bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Corinthians 4
2 Corinthians 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 5 →
1
Делан къинхетамца оцу тайпана долу гӀуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац.
2
Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гӀуллакхаш. Нах Ӏеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дӀаделларна, Далла хьалха хӀора адаман эхь-бехкана оха дӀагойту тхаьш муьлш ду.
3
Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хӀуттуш делахь, иза валаран некъа тӀехь болчарна ду иштта.
4
Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бӀарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама.
5
Оха беш болу хьехамаш тхайх лаьцна бац, амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах бу. Ткъа тхо Ӏийсан дуьхьа шун ялхой ду.
6
ХӀунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» — аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан юьхь тӀехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама.
7
Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тӀех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама.
8
Тхуна массо а агӀор кест-кеста ницкъ бо, амма тхо кхоччуш хьаьшна дӀа ца даьхна. Наггахь холчу хӀиттадо тхо, амма оха дог ца дуьллу.
9
Тхо лелхадо, амма дитина дац тхо. Тхо охьадохку, амма тхо хӀаллак ца хуьлу.
10
Ӏийсан валар гуттара а тхешан догӀмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догӀмашкахула гучудаккхархьама.
11
ХӀунда аьлча дийна долуш Ӏийсан дуьхьа хӀора денна а Ӏожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догӀмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама.
12
Цу тайпана Ӏожалла шен Ӏалашо тхуна тӀехь кхочушъян гӀерта, дахар шуна кхачийтархьама.
13
Йозанаш тӀехь яздина ду: «Со тешаш хиларна, со вистхилира». Тхешан тешаран дух цу дешнашца цхьаьнадогӀуш долу дела, тхо а, теша а тешаш, дистхуьлу,
14
тхаьшна хаьа дела, Веза Эла волу Ӏийса веллачуьра Денвинчо тхо а Цуьнца дендийр дуйла, шуьца цхьаьна тхо Шена хьалха дӀа а хӀиттош.
15
Оха и дерриг а шун дуьхьа деш ду. Ткъа иза а деш, Делан дика дуккха а адамашна дӀакхочу, Делан сийлаллина Далла боху баркаллаш алсам а довлуьйтуш.
16
Цундела тхан дегнаш ца духу. Вайн догӀмаш тишлуш делахь а, вайна чуьра са де дийне мел дели а карладуьйлу.
17
Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел.
18
Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХӀунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13