bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Kings 13
1 Kings 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 14 →
1
ЯрбаӀам-паччахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккха воллучу хенахь, Везачу Элан омрица ЯхӀуд-махкара цхьа Делан стаг Бетал-гӀала веара.
2
Везачу Элан омрица оцу стага сагӀа доккхучу кхерче элира: «Ва сагӀа доккху кхерч! Везачу Эло хӀара боху: „Даудан цӀийнах кӀант вер ву, Юши-ЯхӀу цӀе йолу. СагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх а деш, цигахь сагӀанаш доху динан дай, байа а байина, хьуна тӀехь сагӀина бахьар бу цо, хьуна тӀехь адамийн даьӀахкаш ягор ю“».
3
Оццу дийнахь Делан стага цхьа билгало елира, иштта дешнаш а аьлла: «И дешнаш Везачу Элера хиларан билгалонна хӀара хир ду: и лаьтташ болчу сагӀа доккхучу кхерчах, эккха а иккхина, ши дакъа хир ду, цунна тӀера чим дӀаса а баьржар бу».
4
Делан стага Бетал-гӀалахь сагӀа доккхучу кхерчехьа а вирзина аьлла дешнаш шена хезча, ЯрбаӀама, шен куьг дӀа а кховдош, элира: «Схьалаца иза!» ТӀаккха Делан стагехьа дӀакховдийна долу цуьнан куьг заьӀап хилира. ЯрбаӀаме шен куьг меттах а ца даккхалора.
5
СагӀа доккху кхерч шина декъе бекъабелира, цунна тӀера чим дӀаса а баьржира. Иза хилира Делан стага йинчу билгалонца, Везачу Эло цунна омра ма-дарра.
6
ЯрбаӀам-паччахьо Делан стаге элира: «Хьайн Везачу Деле суна тӀера доӀа а дай, дехахьа сан куьг тодар». Делан стага Везачу Эле дийхира. Паччахьан куьг, ша хьалха ма-хиллара, тоделла дӀахӀоьттира.
7
Паччахьо Делан стаге элира: «Ахьа, соьца цӀа чу а волий, яа хӀума яа. Аса хьуна совгӀат дийр ду».
8
Амма Делан стага паччахье элира: «Ахьа хьайн бахамах ахдакъа суна делча а, вогӀур вац со хьоьца. Аса бепиг а дуур дац, хи а мер дац хӀокху меттехь,
9
хӀунда аьлча Везачу Эло тӀедиллина суна: „Бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь эццахь, хьо дӀаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“, — аьлла».
10
Бетал-гӀала ша схьавеанчу новкъахула а ца воьдуш, кхечу новкъахула юхавирзира иза.
11
Бетал-гӀалахь вехаш вара пайхамар волу цхьа къано. Оцу пайхамаран кӀенташа, бахка а баьхкина, Делан стага цу дийнахь динарг дерриг а дӀадийцира цуьнга. Иштта Делан стага паччахьна мел аьлларг дӀадийцира пайхамаран кӀенташа.
12
Дас хаьттира цаьрга: «Муьлхачу новкъахула дӀавахара иза?» КӀенташа шайн дена гайтира муьлхачу новкъахула дӀавахара ЯхӀуд-махкара веана волу Делан стаг.
13
Пайхамаро шен кӀенташка элира: «Суна вир дӀайожа». Вир дӀаюьйжира, иза цунна тӀехиира.
14
Пайхамар Делан стагана тӀаьхьавахара. Иза ножан диттана кӀел хиъна Ӏаш а карийна, пайхамаро цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и ЯхӀуд-махкара веана хилла волу Делан стаг?» Вукхо элира: «Со ву».
15
Пайхамаро элира: «Сан цӀа чу а волий, бепиг даа хьайна».
16
Вукхо жоп делира: «Юха а вирзина, хьан цӀа вогӀийла дац сан. Дуур дац аса хьо волчохь бепиг а, мер дац аса кхузахь хи а,
17
хӀунда аьлча Везачу Элан дош ду соьга: „Эццахь бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь, хьо дӀаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“», — аьлла.
18
Пайхамаро элира: «Со а ву хьо санна пайхамар. Везачу Элан омрица цхьана малико соьга аьлла: „Хьайн цӀа юхаверзаве иза. Цуьнга бепиг а даийта, хи а малийта“». Амма пайхамаро аьлларг харцдерг дара.
19
Цо шега и аьлча, Делан стага, юха а вирзина, пайхамаран цӀахь бепиг а диира, хи а мелира.
20
Уьш яа хӀума юуш бохкуш, и стаг юхаверзийначу пайхамаре Везачу Элан дош кхечира.
21
ЯхӀуд-махкара веанчу Делан стаге пайхамаро элира: «Везачу Эло хӀара боху: „Ахьа Везачу Эло аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьан Везачу Дала бохург а ца деш,
22
юха а вирзина, Дала хьайга ‘бепиг ма даалахь, хи ма малалахь’ аьллачу оцу меттехь ахьа бепиг а даарна, хи а маларна, хьан дакъа дайн къубба чу дуьллур дац“».
23
Делан стаг бепиг диъна а, хи мелла а ваьлча, пайхамаро вир дӀаюьйжира цунна.
24
И стаг дӀаволавелира. Иза новкъахула воьдуш, дуьхьал лом кхийтира цунна. Лоьмо и стаг цистира. Новкъахь Ӏуьллучу цуьнан докъана уллохь лом а, вир а лаьттара.
25
Уллохула чекхдовлучу адамашна новкъахь дӀатесна Ӏуьллу дакъа а, цунна юххехь лаьтта лом а гира. Пайхамар волу и къано вехаш волчу гӀала а бахана, оцу наха и дерриг а дӀадийцира.
26
И дерриг а шена дӀахезча, стаг юхаверзийначу пайхамаро элира: «Везачу Элан дашна дуьхьало йина волу Делан стаг ву иза. Везачу Эло лоьман кара дӀавелира иза. Везачу Эло цуьнга аьлла ма-хиллара, лоьмо, цеста а цестина, иза вийра».
27
Пайхамаро шен кӀенташка элира: «ДӀайожал суна вир». КӀенташа вир дӀаюьйжира.
28
Пайхамар новкъавелира. Новкъахь дӀатесна Ӏуьллу Делан стеган дакъа гира цунна. Ткъа цунна уллохь лаьтташ виррий, ломмий дара. Лоьмо дакъа а ца диънера, вир а ца цистинера.
29
Пайхамаро, Делан стеган дакъа схьа а эцна, иза вир тӀе а диллина, юхадеара. Пайхамар волу и къано шен гӀала юхавирзира, цуьнан дакъа дӀа а дуллуш, белхар хӀотторхьама.
30
Пайхамаро и дакъа шен къубба чу диллича, иза а, цуьнан кӀентий а Делан стагана боьлхура: «Маржа-яӀ, сан ваша!» — бохуш.
31
И стаг дӀавоьллинчул тӀаьхьа цо шен кӀенташка элира: «Со велча, и Делан стаг дӀавоьллинчу къубба чохь дӀаволла со а. Цуьнан даьӀахкашна улло сан даьӀахкаш а яхка.
32
ХӀунда аьлча билггал кхочуш хир ду оцу стага, шена Везачу Эло тӀе-ма-диллара, Бетал-гӀаларчу сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал а, Шамран-махкарчу гӀаланашкахь болчу гунашкахь лаьттачу харцделанийн цӀеношна дуьхьал а аьлларг».
33
И хӀума хиллачул тӀаьхьа а шен харцнекъаш тӀера дӀа ца велира ЯрбаӀам. Массо а халкъана юкъара схьа а оьций, сагӀа доккхучу гунийн динан дай дӀахӀиттабора цо. Шена дӀахӀитто мел лиънарш ЯрбаӀама къобалбора сагӀа доккхучу гунашна тӀехь динан дайша санна гӀуллакхдарна.
34
Оцу гӀуллакхо ЯрбаӀаман цӀентӀехь мел волчуьнга къинош летадойтура, ткъа и бахьана долуш тӀаьхьо цуьнан тӀаьхьенна бохам хилира, иза лаьтта тӀера дӀа а йоккхуш.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22