bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nehemiah 11
Nehemiah 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 12 →
1
Исраилан халкъан баьччанаш Ярушалаймехь баха охьахевшира. Халкъах кхиболчара кхаж таса безаш бара, халкъах долу уьтталгӀа дакъа схьакъасторхьама. И схьакъастийнарш езачу гӀалахь Ярушалаймехь баха ховша безара. Ткъа тӀаьхьадисина долу къоман исс дакъа шайн-шайн гӀаланашкахь даха диса тарлора.
2
Халкъо хастам бира шайн лаамца Ярушалаймехь бисинчарна.
3
ХӀорш бу Ярушалаймехь баха хевшина болу мехкан куьйгалхой. (Дукхахболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш а, Сулим-паччахьан ялхойн тӀаьхьенах берш а ЯхӀуд-махкарчу кхечу ярташкахь Ӏаш бара. Уьш ярташкахь кхожаца шайна кхаьчначу латтанаш тӀехь Ӏаш бара.
4
Амма цхьаболу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанех болу нах Ярушалаймехь бехаш бара.) ЯхӀудан тайпанах болчеран цӀераш иштта яра: Ӏузи-ЯхӀун кӀант Ӏати-ЯхӀу (Ӏузи-ЯхӀу Закри-ЯхӀун кӀант хилла, Закри-ЯхӀу Амар-ЯхӀун кӀант хилла, Амар-ЯхӀу Шапат-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Шапат-ЯхӀу Парасан тӀаьхьенах волчу Махьаллалан кӀант хилла),
5
Барухан кӀант МаӀсей-ЯхӀу (Барух Кала-Хьозин кӀант хилла, Кала-Хьоза Хьази-ЯхӀун кӀант хилла, Хьази-ЯхӀу Ӏади-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Ӏади-ЯхӀу Закри-ЯхӀун кӀант волчу ЯхӀу-Ярбин кӀант хилла. Закри-ЯхӀу Шейлин тӀаьхьенах хилла).
6
Ярушалаймехь бехаш болу Парасан тӀаьхьенах болу нах виъ бӀе кхузткъе бархӀ стаг хилла. Уьш берриш а чӀогӀа доьналла долуш нах хилла.
7
Бен-Яманан тӀаьхьенах берш: Машулиман кӀант Салуъ (Машулим ЮӀадан кӀант хилла, ЮӀад Пади-ЯхӀун кӀант хилла, Пади-ЯхӀу Къули-ЯхӀун кӀант хилла, Къули-ЯхӀу МаӀсей-ЯхӀун кӀант хилла, МаӀсей-ЯхӀу Итиалан кӀант хилла, ткъа Итиал ЯшаӀ-ЯхӀун кӀант хилла),
8
цунна тӀаьхьа вогӀуш Габий, Салий шиъ хилла. Уьш Салуан гергара нах хилла. Уьш массо а исс бӀе ткъе бархӀ стаг хилла.
9
Зикрин кӀант Юал царна тӀехь хьаькам вара, ткъа ХӀасинуан кӀант ЯхӀуд цу гӀалахь шолгӀа волу хьаькам вара.
10
Ярушалаймехь баха охьахевшина болчу динан дайн цӀераш яра хӀорш: ЯхӀу-Ярбин кӀант ЯдаӀ-ЯхӀу, Якин,
11
Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Сари-ЯхӀу (Хьалкхи-ЯхӀу Машулиман кӀант хилла, Машулим ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Маръютин кӀант хилла, ткъа Маръюти Делан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Ахьтубин кӀант хилла);
12
иштта церан цӀийнан нах болу Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш волу бархӀ бӀе ткъе ши стаг а; Ярохьаман кӀант Ӏади-ЯхӀу а (Ярохьам Амцин кӀант волчу Палал-ЯхӀун кӀант хилла, Амци Закри-ЯхӀун кӀант хилла, Закри-ЯхӀу Пашихьуран кӀант хилла, Пашихьур Малки-ЯхӀун кӀант хилла);
13
кхин а ши бӀе шовзткъе шиъ стаг, Малки-ЯхӀун цӀийнах волу (и нах шайн доьзалийн баьччанаш хилла); Ӏазариалан кӀант Ӏамшаси (Ӏазариал Ахьзайн кӀант хилла, Ахьзай Амиран кӀант волчу Машли-МутӀин кӀант хилла);
14
кхин а цхьа бӀе ткъе бархӀ Амиран цӀийнах волу стаг а хилла. Уьш чӀогӀа доьналла долуш болу нах бара. Царна тӀехь хьаькам Гадуламан кӀант Забдиал хилла.
15
ХӀара цӀераш Ярушалаймехь баха хиъна болчу левихойн ю: Хьашубин кӀант ШамӀа-ЯхӀу (Хьашуби Ӏазрикхаман кӀант хилла, ткъа Ӏазрикхам Бунин кӀентан Хьашби-ЯхӀун кӀант хилла);
16
левихойн баьччанаш болу Шабитай а, Юзабди а Делан цӀийнан арахьара беш болчу балхана тӀехӀиттийна хилла;
17
Микин кӀант Матан-ЯхӀу (Мика Завадин кӀант хилла, ткъа Завади Асайпан кӀант хилла). Баркаллин доӀа дечу нахана тӀехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхӀу; Бакхбукъ-ЯхӀу (иза илланчийн шолгӀачу тобанна тӀехь хьаькам хилла); ШамуӀан кӀант Ӏабда (ШамуӀ Ядутунан кӀентан Галалин кӀант хилла);
18
Езачу Ярушалайм-гӀалахь волу массо а левихо ши бӀе везткъе виъ стаг хилла.
19
ХӀорш Ярушалаймехь баха хевшина болчу кевнашкарчу гӀаролхойн цӀераш ю: Ӏакхуби а, ТӀулман а, иштта цхьа бӀе кхузткъе шийтта церан цӀийнах волу стаг а. Уьш гӀалин кевнаш лардеш бара.
20
Кхиболу исраилхой а, динан дай а, левихой а бара ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь бехаш. Уьш шайн доьзалийн латтанаш тӀехь бехаш бара.
21
Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш Ярушалайман цхьа дакъа долчу Ӏупалахь бехаш хилла. Царна тӀехь хьаькамалла лелош Цихьа а, ГӀишпа а хилла.
22
Ярушалаймехь левихошна тӀехь куьйгалла деш Ӏузи хилла (Ӏузи Банин кӀант хилла, Бани Хьашби-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Хьашби-ЯхӀу Микин кӀант волчу Матан-ЯхӀун кӀант хилла). Иза Асайпан тӀаьхьенах хилла, ткъа уьш Делан цӀа долчохь назманаш олуш берш хилла.
23
Царах лаьцна паччахьо леррина арадаьккхина тӀедиллар хилла, цу тӀехь илланчийн декхарш билгалдаьхна а хилла.
24
Исраилхойх лаьцна паччахьна хаам беш верг Патахь-ЯхӀу вара. Иза ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Зерахьан кӀентан Маши-Забиалан кӀант вара.
25
ЯхӀудхойх цхьаберш хӀокху жимачу гӀаланашкахь Ӏаш бара, шайн кхашна уллохь: Кхиръят-АрбаӀахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а; Дибонахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а; иштта Якхабцаалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
26
ЮшаӀахь а, Мулада-гӀалахь а, Байт-Палтехь а;
27
Хьацар-ШуӀалахь а, Беар-ШабаӀехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
28
ЦакхелагӀахь а, Махунехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
29
Ӏейн-Риманахь а, ЦорӀа-гӀалахь а, Ярмут-гӀалахь а;
30
Занухь-гӀалахь а, Ӏадуламахь а, иштта царна гонах йолчу ярташкахь а; Лахиш-гӀалахь а, цунна уллохь йолчу аренашкахь а; Ӏазекхи-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а. ЯхӀудан къам Беар-ШабаӀера дуьйна ХӀинам-тогӀина тӀе кхаччалц даха охьахиънера.
31
Бен-яманхой хӀокху гӀаланашкахь баха охьахевшинера: ГибаӀ-гӀалахь а, Михмасехь а, Ӏайи-гӀалахь а, Бетал-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а,
32
Ӏанатот-гӀалахь а, Нуб-гӀалахь а, Ӏанан-ЯхӀугахь а,
33
Хьацор-гӀалахь а, Рамехь а, ГӀитаймехь а,
34
Хьадид-гӀалахь а, ЦебаӀим-гӀалахь а, Набалти-гӀалахь а,
35
Лодди-юртахь а, Овну-гӀалахь а, иштта Пхьерийн тогӀи чохь а.
36
ЯхӀуд-махкара цхьайолу левихойн тобанашкара нах Бен-Яман-махкахь баха хевшира.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13