bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Kings 14
1 Kings 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 15 →
1
Цу хенахь ЯрбаӀаман кӀант Аби-ЯхӀу цомгуш хиллера.
2
ЯрбаӀама шен зудчуьнга элира: «Яло, хьо сан зуда юйла ца хаийта, хьайна тӀе хийцина хӀума а юхий, Шилун-гӀала гӀо. Цигахь вехаш АхьъяхӀу цӀе йолу цхьа пайхамар ву. Со хӀокху халкъан паччахь хилла дӀахӀоттор ву аьлла, хаам бинера цо.
3
Хьайца итт бепиг, масех хьокхам, кхаби чохь моз а хьош, и пайхамар волчу гӀо. Цо эр ду хьоьга вайн кӀантах хиндерг».
4
Зудчо ЯрбаӀама боххург дира. Иза, Шилун-гӀала а яхана, АхьъяхӀун цӀа еара. АхьъяхӀу са гуш вацара. ЧӀогӀа къена хиларна, цуьнан бӀаьрса дайнера.
5
Везачу Эло АхьъяхӀуга элира: «ЯрбаӀаман зуда ю хьуна тӀе йогӀуш, шен кӀантах хиндерг хьоьга хаттархьама. И кӀант цомгуш ву. И зуда ша ца йовзийта тӀе хийцина хӀума юьйхина хир ю». ТӀаккха Везачу Эло цуьнга элира оцу зудчуьнга ала дезарг.
6
ЧуйогӀучу оцу зудчун когийн тата шена хезча, АхьъяхӀус элира: «Чуйола, ЯрбаӀаман зуда. Ахьа хьайн йоцу бедар тӀе хӀунда юьйхира? Вон кхаъ бу сан хьоьга ала.
7
Яло, дӀа а гӀой, ЯрбаӀаме ахьа ала: „Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: ‘Дерриге а халкъана юкъара хьо лакха а ваьккхина, Сайн Исраилан халкъан баьчча вина дӀахӀоттийра Аса.
8
Даудан цӀийнан паччахьалла, схьа а даьккхина, Аса хьан кара делира. Амма хьо сан ялхо волу Дауд санна вац. Дауда сан весеташ а кхочушдора, шен доггах Суна тӀаьхьа а хӀоьттира иза, Суна нийса хеташ дерг бен ца деш.
9
Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгӀаз а вохуьйтуш, лалийначу хӀуманах цӀуш а бина, хьайна кхин деланаш дӀахӀиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дӀатеттина ахь.
10
Цундела Аса ЯрбаӀаман цӀенна тӀе бохам боуьйтур бу. ЯрбаӀаман цӀентӀера хӀора боьрша стаг — чувоьллина я маьрша иза велахь а — хӀаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дӀадоккхур ду Аса ЯрбаӀаман цӀа.
11
ЯрбаӀаман цӀийнах волу гӀали чохь велла муьлхха а стаг жӀаьлеша вуур ву. Аренгахь беллачарна стигалан олхазарша зӀок еттар ю. Иштта боху Везачу Эло!’“»
12
ТӀаккха АхьъяхӀу-пайхамаро ЯрбаӀаман зудчуьнга элира: «Ткъа хӀинца хьайн цӀа гӀо. Ахьа гӀали чу ког боккхушехь, хьан кӀант лийр ву.
13
Дерриг а Исраилан халкъо белхар хӀоттор ду, тӀаккха иза дӀавуллур ву. ЯрбаӀаман доьзалх иза цхьаъ бен дӀавоьллина хир вац, хӀунда аьлча ЯрбаӀаман цӀийнах болчарна юкъахь бен цхьа а диканиг ца карийна Исраилан халкъан Везачу Далла.
14
Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь керла паччахь хӀоттор ву. Цо ЯрбаӀаман цӀа хӀаллакдийр ду. Иза кестта хир ду.
15
Хино лестош болу эрз санна хилла, дӀахӀоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таӀзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тӀера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дӀасадаржор ду иза.
16
ЯрбаӀам-паччахьо ша летийна долу а, Исраилан халкъе летадайтина долу а къинош бахьанехь, Везачу Эло Исраилан халкъ дуьтур ду».
17
ЯрбаӀаман зуда, хьала а гӀаьттина, Тирца-гӀала юхайирзира. Цо шен цӀа чу ког боккхушехь, цуьнан кӀант велира.
18
Везачу Эло Шен ялхо волчу АхьъяхӀу-пайхамарехула ма-аллара, и кӀант дӀавоьллира, массо а исраилхоша цунна белхар хӀоттийра.
19
ЯрбаӀам-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цо бинчу тӀамех а, цо динчу паччахьаллех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
20
ЯрбаӀама ткъе шина шарахь паччахьалла дира. ТӀаккха, дӀа а кхелхина, иза шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Надаб.
21
Сулим-паччахьан кӀант РахьбуӀам яхӀудхойн паччахь вара. РахьбуӀам паччахь хилла дӀахӀуттуш цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло, Шен цӀе язъяйтархьама, Исраил-мехкан гӀаланашна юкъара схьахаьржинчу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира цо. РахьбуӀаман ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра.
22
ЯхӀудан халкъо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шаьш летош долчу къиношца шайн дайша чул а сов дарвора яхӀудхоша Веза Эла.
23
Цара шайна сагӀа доккху гунаш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дӀахӀиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу дитта кӀелахь а.
24
Оцу махкахь а бара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дӀалелхийначу наха мел лелийна дегаза гӀуллакхаш леладора яхӀудхоша а.
25
РахьбуӀам паччахь волу пхоьалгӀа шо долуш, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелетира.
26
Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀуманаш дӀаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера.
27
Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира.
28
Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхоша и турсаш схьаоьцура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш.
29
РахьбуӀаман кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
30
РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь ца соцуш тӀом лаьттира.
31
ТӀаккха РахьбуӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра. РахьбуӀаман метта цуьнан кӀант Аби-ЯхӀу дӀахӀоьттира паччахь хилла.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22