bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ecclesiastes 1
Ecclesiastes 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 2 →
1
Ярушалайм-гӀалин паччахь волчу а, Даудан кӀант волчу а устазо дина къамел иштта ду.
2
«Ма кӀорга къайле ю! — олу устазо, — Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш!
3
Стигална кӀел къахьоьгуш, ша мел динчу хӀуманах буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо?
4
Адамийн тӀаьхье дӀа а йолу, керла тӀаьхье тӀе а кхуьу, ткъа латта абаденналц лаьтта.
5
Малх схьа а кхета, малх дӀа а бузу, иза юха а ша схьакхетачу метте баха сихло.
6
Мох къилбехьа а хьокху, къилбаседехьа юха а боьрзу. Иза, хьийзий, хьийзий, юха а шен метта схьабоьрзу.
7
Дерриге а хиш хӀорда чу хьовду, амма хӀорд цкъа а тӀех ца болу. Шаьш схьадевллачу метте юхадоьрзу и хиш.
8
Массо а гӀуллакх саццаза дӀаоьху, Дийца долчух дерриг а цхьаьнгга а дийца лур дац. Хьежарх бӀаьрг а бузур бац хьан, ладегӀарх — лерг а дузур дац.
9
Хьалха хилларг юха а хуьлу, ткъа хьалха диннарг юха а дийр ду, стигална кӀел керла хӀумма а дац.
10
Цхьаццаммо олу: „Хьажахьа, хӀара керла хӀума ду!“ Амма иза а хилла ширачу заманахь, вайн заманал дуккха а хьалха.
11
Хьалха хилла адамаш цхьанна а хӀинца дага а ца догӀу, ткъа хӀинца дуьйна хиндолу адамаш дагадогӀур дац царна тӀаьхьа хир долчу адамашна а».
12
Устаз волчу аса Ярушалайм-гӀаларчу Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла дора.
13
Сан даго къобалдира кху стигална бухахь адамаша кхочушдо гӀуллакхаш, хьекъалдолчара ма-дарра, кхоччуш таллар. Ма хала бу-кх Дала адамашна кхочушбан белла и болх!
14
Стигална кӀел деш долу дерриге а гӀуллакхаш а гира суна. Уьш дерриш а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш ду.
15
Сеттина йолу хӀума нис а лур яц, ткъа доцург дагар а лур дац.
16
Ас сайн дагахь элира: «Хьажал, сайл хьалха Ярушалаймана тӀехь олалла деш хиллачу массарал а чӀогӀа хьалаваьлла со хьекъалаллица. Дуккха а кхетамалла а, хьекъалалла а тӀекхетта суна».
17
Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТӀаккха со кхийтира, иза а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, хӀума дуйла.
18
Доккхачу хьекъалаллах боккха бала хуьлу, ткъа шена кхетам гулбечо гӀайгӀа гулйо.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12