bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Kings 6
1 Kings 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 7 →
1
Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадирзина диъ бӀе дезткъа шо даьлча, Везачу Элан цӀа дан долийра Сулим-паччахьо. Иза дара Сулим Исраил-мехкан паччахь хӀоьттина доьалгӀа шо долуш, Зив олучу шеран шолгӀачу баттахь.
2
Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀе язъян дечу цӀийнан дахалла кхузткъа дол, шоралла ткъа дол, лакхалла ткъе итт дол барам бара.
3
ЦӀенна хьалха йина уче яра. Иза цӀийнан дохалле а, шоралле а терра ткъа дол еха а, итт дол шуьйра а яра.
4
ЦӀенна чохь кораш динера, уьш, чекх са а гуш, шу а болуш, къевлина дара.
5
ЦӀенна тӀехиттина гӀишлош йира. Чухулара езачу чоьнна гонах а йолуш, агӀонаш тӀехь гобаьккхина яра оцу гӀишлойн чоьнаш. ГӀишлойн тӀехиттина чоьнаш лакхалла тӀекӀелйина яра, кхо гӀат а долуш.
6
Хьалхарчу гӀатан шоралла пхи дол, шолгӀачу гӀатан ялх дол, ткъа кхоалгӀачу гӀатан шоралла ворхӀ дол бара. Цу тӀе хоьттина йолчу гӀишлона тӀедехкина долу тӀеш Везачу Элан цӀийнан оганна чу ца диссийнера. И тӀеш оцу тӀехоьттиначу оганийн терхина тӀедехкинера.
7
Везачу Элан цӀа дечу хенахь, тӀулгаш, лаьттах шаьш схьадохучу меттехь кеч а дой, схьадахьара. Белхалоша я жӀов етташ, я диг тухуш, я кхин долу эчиг вовшахдетташ татанаш ца дора и цӀа дечу меттигна уллохь.
8
Юккъерачу гӀат тӀе воьдийла цӀийнан аьтту агӀор дара. Цу чу воьдуш, горга а долуш, тӀегӀанаш дара, ткъа оцу чуьра тӀехуларчу кхоалгӀачу гӀат тӀе а цу тайппана долчу тӀегӀанашна тӀехула волура.
9
Цу тайппана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа. ЦӀенна тӀехь баганан диттийн ханнех тхов байтира Сулим-паччахьо.
10
ЦӀийнан лакхарчу агӀонашна тӀе хиттиначу чоьнийн лакхалла пхи дол яра. И чоьнаш цӀенна тӀехиттинера баганан диттийн ханнашца.
11
ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Сулим-паччахье:
12
«Иштта, Сан цӀа деш ву хьо. Нагахь хьо Сан хьехамашца а лелаш, Ас билгалдаьккхинарг а деш, Сан весеташ кхочуш а деш лелахь, Ас кхочушдийр ду Айса хьан дега, Дауде, делла ваӀда.
13
Со хир ву Сайн исраилхошна юкъахь. Ас дуьтур дац Сайн долахь долу Исраилан халкъ».
14
Цу тайпана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа.
15
ЦӀенна чухула долчу пенашна тӀе лаьттара дуьйна тхов тӀе кхаччалц баганан диттийн аннаш туьйхира, ткъа цӀенкъа зоьзан диттийн аннаш туьйхира.
16
ЦӀийнан тӀехьа агӀор, йистера ткъа дол барамехь дӀахилош, оганаш а хӀиттийна, чоь йира, цуьнан пенех а, тхевнах а баганан диттийн ханнаш туьйхира. Иза уггар еза чоь яра.
17
Оцу чоьнна хьалха агӀор йолу чоь яхалла шовзткъа дол яра.
18
Чухула агӀор пенах тоьхначу аннашна тӀехь гӀабакхийн а, дӀаделладеллачу зезагийн а куьцехь суьрташ дара дечигна тӀехь аьгна дина. Массо а агӀор баганан ханнаш тоьхнера, ткъа тӀулг гуш а бацара.
19
Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ чудиллархьама, йинера и уггар еза чухулара чоь.
20
И уггар еза чухулара чоь яхалла а, шоралла а, лакхалла а ткъа дол яра. И чоь ерриг а цӀеначу деших йира. Баганан ханнех бинчу сагӀа доккхучу кхерчана а деши диллира.
21
Иштта дерриг цӀа а, чохь цӀена деши а диллина, дӀахӀоттийра. Уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха зӀенаш ехкира, царна тӀе а деши диллира.
22
Дерриг цӀенна а, уггар езачу чухуларчу чоьнна а хьалха лаьтташ болчу сагӀа доккхучу кхерчана а деши диллира.
23
Уггар езачу чухуларчу чоьнна чохь зайт-диттийн дечигах дина шина каруб-маликан сурт дара. Церан лакхалла итт дол барамехь яра.
24
Хьалхарчу каруб-маликан цхьа тӀам а, шолгӀаниг а пхиппа дол барамехь бара. Цхьана тӀома тӀера, вукху тӀома тӀе кхаччалц итт дол барам бара.
25
Оццу барамехь а, куьцехь а дара шолгӀачу каруб-маликан сурт а.
26
Цхьана каруб-маликан суьртан лакхаллин барам итт дол бара, шолгӀачун а изза барам бара.
27
ЦӀийнан чухула йинчу сийлаллин-езачу чохь дӀахӀиттийра оцу каруб-маликийн суьрташ. Церан тӀемаш дӀасадаьржина дара. Цхьаннан тӀам цхьана пенах хьакхалора, ткъа вукхун тӀам дуьхьал болчу пенах хьакхалора. Ткъа важа чухула долу тӀемаш чоьнан юккъехь вовшех хьакхалора.
28
Царна тӀе а Сулим-паччахьо деши диллийтира.
29
Оцу цӀийнан дерриг а пенашна тӀе, чухула а, тӀехула а, гобаьккхина аьгначу тӀамаршца цу тайпана каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, дӀаделладеллачу вастехь долчу зезагийн а суьрташ дехкира.
30
Шина цӀа чуьра цӀенкъа тӀе а деши диллира.
31
Уггар езачу чухуларчу чоьнна чу воллучохь йолу неӀарш зайт-диттан дечигах йинера, церан пхи са болу гур бара.
32
Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неӀаран шина декъа тӀехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хӀуманна а деши диллира.
33
Иштта езачу чоьнна чу воллучохь а хӀоттийнера зайт-диттан дечигах йина неӀарш, ткъа церан гураш биъ са болуш бара.
34
Кхин ши неӀ яра зоьзан-диттан дечигах йина. Оцу шина неӀаран шишша дакъа меттахдоккхуш дара.
35
Царна тӀехь а даьхна каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ дара. Оцу суьрташна тӀе а цхьатерра аьгна деши диллира.
36
ТӀаккха чухулара керт дӀахӀоттийра. Иза хьаькхначу тӀулгийн кхаа могӀанах а, баганан диттийн ханнех бинчу цхьана могӀанах а йинера.
37
Сулим-паччахь шен дарже веанчу доьалгӀачу шарахь Зив олучу шеран шолгӀачу баттахь бух ботта болийнера Везачу Элан цӀенна.
38
Ткъа цхьайтталгӀачу шеран Була олучу баттахь (иза шеран борхӀалгӀа бутт бу) Везачу Элан цӀа дина чекхделира. Ша хила деззачу куьцехь дина дӀахӀоттийра иза. И цӀа Сулим-паччахьо ворхӀ шарахь дира.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22