bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Kings 15
1 Kings 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 16 →
1
НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошна тӀехь паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, Аби-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира.
2
Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Цуьнан ненан цӀе МаӀха яра. Иза Абушаламан йоӀ яра.
3
Аби-ЯхӀу-паччахьо а летадора хьалха шен дас летийна доллу къинош. Цуьнан ден да волу Дауд шен Везачу Далла даггара тӀевирзина вара, ткъа Аби-ЯхӀу Везачу Далла даггара тӀевирзина вацара.
4
Иза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тӀаьхье елира. Цул тӀаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кӀант велира, ткъа Ярушалайм-гӀала Дала чӀагӀйира.
5
Везачу Дала иштта дира, хӀунда аьлча Дауда гуттара а Далла нийса хетарг лела а дора, ша мел веха а Дауд цкъа а Везачу Элан весеташ тӀера дӀа ца велира, хьетахо волчу УръяхӀуна ша динчу цхьана хӀуманна тӀехь доцург.
6
Аби-ЯхӀу ваьхначу ерриге а заманахь РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь тӀом лаьттира.
7
Аби-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. Аби-ЯхӀуна а, ЯрбаӀамна а юкъахь а тӀом лаьттира.
8
Аби-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Аби-ЯхӀун метта паччахь хилира цуьнан кӀант Аса.
9
ЯрбаӀама Исраил-махкахь паччахьалла ден ткъолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Аса.
10
Цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе МаӀха яра. Иза Абушаламан йоӀ яра.
11
Аса-паччахьо, ша схьаваьллачу Дауда санна, Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора.
12
Оцу махкара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий дӀа а лелхийна, шен дайша вина массо а цӀу дӀаваьккхира цо.
13
Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Асас, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И цӀу, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо.
14
СагӀа доккху гунаш дӀа ца дехира цо. Амма ша дийна волчу хенахь Везачу Элана тешаме вара иза.
15
Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегӀаш а, дато а, дашо а хӀуманаш а Везачу Элан цӀа чу ехкира Аса-паччахьо.
16
Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахьна БаӀшина а юкъахь тӀом лаьттира цу шиммо паччахьалла динчу массо а хенахь.
17
Исраилхойн паччахь БаӀша ЯхӀуд-махкана тӀелетира. Цо Рама-гӀала чӀагӀйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тӀе я ара, я чу ца валийтархьама.
18
Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дӀаделира Аса-паччахьо. ТӀаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дӀадахьийтира цо Хьезиюнан кӀентан ТӀабримунан кӀант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гӀалахь Ӏаш волу Арам-мехкан паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира:
19
«Барт бойла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса совгӀатна дети а, деши а доуьйту хьуна. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тӀегӀоьртина волчуьра дӀавалийтархьама».
20
Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгӀира Бен-Хьадида. Цо шен тӀеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гӀаланашна тӀелата. Бен-Хьадид-паччахьо толам баьккхира Ӏаюн а, Дан а, Абал-Байт-МаӀак а гӀаланашна а, берриг Наптал-махкана а тӀехь, шена чу Канарот-мохк а богӀуш.
21
И дерриг а шена хезча, БаӀша-паччахь, Рама-гӀаланах чӀагӀонан гӀап яр саца а дина, Тирца-гӀалахь ваха охьахиира.
22
Ткъа Аса-паччахьо берриг а ЯхӀуд-махкахула халкъе омра дора, цхьа а стаг юкъахь ца вуьтуш, массо а яхӀудхоша Рама-гӀалара тӀулгаш, дечиг арадаккха аьлла. Уьш БаӀша-паччахьо и гӀала чӀагӀъян гулдина дара. Ткъа Аса-паччахьо цаьрца Бен-Яманан ГибаӀ-гӀала а, МицӀпа-гӀала а чӀагӀйира.
23
Аса-паччахьо динчу кхидолчу массо а хӀуманех лаьцна — цуьнан майрачу гӀуллакхех, цо мел кхочушдинчух, цо чӀагӀъяйтинчу гӀаланех лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. Ткъа Аса-паччахь къанвелча, цуьнан когех цамгар кхийтира.
24
ТӀаккха Аса-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан метта паччахь хӀоьттира ЯхӀушапти.
25
Аса-паччахьо ЯхӀуд-махкахь олалла дечу шолгӀачу шарахь ЯрбаӀаман кӀант волу Надаб исраилхойн паччахь хилира. Надаба шина шарахь паччахьалла дира исраилхошна тӀехь.
26
Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шен дас лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.
27
Иссарханан тайпанах волчу АхьъяхӀун кӀанта БаӀшас, Надаб-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза пӀелаштамхойн Габитун-гӀалахь вийра. Иза дара Надаба а, массо а исраилхоша а Габитун-гӀалина го бинчу хенахь.
28
ЯхӀудхойн паччахьо Асас паччахьалла ден кхоалгӀа шо долуш вийра БаӀшас Надаб-паччахь. ТӀаккха цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира БаӀша.
29
БаӀшас, ша паччахь дӀа-ма-хӀоьттина, ЯрбаӀаман берриг а доьзал хӀаллакбира. ЯрбаӀаман цӀийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхӀугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хӀаллакбира цо.
30
И дерриге а хилира, ша летийнчу къиношца а, ша Исраилан халкъе летадайтинчу къиношца а ЯрбаӀама Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвахийтина дела.
31
Надаб-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
32
Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь тӀом лаьттира цара паччахьалла динчу массо а хенахь.
33
Аса-паччахьо ЯхӀуд-махкахь олалла дечу кхоалгӀачу шарахь массо а исраилхошна тӀехь паччахь хилла дӀахӀоьттира АхьъяхӀун кӀант БаӀша. Тирца-гӀалахь а Ӏаш, цо исраилхошна тӀехь ткъе деа шарахь паччахьалла дира.
34
БаӀша-паччахьо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шен дас ЯрбаӀама лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22