bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Corinthians 1
2 Corinthians 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 2 →
1
Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Ӏийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Ӏаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хӀара кехат.
2
Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна.
3
Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву.
4
Цо вайн муьлххачу а гӀайгӀанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гӀайгӀанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама.
5
Дала леррина Къобалвинчуьнца вай боькъуш болу Цуьнан лазамаш алсамбийларе терра, Цо вайна луш болу синтем а алсамбуьйлу.
6
Оха баланаш хьоьгуш хилча — иза шун синтеман а, кӀелхьардовларан а дуьхьа ду. Тхо догъоьцуш хилча — иза шун синтеман дуьхьа ду, хӀунда аьлча оцу синтемо шуна чохь доьналла кхуьуьйту, оха хьоьгуш болу баланаш шуьга а хьегийтархьама.
7
Тхо чӀогӀа тешна ду шух, хӀунда аьлча тхуна хаьа, нагахь оха хьоьгу баланаш шуьца бекъалуш хилча, тхан деган синтем а бекъало шуьца.
8
Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Ӏан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хӀиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш.
9
Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама.
10
Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кӀелхьардехира тхо, Цо кӀелхьардохур а ду. ХӀинца чул тӀаьхьа а Цо кӀелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо.
11
Тхуна тӀера доӀанаш а деш, цу гӀуллакха тӀехь аша гӀо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доӀанашка Дала ладогӀарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу.
12
Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тӀехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцӀена а, хӀумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара.
13
13-14 Цундела и кехат дешча, шу кхетар доцу хӀума ца яздо оха. Сан дегайовхо ю, цхьадолчух-м шу хӀинцале а кхетта хиларе терра, шу тхох кхоччуш кхетарг хиларх, вайн Веза Эла волчу Ӏийсан дийнахь оха шух дозалла дийриг хиларе терра, аша а тхох дозалла дийриг хиларх.
14
***
15
Ишттачу тешарца со дагахь вара уггар хьалха шу долчу ван, шун шолгӀа а декъалалла хилийтархьама.
16
Со Македоне воьдучу хенахь шу долчухула а ваьлла, тӀаккха, юхавоьрзуш, юха а шу долчу ван ойла яра сан, шуьга со ЯхӀуд-махка новкъа а воккхуьйтуш.
17
И Ӏалашо сайна хьалха хӀоттош, аса ойла а ца еш-м ца дина те иза? Я аса, кху дуьненарчара санна, сайгара олу ткъа цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀа»?
18
Дела тешаме хиларх чӀагӀо а еш, боху аса, оха шуьга бохург дацара цхьана метта цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀа».
19
ХӀунда аьлча шуна юкъахь Цунах лаьцна оха — аса а, Салис а, Тимапис а — хьехамаш бина волу Делан КӀант, Дала леррина къобалвина Ӏийса, ма вацара цхьана хенахь цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀан» олуш. Цуьнгахула Делан «хӀаъ» хилла дӀахӀоьттира.
20
ХӀунда аьлча Дала мел дина ваӀданашна дуьхьал Дала леррина Къобалвинчуьнгахула «хӀаъ» ду. Цундела Делан сийлаллина Дала леррина Къобалвинчуьнгахула вай «Амин» олу.
21
Шуьца цхьаьна тхо Ша леррина Къобалвинчух тешаш чӀагӀдина лоттуьйтуш Верг — Дела ву. Цо вай къобал а дина,
22
Шен мухӀар тӀетохарца вай къаста а дина, Ша лур ду аьлла динчу закъалтана Шен Са делла Цо вайн дегнаш чу.
23
Далла хьалха сайн дахарх чӀагӀо йо ас, со хӀинццалц Коринте цаваран бахьана шу кхоош хилар ду аьлла.
24
Иза дац шун тешарна тӀехь олалла до бохург. Амма шун даккхийдер хилийта шуьца цхьаьна гӀуллакх деш ду тхо, хӀунда аьлча шайн тешар тӀехь чӀагӀо йолуш ду шу.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13