bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Kings 20
1 Kings 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 21 →
1
Арам-махкарчу паччахьо Бен-Хьадида шен дерриг эскар схьагулдира. Цуьнца цхьаьна шайн говрашца а, гӀудалкхашца а ткъе шийтта паччахь а волуш, Бен-Хьадид-паччахь, Шамран-гӀалина тӀе а вахана, цунна го а бина, гӀалина тӀелетира.
2
Цо исраилхойн паччахь волчу Ахьабана тӀе, гӀала, шен геланчаш хаам бан бахийтира:
3
«Бен-Хьадида иштта боху: „Хьан дети, деши — сан ду, хьан зударий, хьан тоьлла болу кӀентий — сан бу“».
4
Исраилхойн паччахьо цунна жоп делира: «Ахьа ма-бохху хуьлийла иза, сан олахо волу паччахь. Со а, сан мел дерг а — хьан ду».
5
Юха а баьхкира геланчаш. Цара элира: «Бен-Хьадида иштта боху: „Аса хьо волчу геланчаш хьажийра, хьоьга дӀаала аьлла: ‘Хьайн дети а, деши а, хьайн зударий а, кӀентий а суна схьало’.
6
Делахь а, аса кхана, хӀоккху хенахь, сайн ялхой хьажор бу хьуна тӀе. Цара хьан цӀахь а, хьуна гӀуллакх деш болчеран цӀахь а, хӀун ю а хьаьжна, хьуна еза мел хетарг схьа а эцна, суна схьаяхьар ю“».
7
Исраилхойн паччахьо шен махкахь мел волу къано схьагулвира. Цо цаьрга элира: «Тидам а беш, хьовсалаш, и стаг вайна зулам даккха воллуш ву. Бен-Хьадида ша сан зударий а, кӀентий а, сан дети а, деши а шен ду аьлча, аса цунна дуьхьало ца йира».
8
ТӀаккха массо а къаноша, массо а халкъо цуьнга элира: «Цо бохучуьнга ла а ма догӀа, къар а ма ло».
9
Ахьаб-паччахьо Бен-Хьадидан геланчашка элира: «Аша сан олахо волчу паччахье иштта дӀаала: „Ахьа де аьлла дуьххьара суна тӀедиллинарг хьан лай волу со кхочушдан кийча ву, ткъа ахьа хӀинца бохург дан сан йиш яц“». Геланчаша, дӀа а бахана, шайга аьлларг дӀахаийтира.
10
Бен-Хьадида юха а шен геланчаш бахийтира Ахьаб-паччахьна тӀе. Цара дӀаэлира цо бохург: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь санна, Шамран-гӀала дӀа а яьккхина, цунах йинчу ченах сан эскархошна цхьацца кан кхачийтахь».
11
Исраилхойн паччахьо, цунна жоп а луш, элира: «Аша хӀара ала: „ГӀагӀ дӀадостуш волчо деш доллу дозалла ма дойла гӀагӀ дӀадоьхкуш волчо“».
12
Четарш чохь кхечу паччахьашца цхьаьна чагӀар молуш Ӏаш волчу Бен-Хьадида, и дешнаш шена дӀахезча, шен эскархошка омра дира, оцу гӀалина тӀелата кечам бе аьлла. Цара Шамран-гӀалина тӀелата кечам бира.
13
Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тӀе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дӀалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дӀахаийтархьама“».
14
Ахьаб-паччахьо хаьттира: «Хьаьнгахула?» Пайхамаро жоп делира: «Иштта боху Везачу Эло: „Мехкадайн эскархошкахула“». ТӀаккха Ахьаба хаьттира: «ТӀом хьан дӀаболор бу?» «Ахь болор бу», — элира цуьнга.
15
Ахьаб-паччахьо мехкадайн эскархой схьакхайкхира, ткъа уьш ши бӀе ткъе шийтта хилира. Цул тӀаьхьа дерриг а эскар шена тӀекхайкхира цо, ткъа исраилхойн эскархо ворхӀ эзар вара.
16
Делкъахенахь уьш тӀамца арабевлира. Ткъа четарш чохь сакъоьруш Ӏаш волу Бен-Хьадид шена гӀо деш волчу ткъе шийтта паччахьца цхьаьна, мала а мелла, вехнера.
17
Уггаре а хьалха арамхошна тӀегӀоьртира мехкадайн эскархой. Паччахьан наха Шамран-гӀалара халкъ арадаьлла хилар дӀахаийтира Бен-Хьадиде.
18
ТӀаккха Бен-Хьадида омра дира: «И нах дийна боллуш схьалеца — маьршачу ойланца я тӀамца уьш арабевлла белахь а», — аьлла.
19
Хьалха Шамран-гӀалара мехкадайн эскархой арабевллера, ткъа царна тӀаьххье эскар а араделира.
20
Царах хӀораммо а шена дуьхьалваьлла мостагӀа хӀаллаквора. ТӀаккха арамхой дӀабевдира, ткъа исраилхой царна тӀаьхьабевлира. Арам-мехкан паччахь волу Бен-Хьадид шен берешца цхьаьна дин тӀехь кӀелхьарвелира.
21
Иштта тӀегӀоьртира исраилхойн паччахь. Цо, говраш а, гӀудалкхаш а хӀаллак а еш, боккха толам баьккхира арамхошна тӀехь.
22
Исраилхойн паччахьна тӀе а вахана, пайхамаро цуьнга элира: «ДӀа а гӀой, чӀагӀо а е, хӀинца чул тӀаьхьа айхьа дан дезачун ойла а е, хӀунда аьлча Арам-мехкан паччахь юха а дуьхьалвер ву хьуна».
23
Бен-Хьадиде цуьнан ялхоша элира: «Исраилхойн деланаш лаьмнашца йолчу меттиган деланаш бу, цундела баьккхина цара и толам. Нагахь тӀом шерачу меттехь бахь, вай тоьлур ду.
24
Ахьа хӀара дан деза: массо а паччахьаш шайн меттигашкара дӀа а бахий, церан метта мехкадай хӀиттабе.
25
ХӀаллакьхиллачу барамехь хьайн эскар юхаметтахӀоттаде. Иштта меттахӀиттае шайн хьалха хиллачу барамехь говраш а, гӀудалкхаш а. ТӀаккха вай шерачу арахь тӀом бийр бу цаьрца, билггал толам а боккхур бу царна тӀехь». Бен-Хьадида, цара бохучуьнга ла а доьгӀна, церан хьехам кхочушбира.
26
ТӀедеанчу шеран бӀаьсте тӀееача, Бен-Хьадида, арамхой а гулбина, уьш Апакх-гӀала бигира, цигахь исраилхошца тӀом бархьама.
27
Исраилхойн эскар, схьа а гулдина, цунна сурсаташ дӀаделира, иза арамхошна дуьхьал дахара. Исраилхоша царна дуьххьал шайн меттамотт дӀахӀоттийра. Уьш гезарийн жима ши жа санна хетара. Ткъа арамхоша шайх латта дуьзира.
28
Делан стага, Исраилхойн паччахьна тӀе а вахана, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Веза Эла волу Со — лаьмнийн Дела ву, ткъа шерачу меттигийн Дела вац арамхоша бахарна, Аса церан эскаран и йоккха арданг хьан кара дӀалур ю. ТӀаккха хуур ду шуна Со — Веза Эла вуйла“».
29
Меттамотт а хӀоттийна, ворхӀ дийнахь вовшашна дуьхь-дуьхьал Ӏийра уьш. ВорхӀалгӀачу дийнахь тӀом дӀаболабелира. Исраилхоша арамхойн цхьа бӀе эзар гӀашло эшийра цхьана дийнахь.
30
Арамхойн гӀашлойх бисинарш Апакх-гӀала йолчу дӀабевдира. Цигахь тӀамах кӀелхьарваьллачу ткъе ворхӀ эзар стагана гӀалин пен тӀекхийтира. Бен-Хьадид а гӀала дӀаведдера. Иза цӀийнан чухула йолчу цхьана чоьнна чохь лечкъаш вара.
31
Ялхоша Бен-Хьадиде элира: «Исраилан цӀийнах болу паччахьаш къинхетаме бу олуш хезнера тхуна. Пурба лохьа тхуна, сингаттаман духаршца тхешан догӀмаш а хьулдина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тӀедаха. Хьо дийна вуьтур вацара те цо?»
32
ТӀаккха ялхой, сингаттаман духаршца шайн догӀмаш хьул а дина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тӀебаьхкира. Цара элира: «Хьан лай волчу Бен-Хьадида ша дийна витар доьху хьоьга». Ткъа Ахьаб-паччахьо элира: «Иза дийна ву ткъа? И сан ваша ма ву».
33
Паччахьо аьлларг дикачу билгалонна ду аьлла хийтира оцу нахана. Цара сихха тидаме ийцира Ахьаб-паччахьо аьлларг. «ХӀаъ, Бен-Хьадид хьан ваша ма ву», — элира цара. ТӀаккха паччахьо цаьрга элира: «Дуьйло, дӀа а гӀой, схьавалаве иза». Бен-Хьадид цунна дуьхьал схьавеара. Ахьаба иза шен гӀудалкхана тӀе шеца охьахаийра.
34
Бен-Хьадида элира цуьнга: «Сан дас хьан дегара схьаяьхна хилла йолу гӀаланаш аса хьуна юхаерзор ю. Хьайн долахь базарш хила а йиш ю хьан Дамасакхехь, сан ден а Шамран-гӀалахь базар ма-хиллара». Ахьаба элира: «Вайшиммо и барт дӀаязбинчул тӀаьхьа аса дӀахоьцур ву хьо». Иштта, Бен-Хьадидаца барт а бина, иза дӀахийцира Ахьаба.
35
Пайхамарийн тобанна юкъарчу цхьана пайхамаро цу тобанарчу вукхуьнга, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, элира: «Тохахьа суна». Амма оцу стага ца туьйхира цунна.
36
ТӀаккха оцу пайхамаро элира: «Ахьа Везачу Эло бохучуьнга ла ца догӀарна, хьо, со волчуьра дӀавоьдуш, лоьмо цоьстур ву». И стаг дӀавоьдуш, цунна дуьхьал кхеттачу лоьмо иза цистира.
37
Цул тӀаьхьа оцу пайхамарна кхин а цхьа стаг дуьхьалкхийтира. Цо: «Тохахьа суна» элира цу стаге. ТӀаккха вукхо чевнаш хиллал йиттира цунна.
38
Пайхамар, шен бӀаьргаш дӀахьулбархьама дуьхьал хӀума а оьллина, новкъа а ваьлла, некъана уллохь лаьтташ вара, исраилхойн паччахье хьоьжуш.
39
Паччахь шена уллохула чекхволуш, пайхамаро цуьнга, мохь тоьхна, элира: «Хьан лай волу со тӀаме ваханера. ТӀаккха цхьана стага, юьстах а ваьлла, суна тӀе стаг валийра. Цо элира: „ХӀара стаг ларвелахь. Иза дийна ца висахь, хьан са цуьнан синан метта дӀаоьцур ду. Я ахьа цхьа гали дети дала дезар ду йолана“.
40
Хьан лай волчу аса цхьацца гӀуллакхаш дечу хенахь, и стаг дӀаведира». «Иштта кхел хир ю-кх хьуна а, ахьа-айхьа тӀелаьцна хӀума иза долу дела», — элира цуьнга исраилхойн паччахьо.
41
Пайхамаро цу сохьта шен бӀаьргашна дуьхьал тӀеяийтина хӀума дӀаяьккхира. ТӀаккха хиира паччахьна иза пайхамарех вуйла.
42
Пайхамаро элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хӀаллакьхила веза аьлла волу стаг ахьа дӀахецна, цундела хьан са цуьнан синан метта а хир ду, ткъа хьан халкъ цуьнан халкъан метта а хир ду“».
43
ТӀаккха исраилхойн паччахь, чӀогӀа дог а доьхна, оьгӀаз а вахана, цӀа вирзира. Иза Шамран-гӀала схьакхечира.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22