bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Kings 7
1 Kings 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 8 →
1
Шена а цӀа дайтира Сулим-паччахьо. Иза кхойтта шарахь дина чекхдаккхийтира цо.
2
Иштта «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолу паччахьан цӀа дайтира Сулим-паччахьо. Оцу цӀийнан гӀишлойн яхалла бӀе дол, шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол яра. Цо цӀа дира баганан дечигах беа могӀарехь дӀахӀиттийначу бӀогӀамашна тӀехь. Ткъа цу бӀогӀамашна тӀехула дехкира баганан диттийн дечигах долу тӀеш.
3
Шовзткъе пхеа баганан диттан бӀогӀамашна тӀе пхийтта тӀай диллира моггӀара, оццу диттан дечигах тхов тиллира.
4
Дуьхь-дуьхьал болчу шина пенна тӀера кораш кхаа могӀарехь дара. Иштта цхьана пенан хӀора кор вукху пенах долчу корана дуьхьал дара.
5
Ерриг неӀарш, неӀарийн гураш еакӀов дара, ткъа кор корана дуьхьал дара кхаа могӀарехь.
6
Цо бӀогӀамех уче тӀейира, яхалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе итт дол а йолуш. Ткъа цунна хьалха бӀогӀамашна тӀехь лаба а, неӀсагӀа а дира.
7
Къаьстина кхин цхьа чоь яра Сулим-паччахьан, цу чохь паччахьан деза гӀант дара хӀоттийна. Оцу чоьнах «кхел еш йолу чоь» олура, хӀунда аьлча цу чохь адамашна кхел йора Сулим-паччахьо. Оцу чуьра цӀенкъа а баганан диттан аннех яра.
8
Сулим-паччахьан ша Ӏаш волу цӀа кхечу кертахь дара. Иза кхел еш йолчу цӀенна тӀехьа дара, оццу куьцехь дина а дара. И санна цӀа динера Сулим-паччахьо шена ялийна йолчу Мисар-мехкан пирӀунан йоӀана а.
9
И массо а гӀишлош дезачу тӀулгех йина яра. ТӀулгаш, шина а агӀор херхаца хеда а дина, шайн-шайн барамашкахь нисдина дара. Уьш бух тӀера дуьйна тхов тӀе кхаччалц а, арахьара дуьйна йоккхачу керта чу кхаччалц а дехкина дара.
10
ГӀишлойн бух буттуш, деза а, даккхий а тӀулгаш дехкинера. Цхьадерш итт дол шуьйра дара, вуьш — бархӀ дол шуьйра дара.
11
ТӀехула а дара нийсса хьаькхна а, шайн-шайн барамехь а долу тӀулгаш. Иштта баганан дечиган тӀеш а дара дехкина.
12
Хьаькхна нисдинчу тӀулгех кхо могӀа а, баганан дечигах бина цхьа могӀа а биллина, керт йинера йоккхачу кертана гонах. Иштта Везачу Элан цӀийнан чухула йолчу кертана а, учена а гонах яра цу тайпана йолу керт.
13
ТӀаккха Цора-гӀалара Хьирам цӀе йолу стаг схьавалавайтира Сулим-паччахьо.
14
Иза йисина Ӏаш йолчу цхьана зудчун кӀант вара. Напталан тӀаьхьенах яра и зуда. Хьираман да цорахо вара. Хьирам ша цӀестан пхьар вара. ЦӀастанах муьлхха а хӀума ян говзалла а, похӀма а дара цуьнан. Сулим-паччахь волчу а веана, и дерриг а гӀуллакхаш кхочушдира Хьирама.
15
Кхин а цӀестан ши бӀогӀам бира Хьирама. ХӀора бӀогӀаман лакхалла берхӀитта дол, ткъа гобаьккхина йолу шоралла шийтта дол яра.
16
Оцу бӀогӀамашна тӀехула дилла цӀастанах таж доьттира Хьирама. Церан хӀораннан лакхалла пхи дол яра.
17
БӀогӀамашна тӀехула динчу таьжнийн куц далийнера, царна тӀе юьйцинчу зӀенех бойнан суьрташ а дина. Уьш хӀора тажана тӀехь ворхӀ-ворхӀ яра.
18
ТӀаккха оцу бойнна гонах бӀогӀамашна тӀехь долчу тажана тӀехула цӀастанах дина тӀедехкина ши могӀа наран стоьмаш бара. Оццу кепара а шолгӀачу бӀогӀамна тӀера тажана тӀе а дехкира уьш.
19
ЦӀенна хьалхарчу ученех гӀортийна дӀахӀиттийначу хазачу бӀогӀамашна тӀехь таьжнаш дара. Уьш петӀамат-зезагах тардинера, лакхалла диъ дол долуш.
20
Оцу шина бӀогӀам тӀехь долчу таьжнашна гонах йолчу бойнна уллохь гобаьккхина могӀанашца тӀедехкина ши бӀе наран стоьмийн куьцехь сурт дара.
21
Везачу Элан цӀа чу воллучохь, учехь, цӀестан ши бӀогӀам дӀахӀоттийра Хьирама. Цхьа бӀогӀам къилбехьа хӀоттийра цо, цунна «Якин» аьлла цӀе тиллира Хьирама (и цӀе «Дала дӀахӀоттор» бохучух тера ду). Ткъа важа къилбаседехьа дӀахӀоттийра. Цунах «БоӀаз» элира (иза «Делан нуьцкъалаллех дерг» бохучух тера ду).
22
Иштта дехкира оцу бӀогӀамашна тӀе петӀамат-зезаган куьцехь долу таьжнаш. Иштта чекхбелира Хьираман бӀогӀамаш дӀахӀотторан болх.
23
ТӀаккха лалийначу цӀастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара.
24
Цуьнан йистошкахула гобаьккхина шина могӀара дехкина цӀестан гӀабакхийн суьрташ дара. И суьрташ оцу енаца цхьаьна ийна дара.
25
И боккха цӀестан яй шийтта цӀестан старана тӀехь лаьтташ бара. Кхо цӀестан сту къилбаседехьа берзийна бара, кхин кхоъ малхбузехьа, важа кхоъ къилбехьа, бисина кхоъ малхбалехьа берзийнера. ЦӀестан яй церан баккъашна тӀе биллина бара, ткъа стерчийн тӀехьенаш ен бухан юккъехьа ерзийна яра.
26
Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь дара. Оцу ена чу кхузткъе итт эзар чами кхоччуш хи доьдура.
27
ТӀаккха итт цӀестан кӀелхӀотторг йира Хьирама. Уьш, чкъургаш тӀехь а йолуш, меттахъяхалуш яра. ХӀора кӀелхӀотторган яхалла а, шоралла а диъ дол, ткъа лакхалла кхо дол яра.
28
И кӀелхӀотторгаш иштта йинера: церан деакӀов пенаш дара, уьш гурашна тӀе хаийнера.
29
Гурашна чухула долчу пенашна тӀе а, гурашна тӀе а лоьмийн а, стерчийн а, каруб-маликийн а суьрташ дехкинера. Ткъа оцу лоьмийн а, стерчийн а суьрташна лакхахула а, лахахула а цӀастанах дина дикка дӀасадаьржина долу таьжнаш дара.
30
ХӀора кӀелхӀотторган йиъ-йиъ чкъург а, семанаш а яра. ХӀора сонехь ена тӀехуттуш йина гӀортораш яра. Оцу гӀорторашна тӀехь цӀастанах дина тӀедиллина таьжнаш дара.
31
Ткъа гӀорторана тӀехула даьккхина Ӏуьрг дара, цхьа дол хиллал кӀорга а долуш. И Ӏуьрг горга дара, цуьнан гонан барам цхьа дол ах дол бара. Ӏуьргашна тӀехула аьгна даьхна суьрташ дара. КӀелхӀотторган агӀонашна тӀера пенаш, горга а доцуш, деакӀов дара.
32
Пенашна кӀел йиъ чкъург яра, ткъа церан семанаш гӀорторашна тӀе чӀагӀйина яра. ХӀора чкъурган гонан шоралла цхьа дол ах дол барамехь яра.
33
ХӀора чкъург яра гӀудалкхийн чкъургаш санна йина. Семанаш а, чкъурган хӀазарш а, чӀораш а, чкъурган милкаш а цӀастанах йина яра.
34
ХӀора кӀелхӀотторган беа сонехь цхьацца гӀортор яра. Ткъа хӀора гӀортор оцу кӀелхӀотторгах цхьаьна хоьттина йина яра.
35
КӀелхӀотторган боххьехь бина горга гу бара. Цуьнан лакхаллин барам ах дол бара, иза а тӀехӀоьттина, дийна цхьаъ болуш санна, боьттина бара кӀелхӀотторгана тӀе.
36
Оцу кӀелхӀотторган пенаш тӀехь а, массо а меттиг йоллучохь а каруб-маликийн а, лоьмийн а, хурманийн диттийн а, аьгна даьхна суьрташ дехкира Хьирама.
37
Иштта, итт кӀелхӀотторг йинера Хьирама. Уьш ерриш а цӀастанах йоьттина яра, церан хӀораннан а цхьа барам а бара, цхьа кеп а яра.
38
ТӀаккха цӀестан итт юьхь-куьг дуьлург йира Хьирама, уьш хӀора а диъ дол барамехь яра. ХӀора юьхь-куьг дуьлургана чу биъ бӀе чами хи доьдура. Уьш оцу йина дӀахӀоттийна йолчу итт кӀелхӀотторгна тӀе йиллира.
39
Пхи кӀелхӀотторг къилбехьа агӀор, ткъа важа пхиъ къилбаседехьа, аьрру агӀор дӀахӀоттийра Хьирама. Везачу Элан цӀийнан къилба-малхбалехьа агӀор дӀахӀоттийра цо чохь хи долу и боккха цӀестан яй.
40
Иштта Хьирама кхин а дира тесаш, кегий белаш, кегий кедаш. ТӀаккха чекхбехира Хьирама Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьна беш болу берриг а белхаш.
41
Иштта ши бӀогӀам а буьйгӀира Хьирама, царна гонах таьжнийн ши го а бира. ТӀаккха оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт диллира цо.
42
Оцу бойнан шина суьрта тӀе диъ бӀе цӀестан нар-стоьмаш дира Хьирама. И стоьмаш оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира шишша могӀа.
43
Иштта йира цо итт юьхь-куьг дуьлург, шайна бухахь итт кӀелхӀотторг а йолуш.
44
Хи чудотта цхьа цӀестан яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,
45
тесаш а, белаш а, кедаш а дира Хьирама. Везачу Элан цӀийнан кертахь мел йина хӀума а, заьнгала динчу цӀастанах йинера цо Сулим-паччахьна.
46
И дерриг а хӀума Йордан-хин йистехь, сацкъаран латта тӀехь йоттийтира Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀартан а олучу меттигашна юккъехь.
47
И ерриг хӀума а Сулим-паччахьо шен-шен метте дӀахӀоттаяйтира. И хӀуманаш тӀех дукха хиларна, уьш еш дайчина цӀастанан барам буста а ца лора.
48
Цу тайпана деших массо а хӀума а яйтинера Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна. Уьш яра: хаза хьожа йоуьйту хӀума яго дашо кхерч, Далла лерина бепиг тӀедуьллуш йолу дашо стол;
49
цӀеначу деших боьттина болу стогарш (пхиъ аьтту агӀор, важа пхиъ оцу уггар езачу чухуларчу чоьнна аьрру агӀор хӀиттийна йолу), зезагийн суьрташ, чӀурам хӀотторгаш, морзахаш,
50
бошхепаш, тукарш, боганаш, хаза хьожа йогӀу хӀума чу юьллуш долу кедаш, богуш болу кӀора дӀасабахьа нойш цӀеначу деших дина еш; уггар езачу чоьнан чуьра неӀарийн а, Делан цӀийнан вукху неӀарийн а кӀажаш, деших дина долу.
51
Иштта чекхбаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна шена бан лиъна болу берриг белхаш. Шен дас, Дауда, Везачу Элана лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хӀуманаш цу цӀа чу ехкира Сулим-паччахьо. Везачу Элан цӀийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хӀуманаш а дӀаелира Сулим-паччахьо.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22