bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Corinthians 5
2 Corinthians 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 6 →
1
Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хӀара догӀмаш хӀаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цӀа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цӀа ду.
2
Вешан хӀинца долчу догӀмашкахь вай сатийсарца синош доху, стигалшкара долу вайн керла цӀа, бедар санна, ваьшна тӀедухар лууш.
3
И духар ваьшна тӀедухийтинчул тӀаьхьа, вай дерзина карор ма дац!
4
Лаьттара четарш санна долчу хӀокху догӀмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХӀунда аьлча вайна ца лаьа тӀеюьйхина хӀума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тӀедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дӀакхаллийтархьама.
5
Оццу гӀуллакхна кхоьллина ду вай Дала. Цо Шен Са делла вайна закъалтана.
6
Цундела тхо массо а ханна тешам болуш ду, цӀенош санна долчу оцу догӀмашна чохь а долуш, Везачу Элана уллохь долчу тхайн керлачу цӀеношна генахь хилар тхаьшна хуъушехь.
7
ХӀунда аьлча тхо, гуш долчуьнца а доцуш, тхешан тешарца дехаш ду.
8
Иштта, доьналла а долуш, лаьттарчу дегӀана чуьра а кхелхина, Везачу Элана уллохь Ӏаш хилар гӀолехь ма хета тхуна.
9
Цундела тхуна, догӀмашна чохь долуш я царна чуьра кхелхина долуш, Везачу Элана тамехь дерг хилийта лаьа.
10
ХӀунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дӀахӀитта дезаш ду. Вайх хӀораммо а ваьш кху дегӀа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггӀург схьаоьцур ду.
11
Везачу Элах кхерар хӀун ду тхайна хаьа дела, адамаш кхето гӀерта тхо. Далла тхох лаьцна дерриг а хаьа. Тхох лаьцна долу дерриг а шуна а хууш хиларе сатуьйсуш ву со.
12
Оха юха а хестош дац тхаьш шуна хьалха. Ткъа оха тхайх дозалла дан таро ло шуна. Иза оха ло, даг чохь долчух дозаллаш ца деш, ткъа тӀехула долчу хӀуманех дозаллаш деш болчаьрга дуьхьал ала шун хӀума хилийтархьама.
13
Тхо хьекъалх девлча, иза Делан дуьхьа ду. Ткъа тхо хьекъале даьхкича, иза шун дуьхьа ду.
14
ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун безамо лелош ду тхо. Нагахь Цхьаъ массеран а дуьхьа велла хилча, тӀаккха, массо а адам делла аьлла, жамӀ ма дина оха.
15
Иза массеран а дуьхьа велла, дехаш долу адамаш хӀинца шайн дуьхьа а доцуш, амма, вала а велла, веллачуьра денвина волчун дуьхьа дахийтархьама.
16
Цундела хӀинца дуьйна цхьа а адам кху дуьнен чуьра болчара санна ца лору оха. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг оха кху дуьнен чуьра болчара санна лерина хиллехь а, хӀинца оха иштта кхин ца лору Иза.
17
Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг — юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дӀадаьлла, хӀинца керланиг хилла дӀахӀоьттина!
18
Ткъа и массо а хӀума Делера схьа ду. Дала Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вай Шеца тайтира. Цо тхуна тӀе диллина адамаш Шеца таран гӀуллакх.
19
Адамаша летийна къинош царна дуьхьал ца лоруш, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула дуьне Шеца тойтуш вара Дела. Дала тхуна тӀедиллина адамаш Шеца тойтуш болу и кхаъ дӀакхайкхор.
20
Тхо Дала леррина Къобалвинчун цӀарах дахкийтинарш ду, ткъа Дала Ша тхоьгахула шуьга хаам беш санна хуьлу. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа доьху оха шуьга: «Делаца шаьш тайтийша!»
21
Шена тӀехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13