bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zechariah 12
Zechariah 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 13 →
1
Исраилан халкъах болу хӀара хаам Везачу Элера бу. Стигал дӀасаяржийна волчу, латта чӀагӀдина волчу, адамна чу са кхоьллина волчу Везачу Эло боху:
2
«Хьажал, Ярушалайм-гӀаланах чагӀаран кад бийр бу Ас. Массо а цунна гонахара къаьмнаш, иза дӀа а мелла, техкаш хир ду. Ярушалайм-гӀалина го барехь дакъа а лоцуьйтуш, ЯхӀудан халкъе а иза молуьйтур ду.
3
И де тӀекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тӀулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гӀиртинчо шена чӀогӀа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гӀалина дуьхьалдевр ду.
4
Цу дийнахь, — боху Везачу Эло, — Аса муьлхха а говр Ӏадор ю, ткъа цуьнан дошло хьекъалх воккхур ву. Сайн бӀаьргаш Ас ЯхӀудан халкъана тӀехьажор бу, иза лардархьама, амма мостагӀийн массо а говраш бӀарзйийр ю Ас.
5
ТӀаккха ЯхӀудан куьйгалхоша шайн дегнашкахь эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла волчу шайн Делехула Ярушалайм-гӀалин бахархоша тхо иракарахӀиттош ду“.
6
Цу дийнахь Ас ЯхӀудан куьйгалхой дечигашна юккъерачу суйх а, цӀевнийн юккъерачу хаьштигех а тарбийр бу. Цара гонах мел долу халкъаш аьтту а, аьрру а агӀор а дӀакхоллур ду, ткъа шаьш Ӏийначу Ярушалайм-гӀалахь адамаш кхидӀа а маьрша дехаш хир ду.
7
Везачу Эло цкъа хьалха яхӀудхойн эскар кӀелхьардоккхур ду, Даудан цӀийнан а, ярушалаймхойн а сийлалла ЯхӀудан халкъан долчул лакха ца далийтархьама.
8
Цу дийнахь Везачу Эло ярушалаймхой ларбийр бу. Царна юкъара уггар а гӀорасиза верг а, Дауд-паччахь санна, ницкъ болуш хир ву, ткъа Даудан цӀа царна хьалха Дела санна а, Везачу Элан Малик санна а хир ду.
9
И де тӀекхаьчча, Ярушалайм-гӀалина тӀелеташ долу дерриг а халкъаш хӀаллакдан волалур ву Со.
10
Ткъа Даудан цӀенна а, Ярушалайм-гӀалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доӀанийн са шортта тӀеӀанор ду Ас. ТӀаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тӀера санна, уьш гӀайгӀане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гӀайгӀане хиларе терра.
11
Цу дийнахь Ярушалайм-гӀалахь хӀуттур долу белхар, МагӀидда-арахь йолчу ХӀадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду.
12
Мехкан бахархойн тукхамаш шаьш дол-долчохь доьлхур ду — Даудан цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, Натин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу,
13
Левин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, ШамаӀин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу,
14
дисина тукхамаш а шаьш дол-долчохь доьлхур ду, церан зударий а шаьш бол-болчохь боьлхур бу».
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14