bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nehemiah 4
Nehemiah 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 5 →
1
Шена тхо Ярушалаймана гонах долу пенаш юхаметтахӀиттош ду аьлла дӀахезча, Санбулат, чӀогӀа оьгӀазвахана, карзахвелира. Иза яхӀудхойх кхарда волавелира.
2
Шен накъосташна а, шамранхойн эскархошна а хьалха цо элира: «ХӀун деш бу кхузахь и сий доцу жуьгтий? ХӀара гӀала юхаметтахӀотто билггал ойла йолуш бу уьш? Царна шаьш сагӀанаш дохур ду моьтту те? Царна шаьш и болх сиха бина девр ду моьтту те? Цаьрга чимашна а, хоттана а юккъера тӀулгаш денлур ма дац!»
3
Санбулатаца цхьаьна волчу Ӏамминхочо ТӀуби-ЯхӀус элира: «Жуьгташа меттахӀоттош ерг хӀун ю? Жима цхьогал тӀедаьлча а, бухур болуш ма бу церан пен».
4
Аса, Деле доӀа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дӀахазахьара Хьуна тхан доӀанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хӀонс санна, йийсаре а бигна, юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа уьш!
5
Царна тӀера бехк дӀа а баьккхина, Хьайна хьалха цара летийначу къиношна геч ма дахьара Ахьа, хӀунда аьлча цара пен беш болу нах сийсазбаьхна».
6
Ткъа тхо гӀалин пенаш деш дара. И берриг а пен нийсса ах хьалабина а девлира, хӀунда аьлча цигахь мел верг а даггара болх беш вара.
7
Санбулат, ТӀуби-ЯхӀу, Ӏаьрбихой, Ӏамминхой, ашдодхой чӀогӀа оьгӀазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гӀалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Ӏуьргаш дӀа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дӀахезча.
8
Цара шайна юкъахь барт бира тӀамца Ярушалаймана тӀелата а, гӀалин нах карзахбаха а.
9
Тхо тхайн Деле доӀанаш деш дара. Оха пенаш тӀе гӀаролхой хӀиттийнера, цаьрга, дийнахь а, буьйсанна а гӀарол а деш, тхо мостагӀех лардайта.
10
ЯхӀудхоша мукъам бора: «Киранчийн ницкъ лахбелла, дӀакхоьхьу нехаш дукха хиларна, пен юхаметтахӀотто тхан ницкъ бац».
11
Тхох кхаьрдаш болчу мостагӀаша бохура: «Жуьгташна, тхо ган а гина, довзале, тхо царна юкъахь хир ду. Оха уьш хӀаллакбийр бу, цул тӀаьхьа болх а сацор бу».
12
Тхан мостагӀашна уллохь Ӏаш болчу яхӀудхоша тхоьга уьттазза элира: «Массо а маьӀӀера мостагӀий вайна тӀелетар бу».
13
ТӀаккха аса пенан уггар лахарчу а, ледарчу а меттигашкахь нах дӀахӀиттийра. Шайн-шайн доьзалийн раьгӀнашкахь дӀахӀиттийна бара уьш, карахь тарраш а, гоьмукъаш а, секхаӀедаш а долуш.
14
Гонах а хьаьжна, лоруш болчу нахе а, хьаькамашка а, кхин болчу нахе а вистхилира со. Аса элира: «Вайн мостагӀех шу ма кхералаш. Хьалдолу Эла сийлахь а, кхерамах дузуьйтуш а вуйла шайна дагадаийта! Аша, шайн вежарий а, кӀентий а, йоӀарий а ларбеш, тӀом бан беза! Шу шайн зударий а, шайн цӀенош а лардеш тӀом беш хила деза!»
15
Шаьш дан леринарг тхуна хууш хилар а, Дала шайн барт бохийна хилар а тхан мостагӀашна дӀахиъча, тхо гӀалин пен болчу юхадирзира, хӀора шен-шен балха тӀе.
16
16-17 ХӀетахь дуьйна схьа сан белхалойх ах йолу тоба пенна тӀехь болх беш яра, ткъа вуьш шайн карахь гоьмукъаш а, турсаш а, секхаӀедаш а долуш, тӀедуьйхина гӀаьгӀнаш а долуш ха деш бара. Пенаш деш болчу ЯхӀудан нахана тӀехьа тӀеман хьаькамаш бара лаьтташ. Ткъа коьчал яхьаш берш цхьана куьйгаца болх беш бара, ткъа церан вукху куьйгахь гоьмукъ бара.
17
***
18
Болх бечу хенахь пенаш тодеш волчу хӀора стеган хаьн тӀехь кхозуш тур дара. Ткъа суна уллохь коьман маӀа карахь йолу зурманча вара лаьтташ.
19
Лоруш болчу нахе а, тӀеман хьаькамашка а, иштта кхин долчу адамашка а аса элира: «Вай беш берг боккха болх бу. Пенан бохаллехь дукха дӀасадаьржина вай, вовшашна гена а девлла.
20
Цундела шайна коьман маӀан аз хезначу метте схьагулдала деза шу. Цигахь массо а вовшахкхетар ду вай. Вайн Дела вайгахьа тӀом беш хир ву!»
21
Иштта болх беш дара тхо: тхох ах долу дакъа кара гоьмукъ а лаьцна лаьтташ дара, ткъа вуьш пенна тӀехь болх беш бара, Ӏуьйранна сатоссучу хенахь дуьйна стигалара седарчий гучудовллалц.
22
Цу хенахь аса халкъе дӀахьедира: «Берриг а нах шайн гӀоьнчашца цхьаьна Ярушалаймехь буьйса йоккхуш хила беза, буьйсанна цаьрга гӀалина ха дайтархьама а, дийнахь гӀалин пен боттийтархьама а», — аьлла.
23
Тхоьца болчарах цхьаммо а буьйсанна шайна тӀера бедарш дӀа ца йохура: я аса а, я сан ялхоша а, я гӀаролехь болчу наха а. ХӀоранна а уллохь шен герз дара.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13