bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ecclesiastes 11
Ecclesiastes 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 12 →
1
Хьайн бепиг хин тӀехула дӀахеца, ткъа шен хан тӀекхаьчча, иза юха карор ду хьуна.
2
Хьайн долу хьал кхечу ворхӀ я бархӀ стагана дӀадекъа, хӀунда аьлча цхьанна а ца хаьа, хӀун бохам хила тарло кху лаьттахь.
3
Мархаш догӀанах юьзна елахь, цара и догӀа доуьйтур ду лаьтта тӀе. Ткъа нагахь дитт къилбехьа я къилбаседехьа охьадожахь, ша охьадоьжначохь Ӏуьллур ду иза.
4
Нагахь стаг механ тергам беш хилахь, цуьнга ялта дӀаден мегар йоцу хан билгалъяккхалур ю. Нагахь стаг мархашка хьоьжуш хилахь, цуьнга ялта чудерзо мегар йоцу хан билгалъяккхалур ю.
5
Хьуна ца хаьа, ненан кийрахь долчу беран дахар муха долало. Иштта ца хаьа хьуна, дерриге а хӀума кхуллуш волчу Дала хӀун до.
6
Ӏуьйранна хьалххе хӀу дӀаден волалой, сарралц хьайн болх саца ма бе, хьуна-м ца хаьа, пайден хӀун хир ду: хьалхарниг, я шолгӀаниг, я ший а цхьатерра.
7
Дахаран серло мерза ю, бӀаьргашна тамехь ду малхан са гар.
8
Хьо мел дукха вахахь а, хӀора айхьа даьккхинчу дийнах марзо эца. Амма дагахь латтаделахь Ӏожаллин боданан денош, уьш хьо дийна волуш яьккхинчу хенал совдовлу. Ткъа веллачул тӀаьхьа хиндерг кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.
9
Хьо къона волуш дахарх самукъа а даккха, хьайн къоналлин деношкахь дог ирсе долуш а хила. Хьайн даго бохучу некъашкахула а лела, хьайн бӀаьргашна гуш дерг ма-хеттара а де, амма ахьа дечу дерригене а хьаьжжина, Дала хьайна кхел йийр хилар диц ма де.
10
Хьайн даг чуьра гӀайгӀанаш а дӀаяха, дегӀа тӀера сингаттамаш а дӀатийса, хӀунда аьлча дахаран доладалар йолу къоналла кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманех юьзна ю.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12