bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nehemiah 3
Nehemiah 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 4 →
1
Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гӀевттина, УьстагӀийн ков юхаметтахӀоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неӀарш дӀахӀиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дӀахӀоттийра Меа цӀе йолчу бӀаьвнна тӀера Хьананиал цӀе йолчу бӀаьвнна тӀе кхаччалц. Цул тӀаьхьа цу гӀалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира.
2
Динан дайшна уллохь гӀалин пен буттуш ерихонхой а бара. Ткъа царна уллохь гӀалин пен буттуш Имарин кӀант Закхур а вара.
3
ХӀасинаан кӀенташа ЧӀерийн ков юхаметтахӀоттийра. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, кевнан неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, царна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цара.
4
Царна уллохь долу пенан дакъа УръяхӀун кӀанта Мармутис хьаладоьттира. УръяхӀу Къоцин кӀант вара. Берех-ЯхӀун кӀанта Машулима царна уллора пенан дакъа хьаладоьттира. Берех-ЯхӀу Маши-Забиалан кӀант вара. БаӀнин кӀанта ЦӀадукъас царна уллохь долу пенан дакъа дира.
5
ТакхоӀан бахархоша царна уллора пенан дакъа хьалахӀоттийра. Амма ТакхоӀан лоруш болчу наха кураллина шайн куьйгалхоша тӀедиллинчу гӀуллакхах куьг ца туьйхира.
6
Ишана цӀе йолу ков тодеш Писухьан кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Басуди-ЯхӀун кӀант Машулим а вара. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а туьйхира цара.
7
Царна уллохь пенаш тодеш гавӀонхо волу Малти-ЯхӀу а, марунихо волу Ядун а вара. Царна гӀо дора ГавӀонарчу а, МицӀпарчу а бахархоша. (Ткъа Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀехь волу мехкада МицӀпахь Ӏаш вара.)
8
Царна уллохь болх беш вара дашо пхьар волу ХьарихӀа-ЯхӀун кӀант Ӏузиал. Ткъа цунна уллохь болх беш вара хаза хьожа йогӀу хьакхарш а, духӀиш а кечдеш волу говзанча Хьанан-ЯхӀу. Шуьйра пен болчу кхаччалц гӀалин пенаш хьаладира цара.
9
Царна уллохь долу пенан дакъа тодира Хьоран кӀант волчу Рапи-ЯхӀус. Ярушалайман ахдекъан хьаькам вара иза.
10
Цунна уллохь пен тобеш вара Хьарумапин кӀант Яди-ЯхӀу. Цо шен цӀенна уллохь долу пенан дакъа тодира. Ткъа цунна уллохь долу дакъа Хьашбин-ЯхӀун кӀанта Хьатуша тодира.
11
Хьармин кӀанта Малки-ЯхӀус а, Пахьат-Муабин кӀанта Хьашубис а пенан важа долу дакъа тодира. Цу наха иштта Пешийн бӀов а тойира.
12
Царна уллохь долу дакъа тодира ХӀалухьешан кӀанта Шалума, цуьнан йоӀарша гӀо а деш. Ярушалайман вукху ахдекъан хьаькам вара иза.
13
ТогӀин ков тодеш вара Хьануни цӀе йолу стаг а, иштта Занухь-гӀалин бахархой а. Ков а дина, цуьнан неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цара. Кхеллин кевнна тӀекхаччалц эзар дол барам болччул пенан дакъа а тодира цара.
14
Кхеллин ков Рахбин кӀанта Малки-ЯхӀус тодира. Малки-ЯхӀу Байт-КӀарам олучу меттиган хьаькам вара. Ков то а дина, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цо.
15
Кала-Хьозин кӀанта Шалума Хьостан ков тодира. Шалум МицӀпин хьаькам вара. И ков то а дина, цунна тӀехь тхов бира цо. Иштта, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цо. И хӀума ша дина ваьллачул тӀаьхьа, Шалума паччахьан бешахь болчу Селахь олучу Ӏомана уллохь болу гӀалин пен тобира, Даудан гӀалара охьавогӀучохь долу тӀегӀанашна тӀе кхаччалц.
16
Цунна тӀехьа долу пенан дакъа тодеш Ӏазбукъан кӀант Нахьми-ЯхӀу вара. Иза ша Байт-Цурин ахдекъана тӀехь хьаькам вара. Цо пен тобира Даудан къуббанашна дуьххьал йолчу меттиге кхаччалц а, иштта цигара дӀа охкуш баьккхина болчу Ӏомана тӀе кхаччалц а, цигара дӀа Турпалхойн цӀенна тӀе кхаччалц а.
17
Цунна тӀехьа пен тобеш левихой бара. Уьш Банин кӀентан Рахьиман куьйгаллица болх беш бара. Ткъа царна уллохь долу дакъа тодеш Хьашби-ЯхӀу вара. Иза КъаӀилан ахдекъана тӀехь хьаькам вара. Шен ахдекъера долчу адамашца пен тобеш вара иза.
18
Церан вежарша цунна уллохь долу дакъа а тодира. Уьш Хьенидадан кӀентан Бавайн куьйгаллина кӀелахь болх беш бара. Ткъа иза КъаӀилан шолгӀачу декъана тӀехь хьаькам вара.
19
ЮшаӀан кӀанта Эзара царна уллохь долу дакъа тодира, ткъа ша Эзар МицӀпана тӀехь хьаькам вара. Цо герз чохь долчу чоьнна тӀера дуьйна гӀалин пенан маьӀигна тӀе кхаччалц пен тобира.
20
Цунна уллохь Забайн кӀанта Баруха пенан дакъа тодира. Пенан маьӀиг тӀера коьрта динан да волчу Элишубан цӀенна тӀе кхаччалц долу пенан дакъа тодира цо.
21
Къоцин кӀентан УръяхӀун кӀант волчу Мармутис цунна уллохь долу дакъа тодира. Иза Элишубан цӀа чу воьдучу меттера дуьйна цуьнан цӀийнан маьӀигна тӀе кхаччалц йолу меттиг яра.
22
Цунна тӀехьа долу дакъа гӀалина гонах бехаш болчу динан дайша тодира.
23
Царна тӀехьа шайн цӀеношна дуьххьал долу пенан дакъа Бен-Ямана а, Хьашубис а тодира. Ӏанан-ЯхӀун кӀентан МаӀсей-ЯхӀун кӀанта Ӏазар-ЯхӀус шен цӀенна уллора дакъа тодира.
24
Цунна тӀехьа Хьенидадан кӀанта Бинуйс Ӏазар-ЯхӀун цӀенна тӀера дуьйна пен сеттачу метте кхаччалц а, цигара дӀа цуьнан маьӀиге кхаччалц а тобира пен.
25
Цунна тӀехьа Узайн кӀант Палали пен сеттачу меттигна дуьххьал пен тобеш вара. И меттиг бӀаьвнна уллохь яра, паччахьан лакхара цӀенош долчохь, цуьнан гӀаролхой Ӏаш болчу уьйтӀена генахь йоццуш. Цунна тӀаьхьа ПарӀушан кӀанта Пади-ЯхӀус а,
26
Ӏупалахь Ӏаш а болуш, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а Хин кевнан малхбалехьа долу пенан дакъа тодира, пенна тӀера арайолучу бӀаьвнна тӀе кхаччалц.
27
Царна тӀехьа, пенна тӀера арайолучу йоккхачу бӀаьвнна тӀера Ӏупалан пенна тӀе кхаччалц долу важа дакъа такхоӀхоша тодира.
28
Динан дайша Говрийн кевнна тӀера долу пенан дакъа тодира. ХӀора динан дас шен цӀенна дуьххьал долу пенан дакъа тодира.
29
Царна тӀехьа ЦӀадукъин кӀанта Амира шен цӀенна дуьххьал болу пен тобира. Шихан-ЯхӀун кӀанта ШамӀа-ЯхӀус цунна уллохь долу дакъа тодира. ШамӀа-ЯхӀу малхбалехьа долчу кевнан хехо вара.
30
Цунна тӀехьа Шалам-ЯхӀун кӀант Хьанан-ЯхӀу а, Хьанунин йолхалгӀа волу кӀант Цалпи а важа дакъа тодеш вара. Царна тӀехьа Берех-ЯхӀун кӀант Машулим шен цӀенна дуьххьал долу пенан дакъа тодеш вара.
31
Цунна тӀехьа Малки-ЯхӀус Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а, йохкархоша а шаьш лелош долчу цӀенна тӀе кхаччалц долу дакъа тодира. И цӀа Мипкхад цӀе йолчу кевнна дуьхьал лаьтташ ду. Цигара дӀа цо иштта пенан маьӀӀехь йолчу чоьнна тӀе кхаччалц долу пенан дакъа тодира. Малки-ЯхӀу ша дашо пхьар вара.
32
Ткъа дашо пхьераша а, йохкархоша а пенан маьӀӀехь йолчу чоьнна тӀера дуьйна УьстагӀийн кевнна тӀе кхаччалц болу пен юхаметтахӀоттийра.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13