bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zechariah 4
Zechariah 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 5 →
1
Соьга дистхуьлучу малико, юха а деана, со самаваьккхира, набарха самадоккху адам санна.
2
Цо соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна?» — аьлла. Ас жоп делира: «Берриг а деших бина болу стогар а, цунна тӀехула зайтдаьттанна дӀахӀоттийна кад а, цунна тӀехь болу ворхӀ къуьда а, цунна тӀехь болчу къуьданийн ворхӀ-ворхӀ милт чухӀотто меттиг а.
3
Стогарна уллохь ши зайт-дитт а ду, цхьаъ кедана аьтто агӀор, ткъа важа цуьнан аьрру агӀор».
4
Жоп а делла, сайца къамел дечу малике хаттар дира ас: «Сан олахо, иза хӀун ду?» — аьлла.
5
Соьца къамел дечу малико, соьга жоп а луш, элира: «Хьуна ца хаьа, иза хӀун ду?» «Сан олахо, ца хаьа суна-м», — элира ас.
6
Соьга жоп а луш, цо элира: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, — боху массо а ницкъийн Везачу Дала. —
7
Ва боккха лам, хьо хӀун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тӀаьххьара тӀулг буьллучу хенахь, наха гӀовгӀа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ — бохуш“».
8
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
9
«Кху Делан цӀийнан бух Зурбабелан куьйгаша дӀахӀоттийна, цуьнан куьйгаша хӀара цӀа чекх а доккхур ду. ТӀаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхӀу-пайхамар хьан халкъана тӀе ваийтинийла.
10
КӀеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хӀокху ворхӀ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бӀаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу».
11
ТӀаккха цунна дуьхьал хаттар дира ас: «ХӀун маьӀна ду стогаран аьтту а, аьрру а агӀор долчу шина зайт-диттан?»
12
ШозлагӀа а хаьттира ас: «ХӀун маьӀна долуш ду шина дашочу биргӀанна чуьра дашо даьтта охьаӀеночу зайт-диттан ши га?»
13
Цо соьга элира: «Хьуна ца хаьа, иза хӀун ду?» Ас жоп делира: «Сан олахо, ца хаьа суна-м», — аьлла.
14
ТӀаккха цо хӀара дешнаш элира: «Дерриге а дуьненан Олахочунна гӀуллакх дайтархьама, зайтдаьтта доттарца къобалвина волу шиъ ву уьш».
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14