bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Corinthians 10
2 Corinthians 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 11 →
1
Шуна дуьхьал волчу хенахь эсала волуш, ткъа дуьхьал воцучу хенахь майра волчу аса, ПахӀала, Дала леррина Къобалвинчуьнгара долчу эсалаллица а, Цуьнгара болчу къинхетамца а кхетадо шу.
2
Аса дехар до шуьга, шу долчу веанчу хенахь, тӀех майралла гайта ма дезийталаш сан. Цхьаболчу, тхо кху дуьнен чуьра берш санна лелаш ду бохучарна, и сайн тӀех йолу майралла гайта ваьхьар ву со.
3
ХӀунда аьлча оха, массо а адам санна, кху дуьнен чохь тхаьш доллушехь, цара санна, тӀемаш ца бо.
4
Тхайн тӀемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гӀепаш хӀаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а,
5
Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь ярхьама.
6
Дала леррина Къобалвинчунна шун муьтӀахь хилар ма-бохху кхочушхилла даьлча, тхо кийча ду, цунна дуьхьал долчу муьлххачу хӀуманна а таӀзар дан.
7
Ткъа гӀуллакх билггал муха ду, шу-шаьш хьовсал! Ша Дала леррина Къобалвинчуьнца ву аьлла тешна волчунна хаа деза, тхо а шаьш санна, Цуьнца дуйла.
8
Нагахь аса, шун гӀуллакх дохорна а доцуш, ткъа иза тодархьама, Везачу Эло тхайна деллачу олаллех долу дозаллаш кхин а совдаьхна хилча а, тӀаккха а юьхьӀаьржачу хӀуттур вацара со.
9
Амма шуна ма моттийла, со кехаташца шу кхеро гӀерта аьлла.
10
ХӀунда аьлча со цавезачара олу: «Цуьнан кехаташ маьӀна долуш, ницкъ болуш ду, ткъа иза ша дуьхьал волуш эгӀаза ву, цо до къамел дегаза а ду».
11
И бохуш волчунна хаа деза, тхо шуна юкъахь доцчу хенахь тхайн кехаташ тӀехь оха яздеш дерг а, тхо шуна юкъахь долуш оха ден дерг а цхьаъ дуйла.
12
Тхуна ца лаьа шаьш лакхара хеташ болчу цхьаболчаьрца дустадала а, царах тардала а. Цара, шаьш вовшашца а дустуш, дуьхь-дуьхьал а хӀуьттуш, шайн сонталла гойту.
13
Дала тхуна билгалдаьккхинчу гӀуллакхан дозанашкахь бен дозаллаш дийр дац оха, ткъа билгалдаьккхинчу гӀуллакхан дозанашна юкъахь шу ма ду.
14
Тхайна билгалдаьккхинчу дозанел тӀех ца девлира тхо, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ шуьга дӀа а кхайкхош, шу долчу тхаьш кхаьчча.
15
Дала тхайна деллачу дозанал тӀех а девлла, тхаьш дина доцучу гӀуллакхех дозаллаш деш дац тхо. Мелхо а, оха сатуьйсу, шун тешар чӀагӀ а луш, Дала тхаьшна тӀедиллинчул тӀех а ца довлуш, кхин а дуккха а гӀуллакхаш шуна юкъахь дан.
16
ТӀаккха шу долчохь кхайкхийна ца Ӏаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гӀуллакхех дозалла дийр дац оха.
17
Йозанашкахь ма-аьлла: «Ша дозалла дан лууш волчо — Везачу Элах дозалла дойла».
18
ХӀунда аьлча ша-шех дозалла деш верг къобал ца во, амма Везачу Эло дозалла деш верг къобалво.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13