bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Kings 21
1 Kings 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 22 →
1
И дерриг а хиллачул тӀаьхьа хӀара хилира. ИзраӀалхочун Набутин ИзраӀал-гӀалахь кемсийн беш яра. Иза Шамран-гӀаларчу Ахьаб-паччахьан цӀенна уллохь яра.
2
Цхьана дийнахь Ахьаба элира Набутига: «Хьайн кемсийн беш суна схьало, соьга цунах хасстоьмийн беш яйтархьама, хӀунда аьлча и беш паччахьан сан цӀенна уллохь ю. Ткъа аса хьан бешал гӀоле йолу кемсийн беш лур ю хьуна цунна дуьхьал. Я хьуна лаахь, цу бешах богӀуш болу мах лур бу аса хьуна».
3
Амма Набутис Ахьабе жоп делира: «Ларвойла со Везачу Эло, сайн ден тӀаьхьалонах дерг хьуна дӀадаларх!»
4
ИзраӀалхочо Набутис шега, лур дац аса хьуна сайн ден тӀаьхьалонах дерг аларна, чӀогӀа дог а доьхна, оьгӀаз а вахана, цӀа веара Ахьаб-паччахь. Иза, пенехьа дӀа а вирзина, шен метта охьавижира. Цо яа хӀума а ца йоура.
5
Ахьабан зуда Изабал чуелира. Цо Ахьабе элира: «Хьан дог а стенна доьхна, юург а хӀунда ца йоу ахьа?»
6
Ахьаба зудчуьнга жоп делира: «ИзраӀалхо волчу Набутига: „Схьало суна хьайн кемсийн беш! Йохка иза суна, я, хьайна лаахь, вукху кемсийн бешах хийцахьа“, — аса шега аьлча, цо ша иза лур яц элира».
7
ТӀаккха Ахьабан зудчо Изабала цуьнга элира: «Ткъа хьо ма ву исраилхойн паччахь?! Хьала а гӀаттий, хьайн яа хӀума а яа, синна паргӀат а хила. Аса схьайоккхур ю хьуна израӀалхочун Набутин кемсийн беш».
8
Изабала Ахьабан цӀарах кехаташ яздира. ТӀаккха цуьнан мухӀарца уьш чӀагӀ а дина, Набути вехачу гӀалахь болчу къаношка а, цӀеяхана болчу нахе а дӀахаийтира.
9
Кехаташ тӀехь цо иштта яздора: «Марха а лаций, халкъана юкъа баьрчче охьахааве Набути.
10
Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дӀаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира“. ТӀаккха гӀалара ара а ваккхий, валлалц тӀулгаш кхисса цунна тӀе».
11
Набути вехачу гӀалара наха, къаноша, хьоладайша, Изабала шайна тӀе-ма-диллара, цо шайга даийтинчу кехаташ тӀехь яздина ма-хиллара кхочушдира.
12
Цара, марха а лаьцна, халкъана юкъахь баьрчче охьахаийра Набути.
13
ТӀаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира». Цара Набути гӀалара ара а ваьккхина, цунна тӀе тӀулгаш а кхиссина, иза вийра.
14
ТӀаккха Изабале хаам бан нах бахийтира, Набутина тӀе тӀулгаш а кхиссина, иза вийна аьлла.
15
ТӀе тӀулгаш а кхиссина, Набути вийна аьлла шена хезча, Изабала Ахьабе элира: «Хьала а гӀаттий, хьайна йохка ца лиъначу израӀалхочун Набутин кемсийн беш хьайн дола яккха, хӀунда аьлча Набути велла».
16
Набути вийна аьлла шена хезча, Ахьаб хьалагӀаьттира, израӀалхочун Набутин кемсийн беша а вахана, иза шен дола яккхархьама.
17
ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхӀуга:
18
«Хьала а гӀаттий, Шамран-гӀаларчу исраилхойн паччахьна Ахьабана дуьхьалваха новкъавала. Иза хӀинца Набутин кемсийн бешахь ву. И беш шен дола яккха веана иза цига.
19
Ахьа цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Стаг вен а вийна, цуьнан дех дисинчун лаьттан дакъа а хьайн дола даккха воллу те хьо?’“ — Кхин а ала цуьнга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Набутин цӀийна жӀаьлеша мотт хьаьккхначу меттехь, хьан цӀийна а мотт хьокхур бу жӀаьлеша’“».
20
Ахьаба Эли-ЯхӀуга элира: «Сан мостагӀа, карий-кха хьуна со!» Эли-ЯхӀус элира: «Карий! ХӀунда аьлча ахьа Далла хьалха Цуьнан лаамехь доцу хӀума деш ду.
21
Иштта боху Везачу Эло: „ХӀинца Аса хала баланаш тӀебохкуьйтур бу хьуна, хьан тӀаьхьенах волу массо а боьрша стаг — чувоьллина я маьрша иза велахь а — хӀаллак а вийр ву.
22
Ахьа, Исраилан халкъе къинош а летадайтина, Со дарварна, Аса хьан цӀенна а дийр ду НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна а, АхьъяхӀун кӀентан БаӀшин цӀенна а диннарг“.
23
Иштта Изабалах лаьцна Везачу Эло боху: „ЖӀаьлеша юур ю Изабал ИзраӀал-гӀалин пенна уллохь.
24
Ахьабан цӀийнах верг гӀалахь велча, иза а жӀаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зӀакарш еттар ю“».
25
(Шен зудчо Изабала шен лере дуьйцучуьнга ла а доьгӀуш, Везачу Элана зуламе хеташ дерг дарна шен дог тӀедерзийна волу Ахьаб-паччахь саннарг хӀетталц ваьлла а вацара.
26
Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалара дӀабаьхна болчу эмархоша, цӀушна Ӏамал а еш, лелийна хилла доллу гӀуллакхаш леладора Ахьаб-паччахьо а.)
27
Оцу массо а дешнашка ла а доьгӀна, Ахьаба шена тӀера бедарш этӀийра. Цо шена тӀе сингаттаман бедарш юьйхира. Иза марха а кхобуш, оццу бедаршца дӀа а вуьжуш, чӀогӀа сингаттаме вара.
28
ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхӀуга:
29
«Гой хьуна, Ахьаба Суна хьалха ша мел лахара хетийтира? Суна хьалха цо ша лахара хетийтарна, иза вехачу ханна бохкуьйтур бац Аса цунна тӀе баланаш. Ахьабан кӀант вехачу заманахь цуьнан цӀенна тӀе балор бу Аса и баланаш».
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22