bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Nehemiah 7
Nehemiah 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 8 →
1
ГӀалин пен бина а баьлла, ас кевнийн неӀарш дӀахӀиттийна евлча, гӀалин кевнашкара гӀаролхой а, илланчаш а, левихой а шайн-шайн гӀуллакхашна къобалбира.
2
Сайн ваша Хьанани а, гӀопан хьаькам волу Хьанан-ЯхӀу а ас къобалвира Ярушалаймана тӀехь урхалла дан. Хьанан-ЯхӀу ас хаьржинера, хӀунда аьлча иза тешаме а, Деле дукхахболчарал сов ларамах вуьзна а волу дела.
3
Цул тӀаьхьа цу шинга аса элира: «ГӀалин кевнаш шаьш схьаделлале, малх къеггина схьакхетталц собардан деза аша. Ткъа кевнаш дӀачӀагӀдан а, царна тӀе ханнаш дӀахӀитто а деза, гӀарол дина бовлале. ГӀарол дан Ярушалайман бахархой харжа. Цхьаберш шайн метте дӀахӀиттабе, ткъа вуьш шайн-шайн цӀеношна дуьххьал дӀахӀиттабе».
4
ГӀала йоккха а, шена чохь шортта меттиг йолуш а яра, ткъа адам цигахь кӀезиг дара, дуккха а цӀенош хӀинца а дина дацара.
5
Дала сан даг чохь ойла кхоьллира, лоруш болу нах а, хьаькамаш а, кхидолу массо а халкъ схьа а гулдина, уьш массо а дӀаязбан беза аьлла, хӀунда аьлча суна схьакарийнера дуьххьара юхабирзинарш дӀаязбина долу тептарш. Царна тӀехь дӀаяздина дара:
6
«ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца уьш Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора шен-шен гӀала юхабирзина.
7
Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, РаӀам-ЯхӀу, Нахьмани, Мардахай, Билшан, Миспарти, БигӀвай, Нехьум, БаӀна. ХӀорш ю юхабирзинчу исраилхойн цӀераш:
8
ПарӀушан тӀаьхьенах берш — ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172);
9
Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш — кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372);
10
Арахьин тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг (652);
11
Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчу ЮшаӀан а, Йоабан а доьзалшкара — ши эзар бархӀ бӀе берхӀитта стаг (2818);
12
Ӏейламан тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);
13
Затун тӀаьхьенах берш — бархӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг (845);
14
Закайн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе кхузткъа стаг (760);
15
Бинуйн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе бархӀ стаг (648);
16
Бебайн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе ткъе бархӀ стаг (628);
17
ӀазгӀадин тӀаьхьенах берш — ши эзар кхо бӀе ткъе шиъ стаг (2322);
18
Адуникхаман тӀаьхьенах берш — ялх бӀе кхузткъе ворхӀ стаг (667);
19
БигӀвайн тӀаьхьенах берш — ши эзар кхузткъе ворхӀ стаг (2067);
20
Ӏадин тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе пхийтта стаг (655);
21
Атарин тӀаьхьенах волчу Хьузакх-ЯхӀун доьзалера — везткъе берхӀитта стаг (98);
22
Хьашуман тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъе бархӀ стаг (328);
23
Бецайн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъе виъ стаг (324);
24
Хьарипан тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шийтта стаг (112);
25
ГавӀонан тӀаьхьенах берш — везткъе пхийтта стаг (95).
26
Байтлахам-гӀалара а, НатӀупат-гӀалара а болчу бахархойх — цхьа бӀе везткъе бархӀ стаг (188);
27
Ӏанатот-гӀаларчу бахархойх — цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128);
28
Байт-Ӏазмавтара — шовзткъе шиъ стаг (42);
29
Кхиръят-ЯӀаримера а, Капира-гӀалара а, Баировт-гӀалара а болу бахархой — ворхӀ бӀе шовзткъе кхоъ стаг вара (743);
30
Рама-гӀалара а, ГибаӀ-гӀалара а болчу бахархойх — ялх бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (621);
31
Михмасерчу бахархойх — цхьа бӀе ткъе шиъ стаг вара (122);
32
Бетал-гӀалара а, ГӀай-гӀалара а болчу бахархойх — цхьа бӀе ткъе кхоъ стаг вара (123);
33
Набу-гӀаларчу бахархойх — шовзткъе шийтта стаг вара (52);
34
Ӏейламан тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг вара (1254);
35
Хьармин тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъа стаг вара (320);
36
Ерихонан бахархойх — кхо бӀе шовзткъе пхиъ стаг вара (345);
37
Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гӀалара а болу бахархой — ворхӀ бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (721);
38
Саниара болу бахархой — кхо эзар исс бӀе ткъе итт стаг вара (3930);
39
Динан дай: ЮшаӀан цӀийнах волчу Яди-ЯхӀун тӀаьхьенах болу нах — исс бӀе кхузткъе кхойтта стаг вара (973);
40
Амиран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг вара (1052);
41
Пашихьуран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе ворхӀ стаг вара (1247);
42
Хьармин тӀаьхьенах берш — цхьа эзар вуьрхӀитта стаг вара (1017);
43
Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаӀан а, Кхадмиалан а, ХӀудавин а доьзалшкара — кхузткъе вейтта стаг вара (74);
44
Илланчаш: Асайпан тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шовзткъе бархӀ стаг вара (148);
45
Делан цӀийнан кевнехь гӀаролхойн тӀаьхьенах берш: Шалуман а, Атарин а, ТӀулманан а, Ӏакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе берхӀитта стаг (138);
46
Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн тӀаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуӀатин а,
47
Кхейрусан а, СиӀин а, Падунан а,
48
Либанин а, ХьагӀабин а, Шалмайн а,
49
Хьананан а, Гидалан а, Гахьарин а,
50
Раи-ЯхӀун а, Рицанан а, Накхудин а,
51
Газамин а, Ӏузин а, Писухьан а,
52
Бесайн а, МуӀаниман а, Напу-Шасиман а,
53
Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а,
54
Бацултин а, Махьдин а, Хьарашин а,
55
Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а,
56
Нацухьан а, Хьатапин а тӀаьхьенех берш.
57
Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тӀаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а,
58
ЯӀлин а, Даркхунин а, Гидалан а,
59
Шапат-ЯхӀун а, Хьатилан а, Пукрати-ХӀацубайман а, Аминан а тӀаьхьенах берш.
60
Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тӀаьхьенах берш а шаберш кхо бӀе везткъе шийтта (392) стаг вара.
61
Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гӀалара а, Адан-гӀалара а, Амир-гӀалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо:
62
Дали-ЯхӀун а, ТӀуби-ЯхӀун а, Накхудин а тӀаьхьенех берш — ялх бӀе шовзткъе шиъ стаг вара (642).
63
Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхӀун, Къоцин а, Барзалайн а тӀаьхьенех берш. (И тӀаьхьарниг Барзалай цӀе тиллина вара, хӀунда аьлча ГалӀадарчу Барзалайн йоӀ ялийнера цо, ткъа цул тӀаьхьа цо и цӀе шениг санна лорура).
64
И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира.
65
ЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц.
66
Йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь верриг а шовзткъе шиъ эзар кхо бӀе кхузткъа стаг вара,
67
царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхӀ эзар кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта лай а, гӀарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бӀе шовзткъе пхиъ илланча а вара.
68
Цаьргахь ворхӀ бӀе ткъе ялхитта говр а, ши бӀе шовзткъе пхиъ говр-бӀарза а,
69
йиъ бӀе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхӀ бӀе ткъа вир а яра.
70
Цхьаболчу доьзалийн дайша цу балхана лерина совгӀаташ делира. ЯхӀудан мехкадас хазни чу цхьа эзар дешин дарик-ахча а, шовзткъе итт беза кад а, пхи бӀе ткъе итт динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира.
71
Кхиболчу доьзалийн дайша хазни чу балхана лерина ткъа эзар дарик-ахчанан барамехь долу деши а, ши эзар ши бӀе мин дети а делира.
72
Бисинчара кхин а ткъа эзар дарик-ахча а, ши эзар мин дети а, кхузткъе ворхӀ динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира.
73
Иштта динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кевнехь болу гӀаролхой а, илланчаш а, халкъана юкъара цхьаберш а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а — Исраилан массо а халкъ — шайн-шайн гӀаланашкахь баха хевшира».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13