bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Corinthians 2
2 Corinthians 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 3 →
1
Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогӀуш, юха а шун дог дохош ца ван.
2
ХӀунда аьлча аса юха а шун дог дохийча, хьан дийр дара суна хазахетар, аса халахетийтина долчу шу доцучара?
3
Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла.
4
Аса боккхачу дегалазамца, дегаӀаткъамца, дуккха а долу сайн бӀаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тӀех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза.
5
Нагахь цхьаммо дог дохийнехь а, цо сан дог ца дохийна, амма цхьана декъана шун массеран а дохийна, тӀех луьра ца олуш дитича.
6
Дукхахболчара дина таӀзар тоьар ду иштта волчунна.
7
Цундела шуна гӀолехь ду, хӀинца цунна къинтӀера а девлла, цуьнан догъэцча, иза йоккхачу гӀайгӀане ца вахийта.
8
Аса доьху шуьга цундела, цуьнга шайн безам хилийтар.
9
Иза аса яздинера, шу зийначул тӀаьхьа, шу массо а хӀуманна тӀехь соьга ладугӀуш дуй те хьажархьама.
10
Шу къинтӀера девллачунна со а ваьлла, хӀунда аьлча со хӀуманна къинтӀера вала везаш хилча а, аса иза шуна диканна дина Дала леррина Къобалвинчунна хьалха,
11
иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тӀехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу.
12
Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дӀакхайкхо Троя-гӀала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неӀ дӀайиллира.
13
Амма со синтем байна вара, хӀунда аьлча цигахь суна сайн динан ваша волу Тита ца карийра. И бахьанехь, церан Ӏодика а йина, со Македоне вахара.
14
Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тӀехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дӀасаяржайо Цо.
15
КӀелхьарбовларан некъа тӀе бевллачарна а, хӀаллакьхиларан новкъахь болчарна а юкъахь Дала леррина Къобалвинчо Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду вай.
16
ХӀаллакьхиларан новкъахь болчарна иза Ӏожаллин хьожа ю, уьш валаре а буьгуш. Ткъа кӀелхьарбовларан новкъахь болчарна иза хаза хьожа ю, уьш дахаре а буьгуш. Хьаьнга далур дара и дерриге а?
17
Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цӀарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13