bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Kings 4
1 Kings 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 5 →
1
Цу тайпана, берриг а Исраил-махкана тӀехь паччахь хилира Сулимах.
2
Сулим-паччахьан го иштта бара: динан да волчу ЦӀадукъин кӀант Ӏазар-ЯхӀу;
3
Шайшаан кӀентий Элихьорап а, АхьъяхӀу а — уьш бара кехаташ яздархой; Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти, пачхьалкхан гӀуллакхех лаьцна яздархо;
4
ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу, эскаран хьаькам волу; динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а;
5
Натин кӀант Ӏазар-ЯхӀу — иза мехкадайн куьйгалхо вара; Натин кӀант Зубади — иза динан да а, паччахьан юххера хьехамча а вара;
6
Ахьишар — иза паччахьан цӀентӀехь хьаькам вара; Ӏабдин кӀант Адунурам, беза белхаш бойтучу нахана тӀехь куьйгалхо волу.
7
Берриг а Исраил-махкана тӀехь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийна шийтта мехкада вара. Цара сурсаташ дӀакхачадора паччахьна а, цуьнан цӀенна а. Царах хӀораммо а шеран цхьана баттана догӀу сурсаташ латто дезара.
8
Церан цӀераш иштта яра: лаьмнашкахь болчу Эпрайм-махкахь мехкада волу Бен-Хьур.
9
Бен-Декъар вара Макхац, ШаӀалбан, Байт-Шамаш, Эйлон, Байт-Хьанан цӀераш йолу гӀаланаш юкъайогӀучу мехкан мехкада.
10
Бен-Хьесад вара Арубат олучу а, Соха а гӀаланийн а, Хьепар олучу берриг а мехкан мехкада.
11
Бен-Абунадиб вара берриг Напат-Дор олучу мехкан мехкада. Ткъа Сулим-паччахьан йоӀ ТӀапат цуьнан зуда яра.
12
Ахьлудан кӀант БаӀана вара ТаӀнак а, МагӀидда а олучу гӀаланийн а, берриг Байт-Шеан цӀе йолчу мехкан а (иза бара ИзраӀал-гӀалина лахахь йолчу ЦӀартан-гӀалина юххехь), Байт-Шеан-махкара дуьйна болалуш Абел-Мехьал а, ЯкхмаӀам а олучу гӀаланашна тӀекхаччалц болчу мехкийн да.
13
Бен-ГӀебар вара ГалӀадан Рамат-гӀалин гонах болчу мехкийн мехкада. Оцу мехкашна юкъайогӀура ГалӀад-махкахь йолу Маннашан кӀентан Яиран ярташ. Иштта АргӀаб цӀе йолу Башан-махкахь йолу меттиг а, цӀестан гӀораш долуш, лекха керташ йолу кхузткъа йоккха гӀала а яра цу юкъайогӀуш.
14
Ӏиддин кӀант Ахьинадаб Махьанайм цӀе йолчу мехкан да вара.
15
Наптал-махкахь мехкада вара АхьимаӀац. Цо Сулим-паччахьан йоӀ Басамат йигнера шена.
16
Хьушайн кӀант БаӀана вара Ашар-мехкан а, БеӀалт-юьртан а мехкада.
17
Иссархан-мехкан да вара Парухьан кӀант ЯхӀушапти.
18
Элан кӀант ШамаӀи Бен-Яман-мехкан мехкада вара.
19
Эмархойн паччахьан Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а хиллачу ГалӀад-мехкан мехкада вара Урин кӀант ГӀебар. ЯхӀуд-махка тӀехь а цхьа мехкада хӀоттийнера.
20
ЯхӀуд-махкахь а, Исраил-махкахь а, хӀордан йистера гӀум санна, алсамдаьлла дебнера халкъ. И адамаш юуш, молуш, самукъадолуш дара.
21
Эпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дӀакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гӀуллакх а дора цунна.
22
Сулим-паччахьна а, паччахьан цӀентӀехь цунна гӀуллакх деш болчарна а, хӀора дийнахь юучунна оьшуш йолу хӀума иштта яра: бӀе шовзткъе итт гали кӀен дама а, кхо бӀе гали кхин тайпана долу дама а,
23
итт бустийна сту а, жа тӀера цхьа бӀе уьстагӀ а. Уьш доцург кхин а сеш, масарш, лунаш, дустийна зӀакардаьхни а дара.
24
Сулим-паччахьан олаллехь дара Эпрат-хина малхбузехьара агӀор болчу Тапсахь-гӀалара дуьйна Ӏази-гӀала кхаччалц долу мехкаш. Оцу Эпрат-хина сехьа агӀор долчу мехкашкара паччахьашна а тӀехь олалла деш вара Сулим-паччахь. Гонах долчу кхечу дерриг а мехкашца а машарехь Ӏаш вара Сулим-паччахь.
25
Иштта, ЯхӀуд-мехкан а, Исраил-мехкан а адамаш Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀ-гӀала кхаччалц хӀора а шайн-шайн кемсийн а, инжир-диттийн а ӀиндагӀашкахь тийна-маьрша Ӏаш бара, Сулим-паччахь дийна мел ву.
26
Йиъ эзар гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан.
27
Цуьнан шийтта мехкадас шеран шийтта беттан хӀора баттахь цхьаццаммо Сулим-паччахьна а, цуьнца цхьаьна шуьне охьаховшуш болчарна а оьшшург латтадора. Иштта, цара цхьа а хӀума ца оьшуьйтура цунна.
28
Говрашна а, кхин долу мохь тӀе буьллу дийнаташна а оьшуш йолу йол а, мукх а хӀораммо шайн-шайн рогӀехь тӀебахьара паччахьна ян езачу меттиге.
29
ХӀордан йистера гӀум йолччул боккха кхетам а, шортта хьекъалалла а деллера Дала Сулим-паччахьна.
30
Малхбалехьарчу дерриг а халкъийн а, берриг а Мисар-мехкан халкъан а хьекъалал а сов дара Сулим-паччахьан хьекъалалла.
31
Иза массо адамал а хьекъалдолуш вара. Сулим-паччахьан хьекъалалла Ӏезарахьахо волчу Этанан а, Махьалан кӀентий болчу ХӀайманан а, Калкалан а, ДардаӀан а хьекъалаллел а сов дара. Сулим-паччахьан цӀеран сийлалла хьалаяьллера гонах долчу дерриг а халкъашна юкъахь.
32
Сулим-паччахьо кхо эзар кица а, цхьа эзар пхи илли а аьллера.
33
Цо дуьйцура диттех лаьцна хаза хӀуманаш, Ливанун-махкахь долуш долчу баганан диттах лаьцна дӀаволавелла, поппарца боьттинчу пенах схьаюьйлучу бецех лаьцна а олуш. Сулим-паччахьо дуьйцура дийнатех а, олхазарех а, текхаргех а, чӀерех а лаьцна долу хӀуманаш.
34
Сулим-паччахьан хьекъалаллех лаьцна хезначу дуьнен чуьра массо а паччахьаша хьажийна болу, массо а къаьмнех болу нах оьхура Сулим-паччахье ладогӀа.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22