bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zechariah 6
Zechariah 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 7 →
1
Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара сурт го: шина ломана юккъерачу чӀожа чуьра арайолуш йиъ гӀудалкх ю, ткъа и лаьмнаш — йоьзан лаьмнаш ду.
2
Хьалхарчу гӀудалкхахь расха говраш ю, шолгӀачу гӀудалкхахь Ӏаьржа говраш ю,
3
кхозлагӀчу гӀудалкхахь кӀайн говраш ю, ткъа йоьалгӀачу гӀудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю.
4
Сайга дистхуьлучу малике къамел дӀа а долош, ас элира: «Сан олахо, иза хӀун ду?»
5
Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дӀахӀиттинчул тӀаьхьа араболуш болу».
6
Ӏаьржа говраш шайгахь йолу гӀудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кӀайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю.
7
Онда говраш, араевлча, лаьтта тӀехула чекхйовла лууш яра. Малико элира: «Чекхйовла лаьттах». Уьш лаьттах чекх а евлира, цара тергам а бира.
8
ТӀаккха, со дӀа а кхайкхина, цо элира: «Хьажал, къилбаседерчу лаьтта тӀе араевллачу говраша цигахь хилла йолу Сан дералла дӀаяьккхина».
9
Соьга Везачу Элан дош кхечира:
10
«ХӀокху дийнахь хьо-хьуо Цапни-ЯхӀун кӀентан Юши-ЯхӀун цӀа ваха веза. Бавел-махкахь болчу йийсарехь болчаьргара хӀинцца юхабирзинчу Хьелдайгара а, ТӀуби-ЯхӀугара а, ЯдаӀ-ЯхӀугара а совгӀат схьаоьцур ду ахь цигахь.
11
Цара хьайга делла детий, деший схьа а эций, таж а дай, иза коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан коьрта тӀе дилла.
12
Цуьнга дӀаала, — иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗӀийдаг цӀе йолчу хӀокху стага ша волчохь зӀийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттор ду цо.
13
Везачу Элан цӀа дӀахӀоттон верг иза хир ву. Паччахьан сийлалла тӀеоьцун верг а иза хир ву, паччахьан гӀанта тӀехь олалла а дийр ду цо. Цуьнан паччахьан гӀанта уллохь коьрта динан да хир ву, ткъа цунна а, вукхунна а юкъахь барт а, машар а лаьттар бу“.
14
Ткъа и таж Везачу Элан цӀа чохь хир ду, Хьелдай а, ТӀуби-ЯхӀу а, ЯдаӀ-ЯхӀу а дагаваийтархьама а, Цапни-ЯхӀун кӀанта Юши-ЯхӀус дина дика дагадаийтархьама а.
15
Геннахь дехаш долу адамаш кхуза схьаоьхур ду, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттош дакъалоцур ду цара. Шуна а хуур ду со шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Иза хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша леррина ладогӀахь».
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14