bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Kings 9
1 Kings 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 10 →
1
Иштта Сулим-паччахь Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, шена ян мел лиъна хӀума а йина чекхвелира.
2
ТӀаккха юха а, ГавӀон-гӀалахь хьалха дуьхьал ма-хӀоттара, шозлагӀа а дуьхьалхӀоьттира Веза Эла Сулим-паччахьна.
3
Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доӀа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хӀоттийна долу Сан цӀа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цӀе язъяйтархьама. Ас иза Ӏалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду.
4
Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цӀена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде.
5
ТӀаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цӀийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тӀехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“.
6
Амма шу я шун тӀаьхьенах болу паччахьаш Сох дӀаберзахь, Ас шайна делла долу Сан весеташ а, Сан хьехамаш а дӀа а теттина, кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна аша Ӏибадат дахь,
7
тӀаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цӀе язъяйта къобалдина долу цӀа а дӀадоккхур ду Ас. ТӀаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дӀахӀуттур ду Исраилан халкъ.
8
Ткъа оцу дезачу цӀийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хӀунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цӀенна а?“
9
ТӀаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тӀаьхьа а бевлла, царна Ӏамал а еш, Ӏибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тӀе и берриг бохам“».
10
Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа деш а, шен паччахьан цӀа дӀахӀоттош а ткъа шо делира.
11
И белхаш бечу хенахь, Цора-гӀалин паччахь волчу Хьирамна Галилай-махкара ткъа юрт совгӀатна елира Сулим-паччахьо. ХӀунда аьлча Хьирам-паччахьо баганан а, зоьзан а диттийн дечиг а латтийра, оьшшучул деши а делира Сулим-паччахьна.
12
Амма Сулим-паччахьо шена еллачу ярташка хьажа вахча, Хьирам-паччахьна уьш хаза ца хийтира.
13
«ХӀара хӀун ярташ ю ахь суна елларш, сан ваша?» — элира Хьирам-паччахьо. Цо, «Хабул» аьлла, цӀе тиллира оцу лаьттана (иза «мехала доцу латта» бохург ду). Иза тахханалц а и цӀе йолуш ду.
14
Хьирам-паччахьо цхьа бӀе ткъа гали деши дахьийтинера Сулим-паччахьна.
15
Сулим-паччахьо шен лешка Везачу Элан цӀа а, керт а дӀахӀоттаяйтира, шена паччахьан цӀа а дайтира. Милло цӀе йолу терхийн басенаш а яйтира, Ярушалаймана гонах пенаш а дӀахӀиттийра. Иштта Хьацор а, МагӀидда а, ГӀазар а цӀераш йолу гӀаланаш а дӀахӀиттийра цо.
16
(ПирӀун волчу Мисар-мехкан паччахьо, ГӀазар-гӀалина тӀе а гӀоьртина, иза схьаяьккхинера. ТӀаккха, и гӀала цӀергахь яга а йина, оцу гӀалахь Ӏаш болу канаӀанхой, байа а байина, Сулим-паччахьехь марехь йолчу шен йоӀана томана еллера пирӀуно и ГӀазар-гӀала.
17
ТӀаккха Сулим-паччахьо юха меттахӀоттийнера ГӀазар-гӀала.) Лахара Байт-Хьорон цӀе йолу гӀала а тойина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.
18
Иштта ЯхӀуд-махкахь йолчу яьссачу аренгахь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийра БаӀалт цӀе йолу а, Тамар цӀе йолу а гӀаланаш.
19
Кхин а Сулим-паччахьан долахь йолу, тӀаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латто гӀаланаш а, говраш южу гӀудалкхаш латтош йолу гӀаланаш а, дошлойн говраш чохь латто гӀишлош а, ерриг Ярушалайм-гӀалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тӀехь шена ян лиъна йолу массо а хӀума йина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.
20
Исраилан халкъ доцург кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара эмархойн а, хьетахойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а
21
тӀаьхьенех дисна адамаш, исраилхоша хӀаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш хӀинца а тахханалц леш бу.
22
Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора. Уьш я паччахьан тӀемалой, я тӀеман хьаькамаш, я тӀеман коьрта хьаькамаш, я гӀудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш баьччанаш бара.
23
Пхи бӀе шовзткъе итт хьаькам вара Сулим-паччахьан белхашна тӀехь урхалла дан дӀахӀоттийна. Уьш белхаш беш болчарна тӀехь хьаькамаш бара.
24
ТӀаккха, Даудан гӀалара ара а яьлла, Сулим-паччахьо шена динчу цӀа чу елира пирӀунан йоӀ. Цул тӀаьхьа Милло цӀе йолу терхийн басенаш йина дӀахӀиттийра паччахьо.
25
Ша Везачу Элана дӀахӀотийначу сагӀа доккхучу кхерчан тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бертан сагӀанаш а дохура Сулим-паччахьо шарахь кхузза. Цу чохь хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ягайора Сулим-паччахьо Везачу Элана хьалха. Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа.
26
Сулим-паччахьо хӀордкеманаш а дайтира Эдом-махкарчу Эрзийн хӀордан йистехь Эйлат цӀе йолчу гӀалина уллора Ӏецйон-ГӀебар олучу меттехь.
27
ХӀордах лаьцна дерг хууш болу кемалелорхой бара Хьирам-паччахьан. Уьш Сулим-паччахьан нахаца оцу хӀордкеманашна тӀехь гӀуллакх дан хьажийра Хьирам-паччахьо.
28
Оцу наха, Апар цӀе йолчу махка а бахана, цигара бархӀ бӀе шовзткъа пунт деши а деана, иза Сулим-паччахье дӀаделира.
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22