bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ecclesiastes 8
Ecclesiastes 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 9 →
1
Мила кхета массо а хӀуманан маьӀнах? Хьан кхетор ву иза массо а хӀуманах? Адаман хьекъалалло цуьнан юьхь а къагайо, цуьнан къиза амат а кӀаддо.
2
Дала паччахьна дийр ду аьлларг бахьана долуш, боху ас: паччахьо мел бохург ларделахь.
3
Хьайн паччахьах дӀакъаста сих а ма ло, цунна дуьхьалбевллачарах дӀа а ма кхета, хӀунда аьлча паччахьан шена луъург дан йиш ю.
4
Цу тӀе, паччахьан дош уггаре а нуьцкъала ду, цундела хьан эр дара цуьнга: «Ахьа хӀун леладо?»
5
Паччахьан омра кхочушдийриг цунна дуьхьалбевллачаьрца лелар вац. Хьекъале волчун дагахь лаьттар ю шен хан а, шен кхел а.
6
ХӀора гӀуллакхан а ю шен хан а, шен кхел а, амма адамаша дуккха а хала баланаш хьега беза.
7
Хиндолчух лаьцна хуург вац. Хьан эр дара хиндерг хӀун ду?
8
Цхьаьнгга а шен синан Ӏаьнарна тӀехь олалла далур дац. Цхьаннан а карахь дац шен валаран де. Цхьа а дӀахоьцур вац тӀом бечуьра. Зуламхо ша дечу зуламаша кӀелхьарвоккхур вац.
9
И дерриг а суна гира, стигална кӀел кхочушдо гӀуллакхаш талла сайн дог ас къобалдича. Цхьана адамо вукхунна тӀехь олалла до, ткъа иза бахьана долуш цу шиммо а бала хьоьгу.
10
ХӀетахь гора суна зуламхошна дӀахӀиттош долу тезеташ. Уьш, езачу меттера схьа а оьций, дӀабухкура. Ткъа цара зуламаш динчу гӀаларчу бахархоша церан сий дора. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.
11
Зуламна сихха таӀзар ца даро адамийн дегнаш зуламаш дарехьа дерзадо.
12
Къинош летош волчо бӀозза къа латадешшехь, иза дуккха а ваха тарло. Амма суна хаьа, Делах кхоьручунна дика хир дуйла, иза Цунна хьалха вегош лела дела.
13
Ткъа зуламаш лелочунна Делера дика а хир дац, иза, ӀиндагӀ санна, дукха а вехар вац, Делах ца кхоьруш ша лела дела.
14
Кхин а ду лаьттахь хуьлуш цхьа кхетам тӀе ца кхуьу хӀума. Бакъахьарчу адамашна зуламхошна тӀе дан деза вон тӀедогӀу. Ткъа зуламхошна бакъахьарчарна хила дезарг хуьлу. Аса ма-аллара: «Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду!»
15
Амма аса сайн хьехам бо, адаме шен дахарх самукъадаккха аьлла. Стигална кӀел адамна уггаре а диканиг яар-малар а, шен дахарх самукъадалар а ду. Дала шена стигална кӀел деллачу дахарехь, ша бечу балха тӀехь цу гӀуллакхаша иза новкъа воккхур ву.
16
Хьекъалалла довза а, кху дуьненахь адамаша дечу гӀуллакхашка хьажа а ас сайн дог къобалдича, дийнаххьий, буьйсанний наб яйнера сан.
17
ТӀаккха берриг Делан белхаш сайна гича, суна хиира, Дала стигална кӀел мел дечу хӀуманна адам тӀекхиалур доцийла. Хаа мел гӀертарх а, хуур дац цунна иза. Нагахь цхьана хьекъалалла долчу стага шена хаьа бохуш хилча а, цуьнан а йиш яцара иза дерриг а ма-дарра хаа.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12