bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ecclesiastes 12
Ecclesiastes 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
1
Къона волуш хьайн дагахь латтавелахь хьуо Кхоьллинарг, хала денош тӀехӀиттале а, «ХӀинца-м дуьненах самукъа а ца долу сан», — ахь олу хан тӀекхачале а,
2
малх а, серло а, бутт а, седарчий а кхолале а, догӀанна тӀаьххье юха а керлачу мархаша стигал кхолаяле а.
3
Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, цӀенна ха дийраш а ластабале, нуьцкъалнаш а саттабале, кӀеззиг бисарна хьерахь болу зударий кӀа ахьа а совцале, корах арахьоьжучу зударийн бӀаьрса кхолале,
4
араволу неӀарш а дӀакъовлале, хьерарчу тӀулган гӀовгӀа а сацале, олхазаран озо хьо сама а ваккхале, эшарийн гӀовгӀа чекх а ялале.
5
Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, хьо лакхенах кхоьру хан а тӀекхачале, некъан халонех а хьо кхерале, миндал-дитто шен заза а хецале, цаьпцалг меллаша а такхале, дахаран чам а хьан дӀабалале. Адам Ӏожаллин цӀа чу ма доьду, ткъа белхар хӀоттон берш хӀинца а урамашкахь лелаш бу.
6
Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, дато зӀе а хадале, дашо кад а кагбалале, шовданан коьртехь кхаба а йохале, хин хьостанехь чкъург а кагъялале,
7
ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегӀ а юхадерзале, са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале.
8
«Ма кӀорга къайле ю! — олу устазо, — Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш!»
9
Тидам бе, устаз хьекъал долуш вара, цундела цо халкъана хьехамаш бора. Цо дуккха а кицанаш зуьйра, толлура, дӀаяздора.
10
Цу устазо, догӀуш доллу хаза дешнаш а лоьхуш, билггал бакъдолу дешнаш дӀаяздина.
11
Хьекъал долчун дешнаш жаӀуьнан хьокхий санна ду. Цхьана жаӀуьно хьехна, гулдина хьекъале кицанаш дечигах диттина хьостамий санна ду.
12
Тидам бе, сан кӀант! Кхин а цхьа дӀахьедар до ас хьоьга! Хьекъале кицанаш гулдар чаккхе йоцу болх бу. Хьекъалалла талларо кӀадвийр ву хьо.
13
Хьуна дӀахезначу дерригенан а жамӀ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хӀунда аьлча хӀора адамна тӀедиллина декхар ду иза.
14
ХӀунда аьлча адамаша мел дечунна — къайлаха деш долу дика я вон иза делахь а — Дала Ша кхел йийр ю.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12