bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ecclesiastes 10
Ecclesiastes 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 11 →
1
Деллачу мозаша духӀин хьожа а талхайо. Иштта, кӀеззиг йолчу сонталло стеган дуккха а долу хьекъалалла а, сийлалла а хӀаллакдо.
2
Хьекъалалла долчун дог бакъахьа агӀор дӀагӀерта, ткъа сонтачу стеган дог харцахьа гӀерта.
3
Ша некъахула лелаш велахь а, сонтачу стеган кхетам ца кхочу, ткъа цо хӀоранна а ша сонта хилар гойту.
4
Нагахь хьан олахо хьуна оьгӀазваханехь а, цунах дӀа ма вада. Хьан тийна хиларо, цуьнан даккхий гӀалаташ дӀа а хьулдеш, сатедан тарло.
5
Иштта, суна кхин а цхьа нийса доцу хӀума а гира стигална кӀел, тилабеллачу олахоша лелош долу.
6
Цара сонтачу нахана лакхара даржаш лора, ткъа хьолахошна ларамаза йолу меттигаш лора.
7
Говраш тӀе хевшина леш гира суна, ткъа элий, леш болуш санна, гӀаш лелаш бара.
8
Кхечунна ор охкург ша цу чу вожа тарло. Ткъа шен йоцу керт йохош волчунна лаьхьано дӀовш тоха тарло.
9
ТӀулгаш дохош волчунна царах чов хила тарло. Ткъа дитташ хедош волчунна царах кхерам бала тарло.
10
Нагахь диг аьрта а хилахь, цхьаммо а иза ир а ца дахь, дуккха а ницкъ безар бу и болх бан. Ткъа хьекъал хиларо буьсун болу пайда ло.
11
Ша тебале, лаьхьано це тохахь, иза тебиначунна цунах бала пайда бац.
12
Хьекъалечу стеган дешнаша цунна ларам бахьа. Ткъа сонтачу стеган бето ша-шен хӀаллакво.
13
Цуьнан къамел доладелча, иза сонта хуьлу, ткъа къамел чекхдаьлча, иза хьераваьлла хуьлу.
14
Сонтачу стага саццаза къамел дахь а, цхьанна а ца хаьа хиндерг хӀун ду. Иштта хьенан таро ю шел тӀаьхьа хиндерг хӀун ду ала?
15
Сонтачу стага цу тайпана болх беш хилча, иза шен гӀали чу юхавоьрзу некъ ца бовззал кӀадло.
16
Къа ду мехкан, цуьнан паччахь сонта ялхо бен вацахь, цуьнан элаша сатасале дуьйна тойнаш хӀиттош а делахь.
17
Декъала бу мохк, паччахь оьздачу тайпанах а велахь, цуьнан элаша хӀотто деззачу хенахь той хӀоттош а делахь! Цара юург шайн дегӀе ницкъ баийтархьама йоу, ткъа малар дахархьама ца молу.
18
ХӀусамда мало еш велахь, цӀийнан дукъош охьаоьгур ду. Стага болх бан шен куьйгаш хьала ца айдахь, цӀийнан тхевнах ладар чекхдер ду.
19
Юург-мерг стагана самукъанна ду, чагӀар синкъерамна ду, ткъа ахчано и дерриг а кхочушдо.
20
Хьайн дагахь а ма алалахь паччахьна вониг, хьо дӀавуьжучу цӀа чохь а ма алалахь вон дош хьолахочух лаьцна. ХӀунда аьлча стигалшкара олхазарша кхечу метте дӀа а хьур ду хьан дош, тӀемаш долчу цара дӀаса а даржор ду хьан къамел.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12