bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nehemiah 6
Nehemiah 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 7 →
1
Санбулатана а, ТӀуби-ЯхӀуна а, Ӏаьрбихо волчу ГӀишамана а, иштта кхечу тхан мостагӀашна а дӀахиира, тхан мостагӀашна а дӀахиира, оха, гӀалин пен юхаметтахӀоттинийла а, пенах даьхначу Ӏуьргех дӀадукъаза цхьа а ца дисийла. Бакъду, оха хӀинца а кевнаш чу йогӀу неӀарш дӀа ца хӀиттийнера.
2
ТӀаккха Санбулата а, ГӀишама а соьга хабар даийтира: «Схьавола, вовшахкхетар ду вай Овну-тогӀерачу цхьана юьртахь». Цара суна зулам дан барт бинера.
3
Аса цаьрга хабар дӀаэцна сайн геланчаш бахийтира: «Со цхьа доккха гӀуллакх деш мукъа вац, цундела сан шу долчу охьавосса йиш яц. И гӀуллакх юкъахдер дара, со иза дитина шу долчу охьаваьллехьара», — аьлла.
4
Доьазза нах тӀебахийтира цара и хабар дахьаш, ткъа аса уьш мосазза богӀу, хьалха санна, царна дуьхьал хабар дохьуьйтура.
5
Иштта Санбулата пхоьазлагӀа шен ялхо ваийтира, карахь мухӀар тохаза долу кехат а долуш.
6
Кехата тӀехь яздина дара: «Гонахарчу къаьмнашна юкъахь лелаш цхьа хабарш ду — ткъа ГӀишама дуьйцу уьш бакъ хилар — хьо яхӀудхошца цхьаьна гӀатта кечлуш ву бохуш. Цундела хьалабеш бу боху аша Ярушалайман пен. Хьо яхӀудхойн керла паччахь хир волуш ву а боху наха.
7
Ахьа пайхамарш а дӀахӀиттийна, цаьрга Ярушалаймехь халкъе, „ХӀара ву яхӀудхойн паччахь“ аьлла, хаам байта. И тайпа хабарш паччахьах дӀакхетар ду хьуна. Цундела кхуза схьавола, вовшех дагадевр ду вай».
8
Аса Санбулате хабар дахьийтира: «Ахьа бохуш долу цхьа а хӀума бакъ дац. И хабар ахьа хьайгара дуьйцуш ду», — аьлла.
9
Тхан мостагӀий тхо кхеро гӀерташ бара. Царна моьттура: «ЯхӀудхой, куьйгаш гӀел а делла, болх бечуьра совцур бу, цундела пен бина а бер бац». Амма аса сайн доӀанна тӀехь доьхура: «ЧӀагӀдехьа сан куьйгаш!» — бохуш.
10
Цхьана дийнахь Ма-ХӀайтӀабалан кӀентан Дали-ЯхӀун кӀант ШамӀа-ЯхӀу волчу вахара со. Цуьнан шен цӀа чуьра аравала йиш яцара. Цо соьга элира: «Делан цӀийнан кертахь долчу дезачу цӀа чу гӀо вайшиъ, ваьшшина тӀаьхьара неӀ дӀа а къовлуш, хӀунда аьлча хьо вен богӀур бу. Билггал, буьйсанна хьо вен богӀур болуш бу».
11
Амма аса ШамӀа-ЯхӀуга элира: «Со санна волу стаг вада везий те? Я со санна волу стаг Делан цӀа чу шен са кӀелхьардаккхархьама ваха везий те? Со цу чу гӀур вац!»
12
Суна хаьара ШамӀа-ЯхӀу Делера болу хаам беш воцийла. Цо суна дуьхьал болу хаам бора, ша ТӀуби-ЯхӀуссий, Санбулатий эцна хиларх терра.
13
Цара ШамӀа-ЯхӀу лаьцнера, со кхеро дагахь. Со кхера а вина, соьга къа а латадайтина, Делан цӀа чу со дӀалачкъа вахийта гӀерташ бара уьш. ТӀаккха сан мостагӀийн со юьхьӀаьржачу хӀотто йиш хир яра.
14
Аса доӀа дира: «Сан Дела, ТӀуби-ЯхӀуй, Санбулаттий дага а ваийтий, цара мел динарг бахьана долуш царна кхел яхьара Ахьа. Иштта, шегахь Делера хаам болуш йолу НуӀад-ЯхӀу а, кхиболу со кхераван арабевлла болу пайхамарш а дагабаийтахьара Ахьа Хьайна».
15
Ярушалаймана гонах болу пен Алул-беттан ткъе пхоьалгӀачу дийнахь бина белира. И болх шовзткъе шийтта дийнахь бинера цара.
16
Тхуна гонах болчу а, тхан мостагӀий болчу а массо а къаьмнашна иза дӀахиъча, уьш кхера а белира, цара шайх болу тешам а байира, хӀунда аьлча уьш кхийтира и болх оха тхайн Делан гӀоьнца бина хиларх.
17
Цу деношкахь ЯхӀуд-махкарчу лоруш болчу наха дукха кехаташ кхоьхьуьйтура ТӀуби-ЯхӀуга, ткъа ТӀуби-ЯхӀугара кехаташ цаьрга а кхочура.
18
ЯхӀудхойх дукхахболчара, цунна тешаме хир бу аьлла, чӀагӀо йинера, хӀунда аьлча ТӀуби-ЯхӀу Арахьин кӀентан Шихан-ЯхӀун нуц вара, ткъа ТӀуби-ЯхӀун кӀанта ЯхӀу-Хьанас Берех-ЯхӀун кӀентан Машулиман йоӀ ялийнера.
19
Цу наха соьга ТӀуби-ЯхӀу хестош къамелаш дора, ткъа аса мел аьлларг ТӀуби-ЯхӀуга дӀадуьйцура. Ткъа ТӀуби-ЯхӀу, со кхеро дагахь, соьга кехаташ кхоьхьуьйтуш вара.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13