучу хенахь. И дара, цани тӀера паччахьан декъана мангал хьаькхначул тӀаьхьа, керла буц хьалайолуш.
2
ЦӀазо буц дӀайиъна яьлча, ас элира: «Сан Хьалдолу Эла! Къинхетам бехьа! Якъубах схьадаьлла Хьан халкъ дийна муха дуьсур ду? Иза чӀогӀа жима ду-кх».
3
Везачу Элана къахийтира цунах. «Иза хир дац», — элира Везачу Эло.
4
Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Везачу Эло кхел ян цӀе кхоьллира. Оцу цӀеро лаьттана бухахь болу боккха хӀорд а бакъийра, ткъа кхаш дӀа а кхаьллира.
5
Ас тӀаккха элира: «Сан Хьалдолу Эла! Къинхетам бехьа! Якъубах схьадаьлла Хьан халкъ дийна муха дуьсур ду? Иза чӀогӀа жима ду-кх».
6
Везачу Элана къахийтира цунах. «Иза хир дац», — элира сан Хьалдолчу Эло.
7
Цо, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Веза Эла пенна уллохь лаьтташ вара, ткъа Цуьнан карахь санисбийриг яра.
8
Везачу Эло соьга хаьттира: «Ӏамос, хьуна хӀун го?» «Санисбийриг го», — жоп делира ас. ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ас хӀинца Сайн Исраилан халкъана юккъе санисбийриг охьаюьллур ю. Ас цунна кхин гечдийр дац.
9
Яссийна хир ю Исхьакхан тӀаьхьенийн сагӀанаш доху лакхенаш. Исраил-мехкан еза меттигаш а йохийна хир ю. ЯрбаӀам-паччахьан цӀенна а Со туьраца дуьхьалвер ву».
10
Бетал-гӀалин динан да волчу Амци-ЯхӀус исраилхойн паччахьна ЯрбаӀамна тӀе нах бахийтира хӀара дӀаала: «Исраилхошна юкъахь а волуш, Ӏамос, барт а бина, хьуна дуьхьалволуш ву. Лаьтте а ца лало цо мел дуьйцург.
11
ХӀунда аьлча Ӏамоса иштта боху: „ЯрбаӀам туьрах хӀаллакьхир ву, ткъа исраилхой, шайн лаьтта тӀера схьа а баьхна, йийсаре буьгур бу“».
12
Амци-ЯхӀус иштта элира Ӏамосе: «Хиндерг хууш верг! Вало, ЯхӀуд-махка дӀа а гӀой, цигахь бепиг даа хьайна алапа эца, цигахь, пайхамаро санна, хаамаш а бе.
13
Ткъа Бетал-гӀалахь пайхамаралла кхин ма де, хӀунда аьлча иза паччахьо Ӏибадат деш йолу меттиг а ю, пачхьалкхан Деза цӀа а ду».
14
Ӏамоса Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Со пайхамар а вац, я шайна алапа оьцучу пайхамарийн тобана юкъавогӀуш а вац. Со жаӀу вара, цул сов, ас инжиран дитташ а Ӏалашдора.
15
Амма Везачу Эло уьстагӀий долчуьра схьаваьккхира со. Цо соьга иштта элира: „Вало, Сан халкъана, исраилхошна, Соьгара болу хаамаш бан гӀо“.
16
ЛадогӀа хӀинца Везачу Элан даше. Ахь боху: „Исраилан халкъе Делера болу хаамаш ма бе. Исхьакхан тӀаьхьенашна дуьхьал цхьа а вон дош ма ала“.
17
Ахьа иштта аларна, Везачу Эло хӀара боху: „Хьан зуда гӀалахь, кхахьпа а дина, лелор ю. Хьан кӀентий а, йоӀарий а туьро хӀаллакбийр бу. Хьан латта, асанаш йохучу муьшца декъа а декъна, кхечарна дӀалур ду. Хьо хийрачу махкахь лийр ву, ткъа Исраилан халкъ, шен махкара ара а даьккхина, йийсаре дуьгур ду“».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9