bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ecclesiastes 4
Ecclesiastes 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 5 →
1
ТӀаккха, дӀахьаьжча, суна гира стигална кӀел мел еш йолу гӀелонаш. Хьажал, гӀийлачеран бӀаьргех хиш дуьйлу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу. Царна гӀело ечеран карахь ницкъ бу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу.
2
ТӀаккха ас сацам бира, дийна а болуш, гӀелонаш хьоьгуш болчарна чул дӀакхелхинчарна гӀолехь ду аьлла.
3
Ткъа стигална кӀел леладо зуламе гӀуллакхаш шайна газа болчу, дуьнен чу бовлаза бисинчарна кхин а дикаха ду аьлла, хийтира суна.
4
Суна гира, адамо мел дечу гӀуллакхан говзалла шен накъостаца яхье ваьлча гучуйолий. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.
5
Сонтачу стага, пӀелгах пӀелг а тоьхна, болх ца беш, ша-шен хӀаллакво.
6
Амма, синтем а болуш, схьаэцна долу цхьа сахь тоьлу, сов къа а хьегна, даьккхинчу шина сахьанал. Махана Ӏуналла дан гӀертар санна, ду иза.
7
Юха а кхетам тӀе ца кхуьу цхьа хӀума гира суна стигална кӀел.
8
Я кӀант, я ваша а воцуш, ша вуьсу стаг. Цуьнан гӀуллакхийн чаккхе а ца хуьлу, ткъа цуьнан бӀаьргаш хьолах а ца бузу. Хьанна до те цо и гӀуллакхаш, шен са ирсах а доккхуш? Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума а, гӀайгӀане болх а бу.
9
Шиъ цхьаьна хилар дикаха ду, ша цхьаъ хуьлучул. Шаьш цхьаьна хьегначу къинах царна пайда хир бу.
10
Царах цхьаъ охьавожахь, вукхо иза хьалагӀаттор ву. Ша цхьаъ вуьсучу стеган ма къа ду! Иза гӀатто уллохь цхьа а ца хуьлу.
11
Иштта, шиъ цхьаьна охьавижча, и шиъ вохло. Ткъа ша цхьаъ волчун вохвалар муха хир ду?
12
МостагӀчо цхьанна дуьхьал толам баккхахь а, шиннал тоьлур вац иза. Ткъа кхаа тайнах хьарчийна йолу тӀийраг атта хедар яц.
13
13-14 Набахти чуьра араваьлла цхьа къонах паччахь хӀотто тарло. Я, масала, и къонах, шен хинйолчу пачхьалкхехь ша дуьнен чу волучу хенахь, къиэн хила тарло. Делахь а, къиэн а волуш, амма хьекъале волу къонах дикаха ву, къеначу а, сонтачу а, шена беш болу хьехам дӀа ца оьцучу а паччахьал.
14
***
15
Кхин а суна гира, стигална кӀел веха хӀора стаг а дуьнен тӀехь вехачу кхечу къонахчунна тӀаьхьахӀоттар.
16
Дагар ца даллал дукха дара и халкъ. Амма цу къонахал хьалха хиллачу а, иштта цул тӀаьхьа хинболчу а нахана цунах цхьа а там ца белира. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.
17
Хьо Делан цӀа долчу воьдуш, ларлуш хилалахь. Сонтачу наха санна, сагӀина хӀума яхьачул, Делан цӀенна тӀе а вирзина, ладогӀар дикаха ду. Уьш ца кхета, шаьш сонта лелий.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12