bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Kings 5
1 Kings 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 6 →
1
Цора-гӀалин паччахь волу Хьирам Дауд-паччахь дийна волчу хенахь цуьнан доттагӀа вара. Ткъа хӀинца, Дауд-паччахьан метта цуьнан кӀант Сулим паччахьалла дарна къобалвина аьлла, шена хезча, Хьирама шен геланчаш бахийтира цунна тӀе.
2
ТӀаккха Сулим-паччахьо уьш юхахьовсийра, Хьирам-паччахье ала дезарг дӀа а олуш:
3
«Хьуна хууш ду, шен Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀоттадойла ца хилира сан ден Даудан. ХӀунда аьлча цуьнан тӀом бан дийзира гобаьккхина долчу халкъашца, Везачу Эло, толам а баккхийтина, мостагӀий когаш кӀел охьабахккалц.
4
Ткъа хӀинца сан Везачу Дала синтем белла суна массо а агӀор. ХӀинца бац я мостагӀий, я кхин дуьхьало ян а хӀумма дац.
5
Иштта, хӀинца сайн Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дан сацам бира ас, Везачу Эло сан дега Дауде ма-аллара. Везачу Эло цуьнга аьллера: „Аса хьан метта паччахьан гӀанта тӀе охьахаор волчу хьан кӀанта дӀахӀоттор ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“.
6
Ткъа ахьа омра дехьа, Ливанун-махкара баганан дитташ суна хедадайта. Сан ялхоша хьан ялхошца цхьаьна болх бийр бу. Ткъа аса ахьа хӀоттор боллу мах дӀалур бу хьан ялхоша бийр болчу балхах, хӀунда аьлча тхан бац шун цӀаданхой санна болу дика дечиг-пхьераш».
7
Хьирам-паччахьо, шена Сулим-паччахьан и дешнаш хезча, чӀогӀа хаза а хетта, элира: «Баркалла ду Везачу Элана, Цо Даудана иштта хьекъал долуш кӀант валарна, оцу сийлахьчу халкъана тӀехь цуьнга олалла дайтархьама!»
8
ТӀаккха Хьирам-паччахьо ялхой бахийтира Сулим-паччахье дӀаала: «Аса ладуьйгӀира ахьа дечу дехаре. И хьан диттех лаьцна болу лаам ас кхочушбийр бу. Баганан дитташ а, зоьзан дитташ а доуьйтур ду ас хьуна.
9
Сан ялхоша, Ливанун-махкара дӀа а даьхьна, хӀордана тӀе дахьар ду уьш, цигара дӀа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тӀекӀел а дохкуш. ТӀаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цӀенна оьшуш болу кхача боуьйтуш».
10
Иштта Хьирам-паччахьо, шега Сулим-паччахьо ма-деххара, баганан дечиг а, зоьзан дечиг а латтайора.
11
Ткъа Сулим-паччахьо бӀе эзар гали кӀа а, цхьа эзар биъ бӀе чами тоьлла долу зайтдаьтта а дохьуьйтура хӀора шарахь Хьирам-паччахьан цӀахь мел волчунна.
12
Ша лур ду ма-аллара, Везачу Эло хьекъал деллера Сулим-паччахьна. Иштта машар бара Хьирам-паччахьна а, Сулим-паччахьна а юкъахь. Цара вовшашна юкъахь барт бира.
13
ТӀаккха Сулим-паччахьо Исраил-мехкан дерриг а халкъана тӀедожийра ткъе итт эзар стаг белхаш байта гулвар.
14
ТӀаккха уьш хийца а хуьйцуш, итт-итт эзар хӀора баттахь Ливанун-махка болх бан бохуьйтура. Цара цхьана баттахь болх бора, ткъа шина баттахь уьш цӀахь Ӏара. Адунурама куьйгалла дора царна тӀехь.
15
Кхин кхузткъе итт эзар стаг деза кира лелош а, везткъа эзар стаг лаьмнашкахь тӀулг боккхуш а вара Сулим-паччахьан.
16
Уьш боцурш кхин а кхо эзар кхо бӀе хьаькам вара оцу белхаш бечу нахана тӀе хӀоттийна, царна а, цара бечу балхана а тӀехьожуш.
17
Даккхий деза тӀулгаш доуьйтура Сулим-паччахьо, тӀаккха уьш тӀулган говзанчашка нисдойтура, Везачу Элан цӀе язъян лерина долчу цӀийнан бух боттийтархьама.
18
И дитташ а, тӀулгаш а хьакха а хьокхуш, кечдеш бара Сулим-паччахьан а, Хьирам-паччахьан а белхалой а, Гебал-гӀалара пхьераш а. Кхаа шарахь кечдира цара уьш, Делан цӀа дӀахӀотторхьама.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22