bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nehemiah 1
Nehemiah 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 2 →
1
ХӀара дешнаш Хьахли-ЯхӀун кӀант волчу Нахьми-ЯхӀун ду: Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Кислав-баттахь со Шушан-гӀалин гӀопахь нисвеллера.
2
Цу хенахь сан вежарех цхьаъ волу Хьанани а, цуьнца кхин масех стаг а ЯхӀуд-махкара схьавеана вара. Йийсарера кӀелхьара а баьхна, юхабирзинчу яхӀудхойх лаьцна а, Ярушалаймах лаьцна а цаьрга хаттарш дира Аса.
3
Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кӀелхьарбаьхна болу яхӀудхой шайн махкахь бехаш, чӀогӀа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Ӏаш бу. И массо а хӀума Ярушалайман пенаш дохийна дӀадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду».
4
И хӀума сайна хезча, со, охьа а хиъна, вилхира. Масийтта дийнахь тийжа а тийжаш, марха а кхобуш, стигаларчу Далла хьалха доӀанаш дора аса.
5
ТӀаккха сайн доӀанехь аса дийхира: «Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь!
6
Хьан лергаш ладугӀуш хуьлийла, Хьан бӀаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доӀа деш волчу Хьайн лай волчу сан доӀа дӀахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богӀуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукӀарло до аса.
7
Хьуна дуьхьал зуламениг леладора оха. Ахь Хьайн ялхо волчу Муса-пайхамарехула дӀаделла долу весеташ а, тӀедехкинарш а, парзаш а лар ца дора оха.
8
Хьайн ялхочуьнга Муса-пайхамаре Айхьа аьлларг дагадаийтахьара Ахьа Хьайна. Цуьнга Ахьа аьллера: „Нагахь санна шу тешаме ца хилахь, Аса шу кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасадаржор ду.
9
Амма шу, Суна тӀе а дирзина, Сан весеташ тӀе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дӀаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Ӏибадат дайта а, Со шуьца Ӏан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.
10
Исраилан халкъ — Хьан лай а, Хьан халкъ а ду, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а мах баккхарца паргӀатдаьккхина долу.
11
Ва Хьалдолу Эла, Хьан цӀеран сийдар хазахеташ волчу Хьан лай волчу сан а, Хьан леш болчу нехан а доӀанашка дикка ладогӀахьара Ахьа! Тахана аьтто бехьа сан, паччахь соьца къинхетаме а хуьлуьйтуш». Со паччахьан чагӀардуттург вара.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13