bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ecclesiastes 7
Ecclesiastes 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 8 →
1
Дезачу хьакхарел цӀе яккхийтар дикаха ду, Иштта дуьнен чу валаран дийнал адам даларан де дикаха ду.
2
Той долчу цӀа чу воьдучул, тийжар долчу цӀа чу вахар дикаха ду. ХӀоранна а тӀаьххьара де тӀедогӀу, ткъа дийна волчо цуьнан ойла ян еза.
3
Веларал дикаха ду сингаттаме хилар, хӀунда аьлча, юьхь кхоьлина хиларна, дог хьекъалх дузу.
4
Хьекъалечу стеган дог адам доьлхуш долчохь хуьлу, ткъа сонтачун дог адам гӀаддахана долчохь хуьлу.
5
Сонтачийн иллешка ладуьйгӀучул дикаха ду хьекъал долчун тӀехтохамийн тергам бар.
6
Сонтачун велавалар ена кӀеларчу цӀергахь лелха гаьннаш санна ду. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.
7
ГӀело яро хьекъалечух сонтаниг во, ткъа кхаъ схьаэцаро кхетам а талхабо.
8
ГӀуллакхан чаккхе хилар гӀуллакх доладарал дикаха ду, ткъа собаре хилар цавашарал а дикаха ду.
9
Хьайн са оьгӀазаллина сих ма де, хӀунда аьлча оьгӀазалла сонтачийн кийрахь хуьлу.
10
Ахьа ма хатта: «ДӀадахана денош дикаха хӀунда дара?» Хьекъале дац и хаттар.
11
Цхьаннах бисина бахам санна, дика ду хьекъалалла. Кху дуьненахь болчара цунах пайда оьцу.
12
Хьекъалалло а, ахчано санна, адам лардо, амма хьекъалаллех буьсун болу пайда иштта бу: цуьнан дола диначун дахар лардо цо.
13
ДӀахьажал Делан гӀуллакхашка. Цо гамдинарг хьаьнга нислур ду?
14
Беркатечу хенахь воккхаве, ткъа гӀайгӀане еанчу хенахь ойланаш е. И де а, важа де а Дала кхоьллина ма ду, адаме цкъа а талла ца ло ша кхелхинчул тӀаьхьа шех хиндерг.
15
Сайн дахаран деношкахь кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш дукха гина суна. Масала, ша бакъахьара хиллехь а, къона стаг дӀакхелха, ткъа ша зуламе велахь а, стаг дукха вехаш а хуьлу.
16
ТӀех бакъахьара а ма хила, хьекъалца тӀех а ма вала — хьуо хӀунда хӀаллаквойту ахь?
17
Хьо тӀех зуламе а ма хила, хьекъал доцуш а ма хила — хьайна Дала еллачу хенал хьалха хьо дӀа хӀунда кхолхуьйту ахь?
18
ХӀокху аьллачу хӀуманех цхьаъ схьалаца, амма шолгӀаниг а ма дита. Деле болчу ларамах вуьзначо шен декхар массо а гӀуллакхашна тӀехь кхочушдийр ду.
19
Хьекъалалла дерг гӀалин иттех олахо чул а нуьцкъала ву.
20
Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь.
21
Ахьа хьайга мел аьлларг а хьайн даг чу ма лаца, хьан ялхочо хьох лаьцна аьлла вониг хьайга ца кхачийтархьама.
22
ХӀунда аьлча хьо-хьо а цкъа аьлла ца Ӏа кхечарах лаьцна долу вониг.
23
Сайн хьекъалаллица и дерриг а зийна ас. Сайн дагахь ас олура: «Хьекъалаллех вузур ву со». Амма иза далург ца хиллера!
24
Хуьлуш мел дерг вайн кхетамо чу ца лоцу, цуьнан кӀорггера маьӀна ду. Хуьлуш долчу дерригенах мила кхетар ву?
25
Хьекъалалла а, гӀуллакхийн маьӀна а хаарна а, иза талларна а, схьалахарна а тӀедирзира сан дог. Иштта суна хаа лиира, зуламе хилар сонта дуйла а, сонта хилар Ӏовдала дуйла а.
26
Со кхета, и «зуда», аьлча а сонталла, Ӏожаллал къаьхьа юйла. Цуьнан Ӏалашо стагана кӀело яр а, иза дӀалацар а ю. Далла везаш верг ишттачу зудчун карара дӀавер ву, ткъа къинош летош верг ишттачу зудчун кара гӀур ву.
27
«Хьажал суна карийначуьнга, — олу устаза. — ХӀара дерриг а вовшахтуьйхира ас, гӀуллакхийн маьӀна хӀун ду те карорхьама.
28
Амма сайн даго лоьхург суна кара а ца дира. Олуш ма ду: „ХӀора эзар адамна юкъахь цхьацца хьекъалниг бен ца карийра суна, ткъа царна юкъахь цхьа а зуда ца карийра“».
29
Амма цхьа хӀума ду суна билггала карийна: Дала адамаш Шена резадеш кхоьллина, ткъа церан Ӏалашо ю массо а хӀуманан маьӀна таллар.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12