bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zechariah 1
Zechariah 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 2 →
1
Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шеран борхӀалгӀачу баттахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан хӀара дош кхечира:
2
«Веза Эла волу Со шун дайшна буьрсачу луьраллица оьгӀазвахана.
3
ХӀинца ахь, Закри-ЯхӀу, нахе иштта дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Суна тӀедерза, тӀаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву.
4
Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тӀера а, шайн зуламечу гӀуллакхашна тӀера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугӀура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, — боху Везачу Эло.
5
Шун дай — уьш мичахь бу? Пайхамарш а бехар буй те даим?
6
Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тӀедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТӀаккха шун дай Суна тӀе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гӀуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».
7
ЦхьайтталгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь — иза шабат олу бутт бу, — Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шарахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира.
8
Буьйсанна хӀара сурт хӀоьттира суна: расхачу динна тӀехиъна Ӏаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тӀехьа кхидолу дой дара — расха а, сира а, кӀайн а беснаш долу.
9
Ас хаьттира: «Сан олахо, уьш муьлш бу?» — аьлла. Соьца къамел деш долчу малико элира: «Ас гойтур ду хьуна уьш муьлш бу».
10
Коьллашна юкъахь волу бере вистхилира: «Уьш Везачу Эло массо а лаьттахула дӀасалела а, тергам бан а бахийтинарш бу», — аьлла.
11
Цара коьллашна юкъахь расхачу динна тӀехиъна Ӏаш долчу Везачу Элан Малике иштта жамӀ дира: «Тхо лаьтта тӀехула дӀасалийлира, ткъа дерриг а дуьнен тӀехь адамаш гӀорасиза а, муьтӀахь а ду».
12
Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Ӏийр ву те Хьо оьгӀазвахана, Ярушалайм-гӀаланах а, ЯхӀуд-мехкан гӀаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таӀзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?»
13
ТӀаккха, малике жоп а луш, Везачу Эло дика а, дог тедеш долу а дешнаш элира.
14
Соьца къамел деш долчу малико соьга хӀара элира: «ДӀа а кхайкхаде, дӀа а ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Ярушалайме а, Цийоне а болчу боккхачу безамах вуьзна ву Со.
15
Инзаре йоккхачу дераллица оьгӀазвахана Со паргӀат дехачу дегалчу халкъашна, хӀунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгӀазло кӀезиг хиллехь а, Аса шайгахула таӀзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’.
16
Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гӀала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цӀа юхаметтахӀуттур ду — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Ярушалайм-гӀаланах чекхъер ю латта дусту тӀийраг’“.
17
Кхайкхош, кхидӀа а дӀаала: „Везачу Эло иштта боху: ‘Сан гӀаланаш юха а хьолах юзур ю. Везачу Эло юха а Цийон-ломан дог а оьцур ду, Ярушалайм-гӀала къастор а ю’“».
18
Юха, сайн бӀаьргаш ас хьалахьажийча, суна йиъ маӀа гира.
19
Соьца къамел деш долчу малике: «Уьш хӀун ю?» — аьлла, хаьттира ас. Цо соьга жоп делира: «Уьш ЯхӀуд-мехкан а, Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а нах дӀасабаржийна долу дуьненара нуьцкъала халкъаш ду», — аьлла.
20
Цул тӀаьхьа Везачу Эло виъ аьчк-пхьар гайтира.
21
«Уьш хӀун дан схьабогӀуш бу?» — аьлла, хаьттира ас. Цо соьга иштта жоп делира: «МаӀаш йолчу оцу халкъаша ЯхӀуд-мехкан бахархой дӀасалаьхкина, цхьа а адам корта хьалаайа ца даьххьачу кепара, ткъа хӀорш уьш кхеро схьабаьхкина, яхӀудхошна дуьхьал маӀаш хьалаайъинчу халкъийн маӀаш йохийна дӀаяхархьама».
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14