bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Corinthians 11
2 Corinthians 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 12 →
1
Со жимма сонта хиларна, сатохахьара аша суна. Билггал сатохийша суна!
2
Дикачу агӀор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цӀена йоӀстаг санна, шу дӀахӀитто лаьа суна.
3
Амма со кхоьру, шен хӀилланца лаьхьано Ӏехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцӀена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла.
4
ХӀунда аьлча аша самукъадаларца тӀеоьцу оха шуна хьехнарг а воцуш, кхин Ӏийса шайна хьоьхуш верг. Иштта, тхоьгара схьаэцначу Синах а, хазачу кхоах а тера доццушехь, кхин тайпана долу са а, хаза кхаъ а атта тӀеоьцу аша!
5
ХӀунда аьлча оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хӀуманна тӀехь а оьшуш ца хета суна.
6
Кхоччуш хаза къамелаш ца дан там бу аса, амма кхетам тӀехь цатоам бац сан. Цунах-м оха массо а хӀуманна тӀехь шу тешийна.
7
Хаза кхаъ айса шуна дӀакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса?
8
Шуна гӀуллакх дархьама, кхечу динан тобанашкара лечкъош верг санна хуьлура со, цаьргара ахча схьа а оьцуш.
9
Шу долчохь тхо долуш, цхьацца хӀуманна тӀехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХӀунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хӀуманна тӀехь шуна сайх бала ца бан гӀиртира со, хӀинца чул тӀаьхьа гӀертар а ву.
10
Дала леррина Къобалвинчун бакъдерг билггал сайна чохь хиларца аса чӀагӀо йо, Аса дозалла дар Ахай-махкахь цхьаммо а соьгара дӀадоккхур дац аьлла.
11
ХӀун бахьана ду те цуьнан? Дуй те иза, суна шу ца деза бохург? Далла хаьа, суна шу мел деза!
12
Амма хӀинццалц леллачу тайпана кхидӀа а лелар ву со, оцу вукху «векалийн», шаьш тхох тера векалш ду аьлла, дозалла дан йиш ца хилийта.
13
ХӀунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гӀуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту.
14
Иза инзарвала хӀума дац, хӀунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду.
15
Цундела доккха хӀума а дац, нагахь цуьнан гӀуллакх деш тӀаьхьахӀиттинчара шаьш Делан лаамна гӀуллакхаш до моттийтича а. Амма церан чаккхе церан гӀуллакхашка хьаьжжина хир ю.
16
Аса юха а боху: цхьанна а со сонта ву ма мотталаш. Ткъа шайна со иштта хеташ велахь а, со сонтаниг санна тӀеэцийша, сан жимма а сайх дозалла дан йиш хилийта.
17
Айса дуьйцург Везачу Элаца волуш санна ца дуьйцу аса, ткъа шен къамелах тешна Ӏаш волчу сонтачо санна дуьйцу.
18
Кху дуьнен чуьра болчара санна, дукхахболчара дозалла деш хилча, аса а дийр ду дозалла.
19
ХӀунда аьлча аша, кхетам болуш долчу адамаша, дог дарца садетта оцу сонтачарна.
20
Аша са ма туху, шайх леш дича а, шайна бала бича а, шайга харж яйтича а, шайна кураллаш йича а, шайн юьхь тӀе йиттича а.
21
Сайн эхьана эр ду аса, цу тайпана долу гӀуллакхаш лело тхан ницкъ ца кхочура. Нагахь цхьана хӀуманна тӀехь цхьаъ дозалла дан ваьхьаш велахь — аса сонтачо санна боху — со а ваьхьар ву дозалла дан.
22
Уьш Ӏебархой буй? Со а ву. Уьш исраилхой буй? Со а ву. Уьш ИбрахӀиман хӀух буй? Со а ву.
23
Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Ӏожаллин кхерамехь хуьлура со.
24
ЯхӀудхоша пхоьазза шед йиттина суна, хӀоразза а ткъе ткъайоьсназза а тухуш.
25
Кхузза гӀожмаш йиттина суна. Цкъа тӀе тӀулгаш кхиссина суна. Со тӀехь а волуш, хӀордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хӀорда чохь а даьккхира.
26
Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТӀедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГӀалахь а, яьссачу аренгахь а, хӀорда тӀехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса.
27
Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тӀеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса.
28
Кхузахь хьахийна хӀуманаш доцург, ерриге а динан тобанийн баланийн Ӏаткъам кхочу суна.
29
Мила ву гӀело хьоьгуш, аса а шеца гӀело хьоьгуш воцург? Мила ву галвалийтина, со кийрахь шех вогуш а воцуш?
30
Айса дозалла дан дезахь, сайн гӀорасиза хиларх дозалла дийр ду аса.
31
Гуттара а декъала волу Веза Эла волчу Ӏийсан Да волчу вайн Далла хаьа, со харц луьйш воцийла.
32
Со Дамасакхехь волчу хенахь, ХӀарти-паччахьан мехкадас Дамасакх-гӀалин Ӏуналла дора, со схьалаца дагахь. Ткъа со корехула тускар чохь пенаца охьаваийтира. Иштта кӀелхьарвелира со цуьнан карара.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13