bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zechariah 7
Zechariah 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 8 →
1
Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу доьалгӀачу шеран уьссалгӀачу беттан — цунах Кислав олу — доьалгӀачу дийнахь Закри-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира.
2
2-3 Бетал-Шар-Эцара дӀаваийтинера РегӀам-Малик а, цуьнан нах а массо а ницкъийн Везачу Элан цӀа долчу, Веза Эла шайца дика хир вуй те аьлла хаттийтархьама. Цара цигахь динан дайшка а, пайхамаршка а хаттар дира: «Дуккха а шерашкахь тхаьш ма-дарра, делха а, пхоьалгӀачу баттахь марханаш кхаба а дезий те оха?» — аьлла.
3
***
4
ТӀаккха соьга массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира:
5
«ХӀокху лаьтта тӀера дерриге а халкъе а, динан дайшка а иштта дӀаала: „Шаьш, делха а доьлхуш, шеран пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а беттанашкахь марханаш кхобуш (иза аша деш долу-м кхузткъе итт шо ду), Сан дуьхьа-м ца кхобура аша и марханаш? Сан дуьхьа дара те иза?
6
Шаьш хӀума юуш, шаьш молуш шайн дуьхьа ца йоу аша, шайн дуьхьа ца молу аша?“
7
Хьалхалерчу пайхамаршкахула а изза дешнаш дацара Везачу Эло дӀакхайкхош дерш, Ярушалайм-гӀала адамех юьзна а, маьрша а йолуш, цунна гонахарчу ярташкахь а, къилбехьарчу НегӀаб-аренгахь а, малхбузерачу акъарешкахь а адамаш дехачу хенахь?»
8
Везачу Элан дош кхечира Закри-ЯхӀуга:
9
«Массо а ницкъийн Везачу Эло хӀетахь иштта элира: „Нийса кхел а елаш, вовшех къахеташ а, дог лозуш а хилалаш.
10
Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тӀевеанчунна а, мискачунна а гӀело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“.
11
Амма Сан тидам бан ца лаьара царна, Сох дӀабоьрзура уьш, шайн лергаш дӀакъовлура цара, Со шайна ца хазийта.
12
Шайн дегнаш чӀагӀдира цара, массо а ницкъийн Везачу Эло Шен Синца хьалхалерчу пайхамаршкахула боуьйту хьехам а, дешнаш а ца хазархьама. Цундела тӀееана царна массо а ницкъийн Везачу Элан йоккха оьгӀазло.
13
Иштта хилира: „Ас кхойкхуш цара ла ца догӀаре терра, цара кхойкхуш Аса а ла ца дугӀура“, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
14
Цундела, дарцо санна, Ас дӀасабаржийра уьш царна ца девзачу халкъашна юкъахь. Царал тӀаьхьа и латта дассаделла дисира, цхьа а цунна тӀехула дӀаса а ца лелаш. Иштта цара оцу хазачу махках бассийна мохк бира».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14