bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nehemiah 12
Nehemiah 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 13 →
1
ХӀорш бу йийсарера юхабирзина болу динан дай а, левихой а. Уьш Шалтаалан кӀантаца Зурбабелца а, ЮшаӀца а цхьаьна юхабирзина хилла. Церан цӀераш: Сари-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу, Ӏезар,
2
Амар-ЯхӀу, Малук, Хьатуш,
3
Шихан-ЯхӀу, Рахьим, Мармути,
4
Ӏиду, ГӀинтуй, Аби-ЯхӀу,
5
Мияман, МаӀад-ЯхӀу, Билга,
6
ШамӀа-ЯхӀу, ЯхӀу-Ярби, Яди-ЯхӀу,
7
Салуъ, Ӏамукъ, Хьалкхи-ЯхӀу, Яди-ЯхӀу. ЮшаӀ динан коьрта да волчу заманахь и нах динан дайн а, церан гергарнаш а баьччанаш бара.
8
Левихойх болу ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал, Шараб-ЯхӀу, ЯхӀуд, Матан-ЯхӀу. Далла баркалла олуш долчу назманашна тӀехь жоп луш хилла Матан-ЯхӀу а, цуьнан гергарнаш а.
9
Адамаша Далла гӀуллакх дечу хенахь, Бакхбукъ-ЯхӀус а, Ӏунис а, церан гергарчара а назма аларца дакъалоцура.
10
ЮшаӀ ЯхӀу-Якхаман да хилла, ЯхӀу-Якхам Элишубан да хилла. Элишуб ЯхӀу-ЯдаӀан да хилла.
11
ЯхӀу-ЯдаӀ ЯхӀунатин да хилла, ЯхӀуната ЯдуӀан да хилла.
12
ЯхӀу-Якхаман заманахь динан дайн доьзалан баьччанаш хӀорш хилла: Сари-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Мари-ЯхӀу хилла. Ярми-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Хьанан-ЯхӀу хилла.
13
Ӏезаран доьзалехь лакхарниг Машулим хилла. Амар-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг ЯхӀу-Хьана хилла.
14
Малухин доьзалехь лакхарниг ЯхӀуната хилла. Шихан-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Юсуп хилла.
15
Хьармин доьзалехь лакхарниг Ӏаднан хилла. Мармутин доьзалехь лакхарниг Хьелкхи хилла.
16
Ӏидун доьзалехь лакхарниг Закри-ЯхӀу хилла. ГӀинтунин доьзалехь лакхарниг Машулим хилла.
17
Аби-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Зикра хилла. МуӀад-ЯхӀун а, Мин-Яманан доьзалшкахь лакхарниг Пилти хилла.
18
Билгин доьзалехь лакхарниг ШамуӀ хилла. ШамӀа-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг ЯхӀуната хилла.
19
ЯхӀу-Ярбин доьзалехь лакхарниг Матинай хилла. Яди-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Ӏузи хилла.
20
Салин доьзалехь лакхарниг Къали хилла. Ӏамукъин доьзалехь лакхарниг Ӏебар хилла.
21
Хьалкхи-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Хьашби-ЯхӀу хилла. ЯдаӀ-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Натунаил хилла.
22
Элишубан а, ЯхӀу-ЯдаӀан а, Йохьанан а, ЯдуӀан а заманашкахь хилла болчу левихойн а, динан дайн а доьзалийн баьччанийн цӀераш парсихойн паччахь волчу Дари-Вашан паччахьалла лаьттинчу хенахь дӀаязйина ю.
23
Левин тӀаьхьенах болчу доьзалийн баьччанаш Элишубан кӀант волчу ЯхӀу-Хьанин заманна тӀекхаччалц дӀаязбина бу.
24
ХӀара цӀераш левихойн куьйгаллехь хиллачийн ю: Хьашби-ЯхӀу, Шараб-ЯхӀу, ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал. Церан гергарнаш царна дуьххьал дӀахӀуьттуш хилла, Далла хастамаш а беш, баркалла а олуш. Цхьа тоба вукху тобане йист хуьлуш хилла. И хӀума Делан стаг волчу Дауда дӀахӀоттийна хилла.
25
ГӀалин кевнехь долу чӀоьнаш лардеш бара Матан-ЯхӀу а, Бакхбукъ-ЯхӀу а, Ӏабди-ЯхӀу а, Машулим а, ТӀулман а, Ӏакхуби а.
26
Уьш берриш а гӀуллакх деш бара ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан кӀант ЯхӀу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхӀу а, динан даӀелам стаг Ӏезар а волчу хенахь а.
27
Ярушалайман пен къобалбечу хенахь массо а левихо уьш мел Ӏаш болчу гӀаланашкара Ярушалайме схьакхайкхинера. Левихой схьакхайкхинера, пен къобалбечу хенахь тайп-тайпана дечиг-пондарш а шинна а куьйгаца дуьхь-дуьхьал тухуш долу жима цӀестан негӀарш а тухуш, Далла лерина йолу назманаш ала а, Цунна хастамаш бан а.
28
Массо а илланчаш схьагулбеллера Ярушалаймана гонахарчу меттигашкара а, НатӀупат-гӀалина гонахарчу ярташкара а,
29
иштта Байт-Галгалара а, ГибаӀ-гӀалин а, Ӏазмаватан а аренашкара а. Цу заманахь илланчаша Ярушалаймана гонах ярташ йинера.
30
Динан дайша а, левихоша а Далла хьалха цӀанваларан Ӏадат кхочушдира. Иштта халкъана тӀехь а, гӀалин кевнашна тӀехь а, гӀалин пенна тӀехь а кхочушдира цара цӀена хуьлу Ӏадат.
31
ТӀаккха аса яхӀудхойн куьйгалхой пенна тӀе хьала а баьхна, уьш цигахь дӀахӀиттийра. Илланчийн йоккха ши тоба а схьакъастийра аса, цаьрга Далла хастамаш беш йолу назманаш алийта. Царах цхьа тоба пенна тӀехула аьтту агӀонгахула Кхеллин ков долчу дӀаяха езаш яра.
32
Царна тӀаьхьахӀоьттина ХӀушаӀ-ЯхӀу а вара, шеца цхьаьна ЯхӀудан халкъан баьччанийн ахтоба а йолуш.
33
Иштта царна тӀаьхьахӀиттина боьлхуш бара Ӏазар-ЯхӀу, Ӏезар, Машулим,
34
ЯхӀуд, Бен-Яман, ШамӀа-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу.
35
Цхьаболу динан дай а бара цигахь, шайн карахь турбанаш а йолуш. Иштта царна тӀаьхьахӀоьттина воьдуш ЯхӀунатин кӀант Закри-ЯхӀу а вара (ЯхӀуната ШамӀа-ЯхӀун кӀант хилла, ШамӀа-ЯхӀу Матан-ЯхӀун кӀант хилла, Матан-ЯхӀу Мика-ЯхӀун кӀант хилла, Мика-ЯхӀу Закхуран кӀант хилла, ткъа Закхур Асайпан кӀант хилла).
36
Цигахь Асайпан гергарнаш а бара: ШамӀа-ЯхӀу, Ӏазариал, Милали, Гилали, МаьӀи, Натунаил, ЯхӀуд, Хьанани. Церан карахь Делан стаг волчу Дауда лоькхучу тайпана гӀирсаш бара. Царна массарна а хьалхаваьлла воьдуш Ӏелам стаг волу Ӏезар а вара.
37
Уьш Шовданан ков долчу агӀор дӀабирзира. Даудан гӀалин ламеш тӀехула уьш пенан лакхенна тӀе хьалабевлира. Даудан цӀенна тӀехула а бевлла, уьш малхбалехьа, Хин ков долчу агӀор, дӀабахара.
38
Илланчийн шолгӀа тоба, аьрру агӀор а йирзина дӀаяхара. Уьш пенна тӀехула лелачу хенахь, со схьагулделлачу адамийн шолгӀачу тобанца царна тӀаьхьа воьдуш вара. Пешийн бӀаьвнах тӀех а девлла, тхо Шуьйрачу пенна тӀе кхаччалц дӀадахара.
39
Цул тӀаьхьа Эпрайман а, Ширачу кевнах а, иштта ЧӀерийн кевнах а тӀехбевлира уьш. Цигара Хьананиалан бӀаьвнах, Меа олучу бӀаьвнах а тӀехбевлира уьш. УьстагӀийн кевнна тӀе кхаччалц дӀа а бахана, ГӀаролан кевнна уллохь севцира уьш.
40
Цул тӀаьхьа илланчийн ши тоба Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн йолчу метте дӀахӀоьттира. Со а, хьаькамийн ахтоба а дӀахӀоьттира тхешан метте.
41
Шайн-шайн метте, карахь турбанаш а йолуш, дӀахӀиттира динан дай болу Элъякъим, МаӀсей-ЯхӀу, Мин-Яман, Мика-ЯхӀу, ЭлъюӀинай, Закри-ЯхӀу, Хьанан-ЯхӀу.
42
Иштта Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн метте дӀахӀиттира динан дай болу МаӀсей-ЯхӀу, ШамӀа-ЯхӀу, ЭлиӀазар, Ӏузи, ЯхӀу-Хьана, Малки-ЯхӀу, Ӏейлам, Эзар. Илланчийн шинна а тобано, чӀогӀа мохь а тухуш, назма элира. Эшарш локхучу тобанийн куьйгалхо Израхь-ЯхӀу вара.
43
Цу дийнахь дуккха а сагӀанаш дехира цара. Массо а стаг чӀогӀа самукъадаьлла вара, Дала шайна доккха хазахетар хилийтина дела. Зударий а, бераш а самукъадаьлла лелара. Ярушалаймера схьа геннахь хезаш дара самукъане аьзнаш.
44
Цу дийнахь билгалбехира чӀоьнаш карахь долу нах. ХӀора доьзало деш долу совгӀаташ — дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгӀа долу дакъа а — цу чӀоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГӀаланашна гонах долчу кхаш тӀера цара чӀоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хӀунда аьлча яхӀудхой чӀогӀа хазахетта бара цигахь гӀуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а.
45
Цу динан дайша а, левихоша а шайн Далла гӀуллакх а дора, нахана юкъахь Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочуш а дора. Илланчашца а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхошца а цхьаьна цара кхочушдора Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а дина весеташ.
46
ХӀунда аьлча дуккха а хьалха, Даудан а, Асайпан а хенахь дуьйна, баркалла олуш йолчу эшаршна тӀехь а, Далла хастам беш олуш йолчу назманашна тӀехь а куьйгалла дора илланчаша.
47
Зурбабелан а, Нахьми-ЯхӀун а заманахь массо а исраилхоша илланчашна а, кевнехь болчу гӀаролхошна а хӀора денна лерина долу рицкъа схьадахьара Делан цӀийнан керта. Халкъо левихошна дӀалора царна догӀуш долу дакъа, ткъа цунах АхӀаронан тӀаьхьенна догӀуш долу дакъа левихоша оцу тӀаьхьене дӀакхачадора.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13