bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ecclesiastes 5
Ecclesiastes 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 6 →
1
Багах долучу дешнашца а, дагара йолучу ойланашца а Далла хьалха хӀума олуш сих а ма ло, аьрха а ма вала. ХӀунда аьлча Дела стигалахь ву, ткъа хьо лаьттахь ву, цундела хьайн Цуьнца долу къамел доцца хилийта.
2
Алссамчу гӀайгӀанаша вон гӀенаш гойту, алссамчу дешнаша сонталла гойту.
3
Нагахь айхьа Далла ваӀда динехь, иза кхочушдар дӀа ма татта. Далла хаза ца хета сонтачу стага и ваӀда кхочушцадар, цундела ваӀда кхочушде!
4
Дош цадалар дикаха ду, дош а делла, иза кхочушцадарал.
5
Хьайн бете хьайх къинош ма летадайта. Делан динан дега: «Айса динчу ваӀданна тӀехь со галвелира» — ала дезарх ларло. Хьайн куьйгаша дина гӀуллакхаш Деле хӀаллак ца дайтархьама, Далла хьалха айхьа дечу хьайн къамелашца Дела хьайна оьгӀаз ма вахийта.
6
Иштта, сонтачу нехан Далла хьалха дина къамелаш хуьлу дукха гӀенашца а, дукха кхетам тӀе ца кхуьучу хӀуманашца а, дукха дешнашца а. Ткъа хьо Деле болчу ларамах вуьзна хила веза!
7
Нагахь муьлххачу а мехкан декъахь къечу стагана гӀело еш хьайна гахь а, цуьнан бакъонаш а, нийсо а лоруш яцахь а, хьо цец ма валалахь цунах, хӀунда аьлча оцу лакхарчун а цул лакхарчо терго йо, ткъа оцу шинна тӀехь а кхин а лакхарниг ву.
8
Махкана баьлла пайда цуьнан массо а бахархошна хила беза. Ткъа паччахь шен мехкан аренаша лун долчун бала кхочуш хуьлу.
9
Ахча дезаш волчунна цкъа а шен долчух тоам хир бац. Хьал дезаш волчунна шен долчух цкъа а тоам хир бац. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.
10
Хьал алсамдоккхуш хилча, цунах бежаш берш а алсамбовлу. ТӀаккха хӀун пайда хуьлу хьолахочунна, оцу шен хьоле хьоьжуш Ӏер доцург?
11
Ша дуккха а йиънехь а, я кӀеззиг йиънехь а Къахьегначу стага мерза наб йо. Ткъа хьолахочун наб йов, шен хьолан шорто бахьана долуш.
12
Стигална кӀел суна кхин а цхьа хала бала гира: адамо шен хьал Ӏалашдора, иза ца дайархьама.
13
Амма цхьа бохам тӀебар бахьана долуш, цо шен хьал дайира. Хууш ду, стеган бер хилча, и бер даьссачу куьйгашца дуьнен чу долий.
14
Шен ненан кийрара верзина, тӀехь хӀумма а доцуш, схьа-ма-валлара, иштта ша дӀакхелхича, кху дуьненахь ша бечу балхах шеца хӀумма а дӀа а ца хьош, иза дӀа а воьду.
15
Иза а гӀайгӀане бала бу. Ша дуьненна чу ма-валлара, иштта дӀа а гӀур ву стаг. Ткъа хӀун буьсун болу пайда хуьлу цунна, ша еккъа Ӏаьнаран дуьхьа къахьоьгуш хилча?
16
Ша дуьненахь йоккхучу хенахь цо боданехь шен кхача боу, ткъа цуьнан денош там цахиларх а, цамгарех а, дераллех а дуьзна хуьлу.
17
Хьажал со кхеттачуьнга: Дала шайна яккха еллачу йоццачу дахаран заманахь адамашна и хан юушший, молушший, ша стигална кӀел бечу халачу балхах там хуьлушший яккхар гӀолехь ду. Иза цунна Дала делла дакъа ду.
18
Нагахь Дала стагана бахам а, хьал а делча, цу стага царах дезар а эцахь, Дала шена елла ял схьа а эцахь, шен балхах цунна там а хилахь, тӀаккха иза Делера совгӀат санна ду цунна.
19
Иштта, стагана шен дахаран хенах ойланаш ян хан а тоьар яц, хӀунда аьлча Дала цуьнан дагна там бо.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12