bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nehemiah 8
Nehemiah 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 9 →
1
Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Ӏелам стаг волчу Ӏезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тӀебиллина болу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьада аьлла.
2
Ӏезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дӀаэца кхетам болуш долу бераш а дара.
3
Ӏуьйранна дуьйна де делкъе даллалц Ӏезар, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданна дуьхьал вирзина а лаьтташ, массо а божаршна а, зударшна а, иштта массо а ша дуьйцург кхеташ болчу нахана а товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшуш вара. Дерриг а адам товрат-хьехамашка чӀогӀа леррина ладугӀуш дара.
4
Иза цу гӀуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тӀе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агӀор лаьтташ Матит-ЯхӀу а, ШемаӀ а, Ӏани-ЯхӀу а, УръяхӀу а, Хьалкхи-ЯхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а вара, ткъа аьрру агӀор лаьтташ Пади-ЯхӀу а, Мишаал а, Малки-ЯхӀу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхӀу а, Машулим а вара.
5
Ӏезара тептар схьадиллира. Халкъал лекха йолчу лакхенгахь лаьтташ хиларе терра, Ӏезар массарна а дика гуш вара. Цо тептар схьадоьллушехь, массо а адам хьалагӀаьттира.
6
Ӏезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тӀаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Везачу Элана Ӏибадат дора цара.
7
Адамаш юха хьалагӀевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаӀ, Бани, Шараб-ЯхӀу, Ямин, Ӏакхуби, Шабитай, ХӀуди-ЯхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Кхилати, Ӏазар-ЯхӀу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхӀу.
8
Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болчу тептар тӀера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора, адамаш шайна дӀадешначух кхоьтуьйтуш.
9
Цул тӀаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхӀус а, динан да а, Ӏелам стаг а волчу Ӏезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дӀакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладугӀучу хенахь адам доьлхуш дара.
10
Нахьми-ЯхӀус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хӀума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хӀума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дӀакъастийна долу де ду. ГӀайгӀане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чӀагӀдийр ду шу!»
11
Левихоша дагна хьаам бора массо а гулбеллачарна. Цара бохура: «ДӀате! Таханлера де Везачу Элана лерина шатайпа де ду. ГӀайгӀане ма хила».
12
Массо а халкъ шайн цӀеношка дӀадахара хӀума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чӀогӀа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела.
13
ШолгӀачу дийнахь доьзалийн дай а, динан дай а, левихой а Ӏелам стаг волу Ӏезар волчу бахара, цуьнца цхьаьна товрат-хьехамаш Ӏаморхьама.
14
Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хӀара карийра: шеран ворхӀалгӀачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Ӏан дезара.
15
Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гӀаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гӀой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гӀаш долуш долчу диттийн а, ӀиндагӀ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, кхалораш ян а еза».
16
Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тӀехь а, шайн уьйтӀахь а, Делан цӀийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира.
17
Массо а йийсарера юхабирзинарш, шайна кхалораш а йина, цу деношкахь цу кхалораш чохь Ӏийра. Нунин кӀант ЮшаӀ ваьхначу хенахь дуьйна хӀара денош тӀе кхаччалц исраилхоша и дезде иштта даздина дацара. Массо а стаг чӀогӀа сакъераделла вара.
18
Ӏезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тӀаьххьара де тӀекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшура царна. ВорхӀ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхӀалгӀачу дийнахь, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дӀахӀоьттинчу гуламе.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13