bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ecclesiastes 3
Ecclesiastes 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 4 →
1
Массо а хӀуманан шен зама ю, кху лаьттарчу хӀора гӀуллакхан а шен хан ю.
2
Дуьнен чу валаран а шен хан ю, дӀакхалхаран а шен хан ю. ХӀума дӀаеран а шен хан ю, иза схьаяккхаран а шен хан ю.
3
Стаг веран а шен хан ю, иза товаран а шен хан ю. ЦӀенош дохоран а шен хан ю, гӀишлош дӀахӀитторан а шен хан ю.
4
Адам делхаран а шен хан ю, иза деладаларан а шен хан ю. Адам гӀайгӀане хиларан а шен хан ю, иза халхадаларан а шен хан ю.
5
Зудчуьнца дӀавижаран а шен хан ю, цунах цакхетаран а шен хан ю. Стагана мараэккхаран а шен хан ю, цунах къехкаран а шен хан ю.
6
ХӀума лахаран а шен хан ю, лохучуьра сацаран а шен хан ю. ХӀума Ӏалашъяран а шен хан ю, иза дӀатасаран а шен хан ю.
7
ХӀума ятӀоран шен хан ю, иза дӀатегаран а шен хан ю. Адам дист ца хиларан а шен хан ю, цо къамел дан дезаран а шен хан ю.
8
Адам дезаран а шен хан ю, иза цадезаран а шен хан ю. ТӀеман а шен хан ю, машаран а шен хан ю.
9
Буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо ша бинчу балхах?
10
Суна гира Дала адамашна кхочушбан белла болу белхаш.
11
Массо а хӀуманна а цунна йогӀуш йоллу хан елла Дала. Дала адаман кхетам чохь абадех йолу ойла кхоьллина, юьххьенца дуьйна дӀадовллалц Дала деш долчух иза кхеташ дацахь а.
12
Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хӀумма а доцийла.
13
Кхечу дешнашца аьлча, хӀора адамна яа а, мала а, ша бечу балхах там хила а беза. Уьш Делера совгӀаташ ду.
14
Суна хиъна, Дала до гӀуллакхаш гуттаренна дуйла. Вайга Дала дечунна тӀе а тохалур дац, я тӀера дӀа а даккхалур дац. Дала иштта гӀуллакхаш до, адамашка Шен сийдайтархьама.
15
Яханчу заманахь хилларг карахь йолчу заманахь а хуьлу, ткъа тӀейогӀучу заманахь хиндерг, дӀаяьллачу заманахь а хилла. Хьалха хилларг юхадерзориг Дела ву.
16
Стигална кӀел суна кхин а гира, кхел ечу меттехь зуламаш хилар, нийсо хила езачохь харцонаш лелор.
17
ТӀаккха аса сайн дагахь элира: «Бакъволчунна а, харцволчунна а Дала Ша Шен кхел йийр ю, хӀунда аьлча массо а хӀуманан а, дерриге а гӀуллакхийн шен-шен зама ю».
18
Адамех лаьцна аса сайн дагахь элира: «Дала адамаш зоь, уьш бежанех тера хилар гойтуш.
19
Адамех а хуьлу бежанех хирриг: уьш а, вуьш а цхьатерра дӀакхелха. Адамийн а, бежанийн а цхьатерра са ду, адамаш а дац бежанел гӀоле. Дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ма ду!
20
Массо а цхьана метте дӀавоьрзу. Массо а лаьттан ченах вина ву, ткъа массарах а юха а чан хир ю.
21
Хьанна хаьа, адамна чуьра арадаьлла са лакха стигалшка хьаладоьдий, бежанна чуьра арадаьлла са лаха лаьтта чу охьадоьдий?»
22
Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гӀадвахарал гӀоле долуш кхин хӀумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хӀунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тӀаьхьа цунах хиндерг.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12