bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ecclesiastes 6
Ecclesiastes 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 7 →
1
Стигална кӀел цхьа хала бала хилар гира суна, ткъа иза-м кест-кеста хуьлу.
2
Дала стагана хьал а, бахам а, шорто а яла тарло — цунна мел дезарг а дала тарло. Амма оцу муьрехь шен долчух марзо ца оьцуьйту цуьнга Дала, мелхо а, кхечо цунах пайда оьцу. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума а ду, цул сов, иза чӀогӀа хала бала а бу.
3
Иштта, стеган бӀе доьзалхо хила а, иза дуккха а ваха а тарло. Амма иза мел дукха вахахь а, нагахь оцу стага шен долахь долчу диканах ма-бохху марзо а ца эцахь, иза веллачул тӀаьхьа, цуьнан оьзда дӀаволлар а ца хилахь, тӀаккха ала мегар ду, делла динчу берана а дикаха ду, оцу стагана чул.
4
Цуьнан дуьнен чу длар а, кхалхар а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду. Ӏаьржачу Ӏожалло цунах хиндерг хьулдо.
5
Ша кху дуьненахь цадахарна, цу берана кху дахарх лаьцна хӀумма а ца хаьа, делахь а цуьнан синтем аса масална валийначу стеган чул сов бу.
6
Иштта стаг шина эзар шарахь а ваха тарло, шен бахамах марзо а ца оьцуш. Ткъа вай дерриш а цхьатерра коше дӀадоьрзуш дац?
7
Адамо ша буучу кхачанан дуьхьа бен къа ца хьоьгу, амма цуьнан гай цкъа а ца дузу.
8
Хьекъал долчо сонтачо чул сов хӀун дуьсун долу зовкх хьоьгу? Ша муха лела веза хаарх, хӀун дуьсун долу зовкх хьоьгу къечо?
9
ГӀенахь гиначуьнга сатуьйсуш лелачул, шен долахь долчух марзо эцар дикаха ду. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.
10
Кхоьллина мел йолу хӀума шен цӀе йолуш ю. Иштта адам хӀун ду а вайна хууш ду. Шел ницкъ болуш волчуьнца болчу къийсамехь адам тоьлур дац.
11
Ткъа хӀун пайда хуьлу цунах адамна? Дуккха а долчу дешнаша кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш алсамдоху.
12
Хьанна хаьа, хӀун дикаха ду адамна шен, ӀиндагӀ санна, дӀауьдучу, кхетам ца кхуьуш долчу дахаран деношкахь? Стигална кӀел дӀакхелхича, хьан эр ду адаме цунах хиндерг?
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12