bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Corinthians 7
2 Corinthians 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 8 →
1
Сан хьоме доттагӀий! Дала вайна и ерриге а чӀагӀонаш йина дела, вешан догӀмаш а, синош а бехдеш мел долчух цӀанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дӀало вай.
2
Тхо шайн дегнаш чу тардалийтийша! Оха цхьанна а вониг ца дина, цхьа а дакъаза ца ваьккхина, цхьаьнггара а тхайна пайдехь дерг а ца лехна.
3
Шух бехк баккхархьама ца боху аса иза. Аса хьалха а аьллера, шуьца цхьаьна даллал а, дехаш хиллал а шу тхан дегнаш чохь ду.
4
Сан шуьца майра дийца йиш ю. Мел дозалла до аса шух. Тхаьш оццул баланехь доллушехь, аша динчу иракарахӀитторах вуьзна а ву со, сан хазахетар тӀех а даьлла.
5
Тхо Македоне даьхкинчу хенахь, цхьана а тайпана синтем бацара тхан. Массо а агӀор ницкъ хиллера тхуна, арахула тӀебеана цатемаш а, тхешан чохь болу кхерамаш а бахьана долуш.
6
Амма Шена муьтӀахь болчарна синтем луш волчу Дала, Тита схьа а кхачийна, тхан синош паргӀатдехира.
7
И синтем хилар, Тита схьакхачарна хилла а ца Ӏаш, аша цуьнан догъэцарна а дара. Цо дийцира, шу тхо ган лууш хиларх а, шайгара мел даьллачунна шу дохкодовларх а, со ларван шу кийча хиларх а лаьцна. Цундела со кхин а чӀогӀа дог айаделла вара.
8
Сайн кехатца айса шуна халахетийтарна со дохковаьлла хиллехь а, хӀинца айса и яздарна дохко ца волу со, цу кехато шуна халахетар кӀеззиг йолчу ханна бен ца дина дела.
9
Сан хӀинца долу хазахетар шуна айса халахетар дина аьлла дац, амма оцу халахетарехула, метта а даьхкина, Далла тӀедерзар шун хиларна ду. Шун халахетар Делан лаамехь хилла дара, цундела тхох цхьана а тайпана зулам ца даьлла шуна.
10
Делан дуьхьа хиллачу гӀайгӀано кӀелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тӀеверзар до — и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гӀайгӀано Ӏожалла тӀейоуьйту.
11
Хьовсийша, Делан дуьхьа шуна хиллачу халахетаро шу мел доггах дӀагӀоьртуьйту. Иза дина а ца Ӏаш, шу бехке цахилар шуна дӀахаийта лаар дойту цо. Ткъа, цул сов, мел эргӀаддевлла а, аша мел орца доху а, со ган шун мел боккха лаам бу а, мел чӀогӀа шу тӀедирзина а, царна таӀзар хиларна шу мел кийча ду а хаийтина цо. Массо а оцу хӀуманна тӀехь шаьш цӀена хилар гайти аша.
12
Айса иштта яздинехь а, вониг далийтинчун я шена вониг хиллачун дуьхьа ца яздинера аса шуьга, амма Далла хьалха аша тхан мел гӀайгӀа бо шуна дӀаделладалийтархьама яздинера.
13
Цундела тхуна синтем хилира. Тхуна, синтем хилла а ца Ӏаш, кхин а доккха хазахетар хилира Титин хазахетар бахьана долуш, аша массара а цуьнан са иракарахӀотторна.
14
Цу тайпана аша юьхьӀаьржачу ца хӀоттий со, дозаллица шух лаьцна аса цуьнга дийцинчунна тӀехь. Мелхо а, массо а хӀуманах билггал бакъдерг оха шуьга дийцаре терра, Титина хьалха аса шух дина дозалла бакъ хили.
15
Шун массеран а муьтӀахь хилар а, кхерамца а, дегадарца а аша ша тӀеэцар а дагадеача, кхин а чӀогӀа шух дог дӀаийна хуьлу цуьнан.
16
Со чӀогӀа воккхавеш ву, массо а хӀуманна тӀехь а шуна тӀетовжа сайн йиш хиларна!
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13