bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nehemiah 13
Nehemiah 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
1
Цу дийнахь Муса-пайхамаран тептар массо а халкъана хозуьйтуш дӀадийшира. Цу тӀехь царна дӀаяздина карийра, цхьа а Ӏамминхо а, муабахо а цкъа а Делан халкъах дӀакхета йиш йолуш вац аьлла.
2
Иза иштта хилла, хӀунда аьлча уьш Исраилан халкъана баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера. Цара БалиӀам шайгахьа ваьккхина, цуьнга исраилхошна неӀалт кхайкхадайта. Амма вайн Дала, и неӀалт царна тӀера дӀа а даьккхина, цунах декъалдар хилийтира.
3
И товрат-хьехам шайна дӀахезча, исраилхоша кхидолу къаьмнех мел верг шайх дӀакъастийра.
4
Амма и хӀума хилале тхан Делан цӀийнан чӀоьнаш карахь йолчу динан дас Элишуба (иза ТӀуби-ЯхӀун захалойх стаг вара),
5
ТӀуби-ЯхӀуна йоккха цхьа чоь дӀаелира. Тохара цу чоьнна чу наха деанера кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, пхьегӀаш а, иштта левихошна а, илланчашна а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхошна а деана долчу ялтих а, керлачу чагӀарх а, зайтдаьттанах а уьтталгӀа дакъа а, иштта динан дайшна деана долу совгӀаташ а.
6
И хӀума хиллачу хенахь со Ярушалаймехь вацара. Бавелан паччахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъе шуьйтталгӀачу шарахь со паччахь волчу юхаваханера. Цхьа хан яьлча, аса юха а паччахье сайна Ярушалайме дӀаваха пурба дийхира.
7
Со Ярушалайме схьакхаьчча, суна хиира Элишубера даьллачу зуламах лаьцна. Цо ТӀуби-ЯхӀуна Делан цӀийнан кертахь йолу цхьа чоь дӀаеллера!
8
Со чӀогӀа оьгӀазвахара, сайна и хӀума хезча. Цундела аса ТӀуби-ЯхӀун салпал цу чуьра аракхоьссира.
9
Аса тӀедиллира, и чоь дӀа а цӀанйина, цу чохь хилла йолу Делан цӀа чуьра пхьегӀаш а, наха схьадеана долу кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а шаьш хиллачу метте охьахӀиттае аьлла.
10
Суна иштта хиира, левихошна дӀадала дезаш долу дакъош дӀалуш ца хиллийла а. Цундела Далла Ӏамал ечу хенахь гӀуллакх дан дезаш болу левихой а, илланчаш а шайн-шайн кхашка юхабирзинера.
11
Аса хьаькамех и хӀума бахьана долуш бехк баьккхира. Аса цаьрга хаьттира: «Делан цӀа дола ца деш хӀунда дитина?» аьлла. Цул тӀаьхьа, массо а левихо схьа а гулвина, аса уьш юха а церан гӀуллакхаш дан дӀахӀиттийра.
12
Цул тӀаьхьа массо а исраилхочо шайн ялтех а, керлачу чагӀарх а, зайтдаьттанах а долу уьтталгӀа дакъа Делан цӀийнан чӀоьнаш чу схьадеара.
13
Делан цӀа чуьра чӀоьнаш хӀокху нехан кара дӀаелира аса: динан да волу Шалам-ЯхӀу, Ӏелам стаг волу ЦӀадукъа, левихо волу Пади-ЯхӀу. Ткъа Матан-ЯхӀун кӀентан Закхуран кӀант Хьанан церан гӀоьнча санна дӀахӀоттийра аса. Аса уьш хаьржинера, хӀунда аьлча уьш тешаме лоруш нах бара. Царна тӀедиллина дара наха схьадеанчу хӀуманах шайн гергарчарна дакъа дар.
14
Ва сан Дела, аса и хӀума дар бахьана долуш со дагаваийтахьа Хьайна. Диц ма дехьа аса сайн Делан цӀийнан а, цу чохь а, цуьнан кертахь а дечу гӀуллакхийн а дуьхьа тешаме хиларца лелийнарг!
15
Цу деношкахь ЯхӀуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагӀар даккхархьама. Иштта шайн варраш тӀе цӀевнаш а, чагӀар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хӀуманаш а тӀеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дӀа а яьхьна, дӀайохкархьама. Аса цу нахах чӀогӀа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хӀума дӀадухкуш гича.
16
Ярушалаймехь бехаш болчу цорахоша а дахьара чӀерий а, кхидолу сурсаташ а Ярушалайме, уьш шоьтан дийнахь яхӀудхошна дӀадохкархьама.
17
Аса яхӀудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хӀума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хӀун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша!
18
Изза хӀума шун дайша а леладора. Цундела вайн Дала вайна а, хӀокху гӀалина а тӀе боккха бала а, бохам а боссийра. Ткъа шу хӀинца Цуьнга Исраилан халкъана кхин а чӀогӀа оьгӀазло яйта гӀерташ ду, шоьтан де сийсаза а дохуш».
19
Цул тӀаьхьа аса тӀедиллира, пӀерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тӀебогӀучу хенахь, гӀалин кевнаш дӀа а къовлий, шоьтан де дӀадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неӀарш ларъян сайна тешаме болу нах дӀахӀиттийра аса. Церан Ӏалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар.
20
Цкъа-шозза совдегарш а, тайп-тайпана хӀуманаш йохкархой а Ярушалайме шаьш чу ца бовлийтича, гӀалина арахь буьйсанаш йохуш бара.
21
Аса цаьрга, чӀогӀа бехк а боккхуш, элира: «ГӀалин пенна уллохь буьйсанаш стенна йоху аша? Кхин и санна дерг шуьгара далахь, аса шу ницкъаца дӀадохур ду». Цул тӀаьхьа уьш кхин ца богӀура шоьтан дийнахь йохкаэцар лело.
22
Аса левихошна тӀедиллира, Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочушде аьлла. Уьш цул тӀаьхьа гӀалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама. И хӀума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох!
23
Цу деношкахь суна иштта гира, яхӀудхоша шайна ашдодхойх а, Ӏамминхойх а, муабахойх а болу зударий балийна хилар.
24
И хӀума бахьана долуш церан берех ахдакъа ашдодхойн, я вукху къаьмнийн мотт буьйцуш дара, яхӀудхойн мотт биц а бина.
25
Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неӀалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цӀарах иштта чӀагӀо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таӀзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кӀенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а.
26
Ас элира: „Шуна хууш ду, кхечу къаьмнех болу зударий балор бахьана долуш, исраилхойн паччахь волчу Сулима шех къа латийна хилар. Ткъа кхечу къаьмнийн бацара Сулим-паччахь санна болу сийлахь паччахьаш. Далла везаш а вара Сулим-паччахь. Цундела Цо иза дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀа а хӀоттийнера. Амма кхечу къаьмнех болчу зударша ур-атталла цуьнга а къинош летадайтира.
27
Ткъа хӀинца тхуна хезаш ду, шу а и тайпана доккха зуламаш лелош ду бохуш. Хийрачу къаьмнех болу зударий шайна балорна, шу Далла тешаме ма дац!“
28
ЯхӀу-ЯдаӀ динан коьрта да волчу Элишубан кӀант вара. Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀан цхьа кӀант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гӀалара эккхийна дӀавахийтира.
29
Дагахь латтабе уьш, сан Дела! Динан дайн дарж а, Ахьа динан дайшца а, левихошца а бина барт а ма бехбина цара!
30
Аса исраилхой иштта цӀанбира хийрачу къаьмнаша схьа мел кхехьначух. Юха, динан дайшна а, левихошна а дан дезаш долу гӀуллакхаш билгалдехира аса, хӀораннан а шен гӀуллакх хилийтархьама.
31
Билгалъяьхначу хенашкахь сагӀанаш дагорна лерина долу дечиг Ӏалашдаран Ӏадат дӀахӀоттийра ас. Иштта Аса билгалдаьккхира, дуьххьара болу стом а, дуьххьара долу ялта а наха маца схьадан деза. Сан диканна Хьайн дагахь латтадехьа и дерриг а, ва сан Дела!»
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13