bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Corinthians 8
2 Corinthians 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 9 →
1
Ткъа хӀинца, динан вежарий, оха дӀахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна.
2
Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира.
3
Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца
4
цара чӀогӀа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гӀуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш.
5
Тхуна хила ма-лаъара хилла а ца Ӏаш, уьш хьалха Везачу Элана тӀе а боьрзура, тӀаккха Делан лаамца шаьш тхуна къобал а бора.
6
Цундела оха Тите чӀогӀа дийхира, ша долийна долу и дика гӀуллакх доладаре терра, чекхдаккха а шуна гӀо де аьлла.
7
Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а. Массо а оцу гӀуллакхашца шу тӀехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гӀуллакхна тӀехь а тӀехдовлуш хуьлийла шу.
8
Иза шуна тӀедуьллуш ца боху аса, амма, кхиболчеран даггара хилар а гойтуш, шун безам билггал доггах буйла зуьйш ву со.
9
ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.
10
Цу тӀехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хӀунда аьлча стохка и дика гӀуллакх долийна а ца Ӏаш, и доло лаам а хилла шун.
11
Шаьш дан долийна гӀуллакх хӀинццехь кхочушде. Цу тайпана шун хӀетахьлерчу доггах хиллачу лаамах тарлур ду шайн долчу хьолах цу гӀуллакхна аша дакъа дӀадалар.
12
Нагахь цхьаъ шен хӀума дӀадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тӀеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош.
13
Шуна хало еш, ткъа кхечеран аьтто хилийта деш дац иза, амма массарна а цхьабосса хилийтархьама деш ду.
14
ХӀинца шун совдаьллачо церан кхачамбацар меттахӀоттор ду. Ткъа тӀаьхьо церан совдаьлларг шун эшам болчун метта хир ду. Цу тайпана шуна массарна а иза цхьабосса хир ду.
15
Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, ткъа кӀезиг гулдиначунна тӀеоьшуш а ца хуьлура».
16
Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гӀо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха.
17
Тхан дехар тӀеэцна а ца Ӏаш, Тита, шен а боккха лаам хиларна, шен деган лаамца дӀавогӀу шу долчу.
18
Хаза кхаъ дӀакхайкхор бахьанехь, массо а динан тобанашкахь хестош волу кхин а цхьа динан ваша дӀавоуьйту оха цуьнца.
19
Цул сов, и дика гӀуллакх дарна тӀехь тхуна улловаккха хаьржина ву иза динан тобанашна юкъара. Тхаьш гӀо дан кийча хилар гойтуш, Везачу Элан сийлаллина кхочушдо оха и гӀуллакх.
20
ХӀара гулдина доккха хьал бахьанехь, цхьаннан а тхаьшна тӀехтохам ца хилийта ларлуш ду тхо.
21
ХӀунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Ӏаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо.
22
Тхайна юкъара кхоолгӀа динан ваша а воуьйту оха цаьрца цхьаьна. Дукхазза а массо а тайпана гӀуллакхашна тӀехь зийча, иза чӀогӀа кийча хилар зеделира тхуна. Иза хӀинца кхин а чӀогӀа лууш ву шу долчу ван, ша шух кӀорггера теша дела.
23
Титех лаьцна аьлча — иза сан юххера стаг ву, шуна гӀуллакх дарехь соьца цхьаьна къахьоьгуш волу. Ткъа кхечу тхан динан вежарех аьлча — уьш Дала леррина Къобалвинчунна сийлалла яхьаш болу динан тобанашна юкъара къобалбинарш бу.
24
Цундела динан тобанашна хьалха тоьшаллаш дейша шайн безамах лаьцна, оха хьакъ долуш шайх дозалла дар а гойтуш.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13